Ненан Денца декъалдар

“Массо а зуда уггаре хьалха Нана ю, цуьнга болу безам массеран ц1еначу даггара хуьлу” – аьлла къастийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочо турпала к1ентий кхиийначу Наношна “Ненан сий” медалшца совг1ат дечохь. Догк1еда адам. Къинхетаме Дог. Собаран б1ог1ам. Оьздачу г1иллакхийн кочар. И дерриге а довха дешнаш шех ала хакъдолуш ю нохчийн массо а Нана.

Х1ора а нохчочун оьмарехь Ненал деза х1ума цхьа а дац. Вайн Наноша дуккха а халонаш а лайна, къизалла а гина. Амма шайна т1ех1иттинчу халонех доьналлица чекхбовла хиъна царна. Ненан мах хадийна вер а вац. Вайн республикехь Ненан де лакхарчу т1ег1анехь билгалдоккхуш ду даима а. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан к1анта Рамзана а лекха айдина Нохчийн зудчун сий. Иза иштта хир дацара церан шайн доьзалехь барт, иман, марзо ца лаьттинехьара.

Нохчийн Республикин 1илманийн академин ц1арах таханлерчу Ненан Денца даггара декъалбо, уггаре хьалха нохчийн къомана беркате хиллачу, Нохчийчоь т1еман 1овкъаршлара хьалаг1аттийначу нохчийн къоман Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1ант Рамзан кхиийна Нохчийн Мехкан Нана Несин Аймани декъал а еш, нохчийн турпала къам оьздачу г1иллакхехь, лакхарчу ийманехь кхиийна а, кхио Наной!

Веза хин волчу Аллах1а тхуна Шун вуо ма гойтийла, Дала гуттар Шун дог хьоьстийла, Дала цкъа а шуна шайн доьзалан бохам ма гойтийла, Шу тхуна а, тхо Шуна а массо заманна, маьршачу стигалана к1елахь ирсе дахадойла вай Къинхетамечу Аллах1а-Дала!

Нохчийн Республикин 1илманийн

 академин куьйгалхо      Гапуров Ш.А.