Декъалвар

Тахана нохчийн Iилманийн хьаьрмехь дозалла долчу, нохчийн историн Iилманна шех дуккха беркат схьадаьлла волчу, шен дахаран оьмаран дукхахдолу дакъа нохчийн истори талларна, цунна лерина волчу, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президент даржехь говза куьйгалла дарца Iилманан кхин долчу декъашкахь а Iилманчашна дика накъост а хилла схьавогIучу оьздачу нохчочо профессоро, историн Iилманан докторо Гапуров Айдин Шахьрудис дIалуьсту шен сийлахьчу дахаран исбаьхьчу тептаран рогIера кехат!

Мах хадийна вер вац Айдин Шахьрудис мел кхочушбинчу белхашна а, ткъа уьш багарбеш кхин а дукха Iийр ву! Цхьа шеко йац, лараме Айдин Шахьруди, хьан цIе вайн гонахьарчу мехкашкахь а, Россин кхийолчу регионашкахь а, иштта гергарчу а, генарчу а пачхьалкхашлахь йевзаш хилар а, хьан Iилманийн белхаш лерина тидаме оьцуш а, церан лакхара мах хадош хилар а!

Оха, Нохчийн Республикин Iилманийн академин белхалоша, даккхийдерца даггара декъалво хьо, лараме Айдин Шахьруди, Винчу денца! Тхуна доккха дозалла ду ахь куьйгалла а деш, Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас вайн къомана къастийначу некъа тIехь Нохчийн Республика кхиорехь цхьана декъехь – Iилманехь къахьегар!

Сийлахь волчу АллахIа беркате дойла хьан шераш! Веза хин волчу Дала, могуш а, маьрша а волуш, хьайн гергарчеран вуо ца гуш, хьан вуо царна а ца гуш, хьан доьзалан ирсана а, нохчийн Iилманчийн дозаллина а дуккха а шерашкахь, шо шаре мел долу сий кхин а алсамдолуш, вахавойла хьо!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин коллектив

Поделиться
Share on VK
VK
Share on Facebook
Facebook
Tweet about this on Twitter
Twitter
Pin on Pinterest
Pinterest
Print this page
Print

Добавить комментарий