Кадам

 

Боккха иэшам хилла Россин Iилманна а, дерриге а нохчийн къомана а – бекарг (март) беттан 2-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина Хаджиев Саламбек, химин Iилманийн доктор, профессор, Россин Iилманийн академин академик.

Хаджиев Саламбек вина 1941-чу шеран кхолламан (январь) беттан 7-чу дийнахь Шелахь. Бераллин а, кхиаран а шераш Юккъерчу Азехь дIадахана. Кхо шо бен доцуш махках ваьккхинчу кIанта шен халкъаца цхьаьна лайра 13 шаре дахделлачу къематдийнан бала: мацалла, махкалла, бевза-безарех къастар, бехк-гунахь доцуш тутмакхалла лан дезар а. Делахь а, Дала ира хьекъал а, кхетам а беллачу кIентан, мел хала хиллехь а, деша таро хилира. Вуьшта аьлча, къар ца луш, дийшир-кха.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1962-чу шарахь хинволчу Iилманчас кхиамца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт. Инженер-технолог волуш шен къинхьегаман некъ дIаболийра Саламбека. ГIуллакх мел дика дIадоладелла хеташ хиллехь а, кхуьнан са лаьттарг Iилманан кIоргене кхийдар дара.

1964-чу шарахь Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ-н) аспирантуре деша воьду С.Хаджиев. Цигахь дешарца Саламбек дика ларийна хилар гойту 1967-чу шарахь кхиамца Iилманийн кандидатан диссертаци цо чIагIъяро.

Оццу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Iилманан-талламан институте (ГрозНИИ) балха хIутту къона Iилманча. Дика вовшахтохархо а, бахаман куьйгалхо а, Iилманча а, юкъараллин деятель а санна, кхиаран дика пхьалгIа хилира Саламбекана институтах. Лакхара Iилманан белхахо, секторан заведующи, отделан куьйгалхо, директоран заместитель – атта дацара оцу хIора тIегIанах вала. Шен хьацарца, доьналлица, хьекъалца яккха езаш яра и хIора ирхе. Кхуо кхиамца ехира и ирхенаш, Iилманан гуонашлахь сий-лараме а кхечира. Балхара юкъах ца волуш, 1981-чу шарахь Саламбека чIагIйира химин Iилманийн докторан диссертаци.

1983-чу шарахь институтан директоран даржехь чIагIво С.Хаджиев. Оцу заманахь нохчийн къомах волчу стагах тешош дарж дацара иза. Оцу бакъдолчо кхин цкъа а тIечIагIдира Саламбек дика Iилманча а, дика вовшахтохархо а хилар. Иза куьйгаллехь лаьттинчу шерех ГрозНИИ-н зазадаккхаран мур хуьлу, ткъа цуьнан шен цIе мехкан а (СССР-н) мехкадаьттанах гIуллакхдархошна а, Iилманчашна а юкъахь шуьйра йовза йолало.

С.Хаджиевс жигара дакъалоцу республикин юкъараллин дахарехь, цундела ларамаза дацара 1989-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат иза харжар. Цхьана метта масийтта кандидат а волуш, СССР-хь дуьххьара нийсонца дIабаьхьна харжамаш бара уьш. Къовсамехь чекхбевллачу харжамашкахь гучубелира халкъан цуьнга болу лерам. 1991-чу шарахь СССР-н химин а, нефтахгIуллакхдаран а министр хIоттаво С.Хаджиев. Нохчашлахь дуьххьара вара иза оцу дарже нисвелларг.

СССР йоьхначул тIаьхьа юха а Нохчийчу цIавоьрзу Саламбек. Оцу хьовр-зIовре даьхкинчу шерашкахь Нохчийчоь тIебогIучу бохамах ларъян гIерташ къахьоьгу цо. Амма цуьнан дахаран а, Iилманан а, пачхьалкхан гIуллакххочун а зеделлачух пайдаэца ца хиира, я ца лиира 90-чу шерашкахь Нохчийчоьнан куьйгалле баьхкинчарна.

Москва дIавоьду иза. Болх бо Iедалан урхаллин органашкахь а, Iилманан учрежденешкахь а. 2008-чу шарахь дуьйна Россин Iилманийн академин А.Топчиевн цIарахчу нефтехимически синтезан институтан директор вара С.Хаджиев. Цул сов, кхин дуккха а юкъараллин декхарш а дара кхочушдеш: Россин Iилманийн Академин «Нефтехимия» журналан коьрта редактор, РАН-н нефтехимехула йолчу Iилманан советан председатель, Россин а, кхечу пачхьалкхийн а тайп-тайпанчу академийн бакъонца волу декъашхо (академик).

Муьлххачу даржехь ша хиларх – институтан директор, депутат, министр – шен ала дош долуш, хьалха лаьттачу декхаршца ларош, ша ларийта хууш къахьоьгура цо. Къаьсттина бIаьрла лар Iилманехь юьтуш схьавеара  С.Хаджиев. 400 сов Iилманан белхан, шайна юкъахь масех монографи а йолуш, автор ву иза. Цо кечвина Iилманийн 23 кандидат а, доктор а.

Iилма кхиорехь бинчу белхан лаккхара мах хадош, цунна совгIаташ дина «Сийлаллин знак», «Къинхьегаман ЦIечу байракхан» орденшца, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан, техникин хьакъволу деятель», «СССР-н сийлаллин нефтехимик», «Россин ягорган-энергетически комплесан хьакъволу белхахо» сийлаллин цIерш яларца а, кхечу совгIаташца а. 2008-чу шарахь Россин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) харжаро кхин цкъа а чIагIдира мехкадаьттан сурсаташ а, мехкадаьттанахгIуллакхдар а толлучу Iилманчашлахь Хаджиев Саламбек хьалхарчех цхьаъ хилар. Нохчийн Республикин Iилманийн академи йилличхьана цуьнан декъашхо а вара иза. Муьлххачу даржехь хиларх а, генахь-гергахь хиларх а, сица, ойланца шен халкъаца цхьаьна, ницкъ кхочучу барамехь цуьнан хьашташна орцах вуьйлуш хуьлура иза даима.

Воккха Iилманча а, нохчийн къоман хьанала кIант а, башхачу оьздангаллин стаг а санна вуьсур ву иза ша вевзачийн а, везначийн а дагахь.

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президиумо халахетарца кадам бо химин Iилманийн доктор, профессор, Россин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик), Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Хаджиев Саламбек кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а.

Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла шуна а, шун дерриге йиша-вешина а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а.

Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президиум