Турпалхойн Мехкан турпала Мехкда, ас даггара декъалво хьо винчу Денца! Тахана хьайн турпалчу дахаран  сийлахьчу  тептаран 43 аг1о д1алисти вайн Везачу Дала, Веза хин волчу Аллах1а-Дала, могуш а волуш, ирсе а волуш, хьайн гергарчу нехан а, хьуна дукхадезачу нохчийн къоман а вуо а ца гуш, иштта хьан гергарчу нахана а, хьо дукхавезачу нохчийн къомана а хьан вуо ца гуш, дуккха шерашкахь вахавойла хьо! Турпалхойн Махкахь машар ларбарехь а, кхиорехь а, хазбарехь а, сийлахьчу нохчийн къоман дахар кхин д1а а маьрша а, токхе а дарехь, баккхий кхимашца соввоккхуш, хьайн Ден, Сийлахь-Воккхачу Нохчочун Кадыров 1абдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин некъ ларбеш, и кхин д1а а д1абахьа Дала латтавойла хьо!

ДИКАЧУ К1АНТА ШЕН ДЕХ ДЕШАН ДА ВИНА!

Хьан Дас юьхьарлаьцна некъ ца ходуьйтуш, цо нохчийн къомана делла «Со т1ом сацо веана вац, со т1ом гуттаренна д1абаккха 1алашо йолуш ву» боху дош кхочуш деш схьавог1уш ву хьо! Цуьнна тоьшалла ду тахана вайн махкахь, Нохчийн Республикехь д1ахьун мероприятеш: Хьехархойн де, Кегийрхойн де, исбаьхьчу Соьлжа-Г1алин де даздарш д1адахьар.

Кхин  цкъа а, лераме паччахь, ас даггара декъалво хьо винчу Денца а, иштта воккхаверца хьо декъалво,  хьан хьуьнар а, хьан шуьйра ойла а, сема кхетам а, тешаме накъостий а бахьанехь, вайн республикехь даздечу Хьехархойн денца а,  Кегийрхойн денца а, Къилбаседа Кавказан дозалла а хилла д1ах1оьттинчу сирла седа санна къегачу Соьлжа-Г1алин 201 шо кхачаран Денца а!

Веза хин волчу Аллах1а-Дала 1алашвойла хьо!

Нохчийн Республикин lилманийн академин Президент Ш.А. Гапуров

Поделиться
Share on VK
VK
Share on Facebook
Facebook
Tweet about this on Twitter
Twitter
Pin on Pinterest
Pinterest
Print this page
Print