Республикански Iилманан конференци

Оханан беттан 23 дийнахь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академехь Нохчийн меттан Денна лерина «Ӏедалан а, муниципальни а организацешкахь нохчийн меттан леларан хьал» цӀе йолу республикин Ӏилманан конференци дӀаяьхьира. Оцу гуламе кхайкхина тайп-тайпана учрежденешкара хьеший бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гергахь йолчу культурин кхеташонан председатель Усманов Ӏарби, Нохчийн Республикин Правительствон школазхойн дешаран юкъараллин кхеташонан председатель,   Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат, Журналисташ кечбаран а, церан корматалла айаран а центран директор Юнусов Хьамзат, кхиберш а. Иштта конференце кхайкхина бара нохчийн меттан хьехархой, царна юкъахь Дагестанера школашкара хьехархой а бара.

Мероприяти схьайоьллуш НР ӀА  Президент Гапуров Шахьрудди Айдиевич гуллабеллачаьрга вистхилира. Цо билгалдаьккхира тахана нохчийн меттан проблемаш массо а тӀегӀанашкахь Республикин куьйгалхоша терго еш хилар а, цуьнга хьажжина, тӀаьхьарчу шерашкахь оцу декъехь дуккха а кхиамаш бина хилар а. Иштта нохчийн меттан хьолах, цуьнан проблемех шайна хетарг олуш бистхилира НР ӀА гуманитарни Ӏилманийн институтан директор, историн Ӏилманийн кандидат Магамадов Супьян, НР ӀА нохчийн меттан а, литературин а декъан куьйгалхо Альбеков Нурвади а, нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйгалхо Бергоева Аза а, хьеший а. Ӏилманан декъехь докладаш йира НРӀА нохчийн меттан а, литературин а декъан белхахоша Халидов Мусас, Овхадов Мусас, Вагапов Ӏарбис, Абдулкадыров Адама, НПУ фнохчийн филологин кафедрин куьйгалхо Ирезиев Сайд-Хьамзата, НР ӀА пайде семиотикин белхахоша Изралова Элисас, Бадаева Ӏайшата а.

Конференци ерзош Магамадов Супьян вистхилира. Цо билгалдаьккхира гуламехь тӀаьхьало йолуш болх дӀабаьхьна хилар, гулбеллачарна пайдехь дуккха а хӀума кхузахь дийцаре дина хилар а.