Декъалвар!

Дикачу Ден Яхь йолу КIант, лераме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ас даггара декъалво Хьо винчу Денца!

Юха а цкъа Хьан хьуьнаречу дахаран тептаран кхин цхьа агIо дIалисти вайн Везачу Дала. Веза хин волчу АллахIа-Дала, могуш а волуш, ирсе а волуш, Хьайн гергарчу нехан а, Хьайн къоман вуо а ца гуш, иштта Хьан гергарчу нахана а, Хьо дукхавезачу нохчийн къомана а Хьан вуо ца гуш, дуккха шерашкахь могшаллица вахавойла Хьо!

Нохчийн Республикехь а, дуьненан еа маьIIехь а нохчийн халкъан машар ларбарехь а, Нохчийн мохк кхиорехь а, хазбарехь а, сийлахьчу нохчийн къоман дахар кхин дIа а маьрша а, ирсе а дарехь Дала аьтто беш, Хьайн Ден, Сийлахь-Воккхачу Нохчочун Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин некъ ларбеш, и кхидIа дIабахьа Дала латтавойла Хьо Нохчийн къомана!

Хьо винчу денца цхьаьна, вайн махкахь даздеш ду Хьехархойн де, Кегийрхойн де, исбаьхьчу Соьлжа-ГIаоин де! И ша дерриге Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин некъан тIехь вайн къам Ахь а, Хьан сий долчу накъосташа дIадигарца къахьегаран беркат ду!

Кхин цкъа а, лераме Турпалхойн Мехкан турпала Мехкда, Сий долчу Къоман Сий долу Паччахь, ас даггара декъалво Хьо винчу Денца!

Веза хин волчу АллахIа-Дала Iалашвойла Хьо!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.А.

Поделиться
Share on VK
VK
Share on Facebook
Facebook
Tweet about this on Twitter
Twitter
Pin on Pinterest
Pinterest
Print this page
Print