Лераме махкахой – йижарий, вежарий!

Лераме махкахой – йижарий, вежарий! Вайна ма-хаъара, хӀара дуьне мел ду даьржина схьадогӀуш ун ду – коронавирус! Нуьцкъала а, хьал долу а пачхьалкхаш гола хӀиттийна цо –Америка, Итали, Испани иштта кхиерш а. Кхочуш, Россин пачхьалкха а кхаьчна и! Ца кхочийла а дац – и ун кӀезиг хӀума делахьара пандеми аьлла цӀе а тухур яцара цунна! Вайн республикехь а гучуваьлла масех цу уьнца цомгашниг, масех бӀе шена къастийнчу карантинехь ву! И ма дукха бу, кхечу республикашца дуьстича аьлла, хаттар кхолладала а тарло. Цунна жоп хӀара ду – Нохчийн Республикин Ӏедал, вайн Мехкдас-Кадыров Рамзана куьйгалла деш, дуьжуш-гӀоттуш а доцуш, ӀаддадӀа нах ларбан хьелаш кхуллуш, тесташ еш, шалхаллин статистика ян а ца гӀерташ къахьоьгуш бу. Вайн паччахьо, Дала Ӏалашвойла и, кхоьллина оперативни штаб ю – цуьнан коьрта Ӏалашо вайн республикехь уьнан дӀасхьадаржаран зӀе хадор ю. Коронавирус юхатохар тӀехь беш болу кхиболу белхаш ша берш бийцина а вер вац. Ткъа вайна тӀехь долу декхар шайн-шайн чохь Ӏар ду, гӀуллакх долуш-доцуш дӀасхьацалелар, Ӏедало вайга бечу кхайкхамашка ладегӀар, цуьнан омар, буьйраш кхочушдар а!
Иштта тӀетоха лаьа, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академи, карантин яра аьлла, мукъа Ӏаш яц. Ӏилманан белхахоша планаца бан лерина белхаш шайн цӀа баьхьна: язъеш ю статьяш, монографеш, хӀиттош ю дошамаш, дӀахьуш бу талламан белхаш а!
Веза хин волчу АллахӀа лардойла вай, Ӏалашдойла вай, уьн баланех хьалха а дохийла!

Ларамца Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди