Конференцин оргкомитетан рогIера кхеташо

Тахана 2021 шеран 12-чу мартехь Нохчийн Республикин Iилманийн академин тховкIелахь дIайаьхьира карарчу шеран 22 апрелехь хила йезачу «Нохчийн меттан а, литературин а актуальни проблемаш: Истори а, таханалера де а» цӀе йолчу Йерригроссин Ӏилманийн-практикин конференцин оргкомитетан кхеташо.

Кхеташо дIайолош вистхилира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруди. Цо къастийра хила йезачу конференцин мехалла, кIадо а ца йеш, конференцин балхана ладаме хила дезар а. Цигахь Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата довзийтира, Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствон «Нохчийн меттан а, литературин а актуальни проблемаш: Истори а, таханалера де а» цӀе йолчу Йерригроссин Ӏилманийн-практикин конференцин оргкомитет тIечIагIйаран буьйр.

Иштта кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентехь йолчу дешаран а, Iилманан а, культурин а Комитетан председатель Хасбулатов Бекхан. Цо хаийтира конференци дIайахьа аьттонна Парламентера гIо-накъосталла хирг хилар. Болх жигара дIабахьа дика хин долчух лаьцна шена хетарг олуш йистхилира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министран заместитель Межидова ПетIимат а, цу хьокъехь дош элира Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан председатело Ибрагимов Кантас а, оргкомитетан декъахойх болчу Iилманчаша а.

Иштта НР IА меттан а, литературин а Iилманан белхахочо Абдулкадыров Адама довзийтира конференци вовшахтохаран хьокъехь Нохчийн Республикин Iилманийн академис кхочушдина а, дан лерина а гIуллакхаш.

Поделиться
Share on VK
VK
Share on Facebook
Facebook
Tweet about this on Twitter
Twitter
Pin on Pinterest
Pinterest
Print this page
Print