Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан)

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) нохчийн къомана къастийнчу некъаца, цуьнан кIант Кадыров Рамзан хьалха а волуш, вайн къам дIадахар бахьанехь, вайн махкахь а, вайн нехан йукъараллехь а дуккха дикачу агIор хийцамаш хилла, баккхий беркате кхиамаш а баьхна. Нохчийн Республикин халкъан дуьхьа дуккха а шерашкахь къахьегар бахьанехь, 2016 шеран 18 сентябрехь халкъо хьакъ боллу шен харжам бира – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан йуха а сийлахьчу а, жоьпаллин а дарже харжар. Нохчийн къоман лаам йуха а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарж Ахьмад-Хьаьжин Рамзане кховдо хилира. Ма-дарра аьлча, нохчийн къомо тесна кхаж, вайна кхин цкъа тIом ца хилийта, нахана зуламе бовлучу нахах Нохчийчоь цIена хилийта, маьршачу стигална кIелахь адамаш маьршачу дахарехь дахийта, тесна бара. Цу бахьанехь Нохчийн Республикин бахархоша йоккхачу жигараллица дакъалецира 2016 шеран 18 сентябрехь дIабаьхьначу харжамашкахь. Цундела хIора шарахь 18 сентябрь Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан цIийнна а, цуьнан сий долчу накъосташна а деза хилла ца Iаш, вайн махкахошна массарна а мехала ду.
Лараме Турпалхойн Мехкан Турпала Мехкда, Сий долчу Къоман Сий долу Паччахь,
Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ас сайн цIарах а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин цIарах а даггара декъалво Хьо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарж кхидIа а дIакхехьа халкъо тешам беллачу Денца! Цу сий долчу жоьпаллин даржехь аьтто болуш, баккхийчу кхиамашца хуьлда хьан хIокхул тIаьхьа а, хIинццалц санна а Хьан беркате Куьйгалла!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.