Нохчийн меттан орфографин бакъонаш

Нохчийн меттан орфографин бакъонаш

Нохчийн Республикин Iилманийн
Академинуо 2016 шарахь тIеиэцначу нохчийн
орфографин пройектаца нисйина
НОХЧИЙН МЕТТАН
ОРФОГРАФИН БАКЪУОНАШ
Джамалханов З.Д.
2
Карара буолх иза Нохчийн Республикин Iилманийн Академинуо 2016
шарахь тIеиэцначу нохчийн орфографин пройектаца нисдина
З.Д. Джамалхановн 2009 шарахь арайаьллачу «Нохчийн меттан нийсаяздаран
дошам» книги йукъара «Орфографически словарь. Нохчийн меттан
нийсаяздаран коьрта бакъонаш» аьлла билгалдаьккхина долу дакъа ду.
ХIара гулар школашкахь, вузашкахь, иштта нохчийн маттахь
тексташца буолх бечарна а пайдиехь хир йу.
3
ОГЛАВЛЕНИЕ
ДЕШХЬАЛХИЕ…………………………………………………………………………………………. 4
МУКЪАЧУ А, МУКЪАЗЧУ А ЭЛПИЙН НИЙСАЙАЗДАР………………………… 7
ЦIЕРДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР ………………………………………………………….. 10
БИЛГАЛДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР ……………………………………………………. 18
ТЕРАХЬДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР…………………………………………………….. 20
ЦIЕРМЕТДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР…………………………………………………… 21
ХАНДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР ………………………………………………………….. 23
ПРИЧАСТИЙН, ДЕЙЕПРИЧАСТИЙН ЙАЗЙАРАН БАКЪУОНАШ………… 27
ХОЬТТИНА А, КЪАЬСТИНА А, ДЕФИСЦА А ЙАЗДАР ………………………… 31
ДУОШ СИЕХЬАДАККХАР …………………………………………………………………….. 44
ДОККХА ЭЛП ЙАЗДАР ………………………………………………………………………….. 46
4
ДЕШХЬАЛХИЕ
Тахана лиелуош йолу нохчийн орфографи кхачамбацарш долуш хилар
а, и кхачамбацарш дIадахаран ниекъаш а нохчийн меттаIилманчаша теллина
а, Iилман статьяш тIиехь, конференциешкахь дуккхазза а дийцарие дина ду.
Амма оцу талламийн жамIашка хьаьжжина бина хийцамаш бац нохчийн
маттах пайдаиэцаран декъиехь. Карара буолх – иза З.Д. Джамалхановн 2009
шарахь арайаьллачу «Орфографически словарь. Нохчийн меттан
нийсаяздаран дошам» книги йукъара «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта
бакъонаш» аьлла билгалдаьккхина долу дакъа ду. Амма и бакъуонаш
нохчийн орфографиехь бан биеза бохуш бийцарие бен хийцамашка
хьаьжжина нисйина йу хIокху балха тIиехь. И хийцамаш биеш, коьртачу
декъана, хIокху хьостанашна тIетийжина тхо:
1. Тимаев В.Д., Овхадов М.Р., Халидов М.И., Арсанукаев А.А.-М.
Актуальные проблемы современной чеченской графики. // Материалы
региональной научно-практической конференции «Чеченский язык:
проблемы и перспективы развития», г. Грозный, 8 апреля 2010 г. – Грозный:
Изд-во АН ЧР, 2010. с. 3 – 13.
2. Халидов А.И. Нохчийн меттан орфографи тояран проект. Грозный:
ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2014. 111 с.
3. Проект унификации орфографии чеченского языка [Электронный
ресурс]. Сайт Академии наук Чеченской Республики URL: http://anchr-ru.1gb.ru/wpcontent/uploads/2013/02/Проект-унификации-орфографии-чеченского-
языка.pdf (дата обращения: 22.03.2017).
4. Вопросы орфографии [Электронный ресурс]. Сайт Академии наук
Чеченской Республики URL: http://anchr-ru.1gb.ru/wpcontent/uploads/2013/02/Вопросы-орфографии.pdf
(дата обращения:
22.03.2017).
Иштта тидамие лаьцна Нохчийн Республикин Iилманийн академиехь
дIакхиехьначу семинарашкахь меттаIилманчаша дийцарие динарг (хьовса:
5
http://ps.anchr.ru/mott-atta-a-kxetash-a-xilijta/; http://ps.anchr.ru/noxchijnorfografin-problemashna-lerina-iilmanan-seminar/;
http://ps.anchr.ru/noxchijnorfografi-toyarexa-mexala-gӏulch/;
http://anchr-ru.1gb.ru/obyavlenie-50).
Лакхахь билгалбаьхначу белхаш тIехь а, семинарашкахь а чIагIйина
коьрта принципаш хIорш йу:
1) й аз хезачуохь массанхьа а й элпаца билгалдар: йалт, йуьззина,
билгалйелира;
2) дифтонгаш ие, уо массанхьа а билгалдар: диеша, дуогIа, киерт,
куорта;
3) шиеконца оьв, ой хезачуохь оьв яздар: коьвнаш, доьвза, хьоьвсира;
4) мукъаззий, мукъий элпаша билгалден аьзнаш ца эйта хIуоттуош
йолу къастуоран хьаьрк массанхьа а хIуоттуор: дайъа, ойъу;
5) терахьдешнийн киепаш кхуолларехь орамиера мукъа аз гуоргалун
принцип ларйар.
Бакъуонийн гулар тIиехь биначу хийцамийн масиех агIуо билгалйаккха
йиш йу.
Цхьайолу бакъуонаш керлачу принципашца ца йогIуш я уьш тIеиэцча
сов хуьлуш нислуора (масала §§ 1, 2, 11 – 13, 20, кхиерш а). Цхьайерш
З. Джамалхановн балха тIиехь билгалйаьхна йелахь а, цхьамма а лиелуош
йоцуш, царна тIиехь билгалдаьккхина хаттаран хьокъехь нийсса
бIостаниехьа ламаст чIагIделла йу (§§ 29, 205). Уьш хIокху гулар йукъа ца
йахийтина.
Цхьайолу вай лакхахь билгалйаьхна принципаш керла бакъуонаш
йоьхуш йу. Цундела масиех керла бакъуо йу кху йукъа тоьхна (§§ 1, 5, 10,
кхийерш а).
Оцу керла принципашка хьаьжжина хийца йиезна цхьайолу
параграфаш (§§ 9, 13, 18, и.дI.кх.).
Цхьайолу бакъуонашкахь керла принципашца боьзна боцу хийцамаш
бина. Амма и хийцамаш З. Джамалхановс билгалйаьккхина нийсайаздаран
6
норма хьиейиеш бац, нийсайаздаран киеп къастуоран ниекъан хьокъиехь бу
(§§ 4, 6, 17, и.дI.кх.).
Йисина бакъуонашкахь бинарш, коьртачу декъана, технически
хийцамаш бу: цкъа делахь, йозан хатI миелла а хийцаделла, керла
бакъуонашка хьаьжжина; шолгIа делахь, орамиера мукъа аьзнаш, суффиксаш
билгалйечуохь, дифтонгаш йукъайахарца боьзна хийцамаш бан диезна.
I. Бадаева.
7
МУКЪАЧУ А, МУКЪАЗЧУ А ЭЛПИЙН НИЙСАЙАЗДАР
§ 1. [й] аз массанхьа а «й» элпаца билгалдо.
Масала: йаздо, йуьззина, йиеша, шекйала, совйала.
§ 2. Мукъа аьзнаш [и], [уь] уозуош, дахдиеш олуш хилахь, царна тIиехьа
уозуоран хьаьрк «й» йаздо.
Масала: динахь – дийнахь, дуьлу – дуьйлу, йуьлу – йуьйлу (хьалхарчу
дешнашкахь мукъа аьзнаш уозуош ца олу, цундела уозуоран хьаьрк «й» ца
йаздина, ткъа шолгIачу дешнашкахь [и], [уь] уозуош олу, цундела уозуоран
хьаьрк «й» йаздина).
§ 3. Хьалхарчу дешдекъиехь ий, уьй йаздиеш долчу билгалдешнашкахь,
куцдешнашкахь, маьIна чIагIдиеш, мукъаза элп шалхадолуш хилча а йаздо
уозуоран хьаьрк «й».
Масала: нийса – нийсса, гIийла – гIийлла, дийнахь – дийннахьехь, Iуьйранна –
Iуьйрре, дийна–дийнна.
§ 4. Мукъа аз шиекуонца хезаш делахь, и билгалден элп хIокху
билгалуонашка хьажжина къастуо диеза:
1) цIердешан йа билгалдешан мукъа аз «а» элпаца билгалдо: лоха, луьста,
ога, хьоста, олхазар, урам, орам, мокхаз.
2) хандешан карарчу хенахь «а» йаздо, нагахь орамиехь балдийн доцу
аьзнаш делахь (а, аь, е, э, ие, и, ий) йа инфинитивиера о-нах хилла оь
делахь: хеза, диеза, хьийза, доьвза, лаьтта;
3) хандешан карарчу хенахь «у» йаздо, нагахь орамиехь балдийн аьзнаш
делахь (о, оь, у, уь, уьй): лоху, луьсту, огу, хьосту;
4) хандешан хIинца йаханчу, йахана йаьллачуй, гуш йаханчуй хенашкахь
«и» йаздо: эли, даьккхина, этира.
Йукъарадериг: лозунг, тужурка, фартук (тIеиэцна дешнаш).
§ 5. Доца диллинчу дешдекъиера уо, ие дифтонгашна метта о, е йаздо.
Масала: Суна дийнат го (Амма «Гуо дика бу цуьнан»); гIо дар (Амма «ДIа ма
гIуо»).
§ 6. Хандешан киепах кхуолладеллачу дашиехь хандешан аффикс хийца ца
ло:
Масала: оху – охуна, тоьгу – тоьгуна, хутту – хуттург, могу – могуш –
могушалла, соцу – соцунгIа, кхоьлина де, юьззина, яьржина предложени,
хIутосург, йолхьокхург, юкъанайуьллург, тIехулатосург.
8
§ 7. Чаккхиенгахь г, к элпаш долчу цIердешнашкахь тIаьххьарчул хьалхара
дешдекъиехь ие, уо, о делахь, тIаьххьарчу дешдекъиехь «а» йаздо, кхин
элпаш делахь, «и» йаздо.
Масала: зиезаг, бирдуолаг, лоппаг, дечиг, тIийриг, тIаьрсиг.
Йукъарадериш: кийсак, тиймак, пийсак, гийзаг, саьрмак, хьаьрмак, боьлак.
§ 8. Къастаман дешнийн (билгалдуош, рогIаллин терахьдуош,
доладиерзуоран цIерметдуош) лааман киепан суффиксан нийсайаздар иштта
ду: ниг, наш.
Масала: жиманиг, йаккхийнаш, шолгIаниг, хьалхарнаш, сайниг, церанаш,
ненаниг, вешинаш.
§ 9. Шина киепара олуш, ца кхиеташ йа шина киепара маьIна луш долчу
дешнашкахь деха мукъа элп туохаран хьаьркаца билгалдан мегар ду.
Масала: урахь кест-кеста догIа догIу. – амас ниеIарна до гIа туьйхира.
Шовдана йистие хи мала беара гIала. – Вайн Даймехкан столица осква
хаза гIа ла йу. уизина школие йаха лаьа. – озина хьекъалие а, оьзда а йа ха
лаьа.
§ 10. Дашна хьалха я мукъачу элпана тIиехьа [э] аз «э» элпаца билгалдо,
мукъазчу элпана тIиэхьа «е» элпаца билгалдо: элира, йелира, дIаэлира,
дIайелира, кIеда, шера, меда, Iема
§ 11. Шиеконца оьв, ой хезачуохь «оьв» йаздо.
Масала: доьвзиг, воьвза, коьвнаш, оьвла, хьоьвза, дIоьвшие.
§ 12. Барта къамиелиехь дашна хьалха с, т, ст шиекуонца хезачуохь
литературин /йозанан/ маттахь ст йаздо: стом, стов, стигал.
§ 13. ЦIерниг дуожаран чаккхиенга шала мукъаза элпаш лл, сс, тт йаздо,
нагахь дуош хийцича мукъаза аз шалхадалахь, шалха ца далахь цхьаъ биен ца
йаздо.
Масала: балл – боллах – баьллаш, класс – классах – классаш, дитт – диттах
– дитташ; амма: бал – болах – баьлнаш, бос – басах – беснаш, бат – бетах
– батош.
9
§ 14. Дешнашкахь мукъазий, мукъий аьзнаш вовшиех уьйш ца хилахь, царна
юккъие къастуоран хьаьрк ъ йаздо.
Масала: тIахъаьлла, тIехъиккхина, дайъина, ойъу.
§ 15. Дашиехь мукъаза шалха ши элп йух-йуххие нислахь, хьалхарчу
шалхачу элпан шолгIа хьаьрк ца йаздо, шолгIа шалха элп дуьззина дIайаздо.
Масала: воккха, йоккха, йуккъие, маккхал, сацкъар, нацкъар, цIоцкъам.
§ 16. Дешнашкахь мукъий, мукъазий шалха ши элп йух-йуххие нислахь,
шалха элпаш цхьа хьаьрк а ца иешош, дуьззина дIайаздо.
Масала: хьаьрса, йуьхь, къаьхьа, хьаьжна, хьаьхна, къаьхкина, къаьстина,
къаьрзина, дуьхьарг.
§ 17. Цхьана морфемина йукъадогIуш а доцуш, йух-йуххиехь нисделла шалха
мукъаза элпаш дуьззина йаздо.
Масала: чекххьажар, юьхькIам, юьхькIолла.
§ 18. Доьшуш доцу чаккхиенгара н хIокху дешнашкахь а, киепашкахь а
йаздо:
1) цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн билгалзачу а, хIинц
йаханчу хенан а киепашкахь: дан, тан, лиен, иэн; дин, тайн, лийн, ийн;
2) царна хьалха дешхьалхие йа кхин орам хIуттуш кхолладеллачу
хандешнашкахь: дIадан, тIетан, дукхалиен, схьаиэн;
3) цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешнийн йуьхьанцарчу
киепиехь: цIиен, дайн (йозаллина), вуон, кIайн (Амма цIиечу зиезагна, дайчу
буоларца, кIайчу киехат тIиехь);
4) цIердешнийн а, цIерметдешнийн а доланиг дожаран киепиехь:
шиен лаам, ненан куьйгаш, берийн аьзнаш.
5) доланиг дожаран киепах кхолладелла йукъаметтигаллин
билгалдешнашкахь: лоьрийн духар, диешаран учреждени, литературин
мотт.
Билгалдаккхар: Хан, чан, кан, лан, гIан, бен, хен, Iин, чин, дин,
хьун, бун бохучу цIердешнийн чаккхиенгахь дерг къайлах меран-нун дац,
иза къастуош дIаала дезаш долу дуьззина н ду. Дуьззина н чаккхиенгахь долу
дешнаш дагардиеш хилахь, и н шалхадолу.
Масала: ханннй, чанний, канний, гIанний.
10
§ 19. щ, ь, ы, ё, ф, я, ю элпаш нохчийн йозаниехь оьрсийн маттиера
тIеиэцначу дешнашкахь йаздо.
Масала: розный, июль, ёлка, Н. В. оголь, фонетика, пьеса, председатель,
секретарь, инфикс, постфикс, интерфикс.
Амма родийн чаккхенаш я, е вайн маттахь ца йазйо.
Масала: конференци, морфологи, орфографи.
ЦIЕРДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР
§ 20. Цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран чаккхиенгахь «л» йа «р» долчу
цIердешнийн дукхаллин терахьиехь «ш» чаккхиенна хьалха «а» ца йаздо.
Масала: турпал – турпалш, турпалшна, турпалшка, турпалшца; векал –
векалш, векалшна, векалшка, векалшца; синтар – синтарш, синтаршна,
синтаршка, синтаршца; тукар – тукарш, тукаршна, тукаршка, тукаршца.
§ 21. Дукхаллин терахьиехь цIерниг дожариехь ш тIекхиетачу цIердешан
цхьаллин терахьиехь хуотталург дуожариехь чаккхие х йазйо, ткъа аш, маш
тIекхиетачу цIердешан хуотталург дуожариехь чаккхе ах йазйо.
Масала: тукар-ш – тукар-х, басар-ш – басар-х, тускар-ш – тускар-х, векал-
ш – векал-х; бахам-аш – бахам-ах, толам-аш – толам-ах, кечам-аш – кечам-
ах, бошмаш (беш) – бешах.
§ 22. Цхьаннал сов дешдакъа долчу цIердешнашкахь, чаккхиенгахь мукъаза
аз а долуш, тIаьххьарчу дешдекъиехь доца мукъа аз делахь, лург, коьчалниг
дуожаршкахь орамний, чаккхиенний йуккъие мукъа элп «а» ца йаздо.
Масала: туолам-на, туолам-ца, лимонна, лимон-ца, тускар-на, тускар-ца,
векал-на, векал-ца, Исаев-на, Исаев-ца, физик-на, физик-ца, дингад-на,
дингад-ца, варзап-на, варзап-ца, орамат-на, орамат-ца.
§ 23. Чаккхиенгахь мукъаза аз а долуш, цхьана дешдекъах лаьттачу
цIердешан лург, коьчалниг дуожаршкахь орамний, чаккхиенний йуккъие
«а» йаздо.
Масала: куор – куор-ана, куораца; луом – лоьм-ана, лоьм-аца; туоп – тоьп-
ана, тоьп-аца; Iайг – Iайг-ана, Iайг-аца.
§ 24. Чаккхиенгахь йух-йуххиехь мукъаза ши элп долчу цIердешан лург,
хуотталург дуожаршкахь орамний, чаккхиенний йуккъе «а» йаздо.
11
Масала: муьстарг – муьстарг-ана, муьстарг-аца; истанг – истанг-ана,
истанг-аца; туьйдарг – туьйдарг-ана, туьйдарг-аца.
§ 25. ЦIердешан цIерниг дуожаран чаккхиенгахь «н» делахь, цхьаллин
терахьиехь лург дожаран чаккхиенгахь шала «н» йаздо.
Масала: Салман – Салманна, хан – ханна, пиен – пиенна, биен – биенна.
§ 26. Дукхаллин терахьиехь -наш, -рчий тIекхиетачу цIердешнийн цхьаллин
терахьан лург дуожаран чаккхие ши «н» долуш йазйо.
Масала: верта-наш – верта-нна, ахча-наш – ах-чанна, седа-рчий – седа-нна.
Билгалдаккхар. 1. Дукхаллин терахьиехь -наш, -рчий, -арш, -рш, -раш
тIекхиетачу цIердешнийн цхьаллин терахьан лач дуожаршкахь а, дукхаллин
терахьан массуо дуожариехь а барта ала а, йозанца йазйан а йиеза -н-, -ар-, –
р-, -рч- боху наращениеш: ахча-наш – ахчанца, ахчание; сиеда-рчий –
сиеданца, сиеданан; доьхка-рш – доьхкарца, доьхкарал; цIе-рш – цIарца,
цIарал.
асала:
Цхьаллин терахь
ЦI. виерта сиеда наб цIе
Дл. виертанан сиеданан набаран цIеран
Л. виертанна сиеданна набарна цIарна
Др. виертануо сиедануо набаруо цIаруо
К. виертанца сиеданца набарца цIарца
X. виертанах сиеданах набарх цIарах
М. виертание сиедание набарие цIарие
Дс. виертанал сиеданал набарал цIарал
Дукхаллин терахь
ЦI. виертанаш сиедарчий набарш цIерш
Дл. виертанийн сиедарчийн набарийн цIерийн
Л. виертанашна сиедарчашна набаршна цIершна
Др. виертанаша сиедарчаша набарша цIерша
К. виертанашца сиедарчашца набаршца цIершца
X. виертаниех сиедарчиех набариех цIериех
М. виертанашка сиедарчашка набаршка цIершка
Дс. виертаниел сиедарчиел набариел цIериел
12
2. Дукхаллин терахьиехь -рчий тIекхиетачу цIердешнийн наращени рч
дукхаллин терахьан массуо а дуожариехь гучуйолу, ткъа цхьаллин терахьан
лач дуожаршкахь наращени н хуьлу.
Масала: сиедарчий, сиеданца – сиедарчашца.
3. ЦIердешнийн дукхаллин терахьан рш, арш чаккхиенаш р-ний, ш-ний
йуккъиехь «а» доцуш йазйо.
Масала: доьхка – доьхкарш, бухка – бухкарш, цIе – цIерш, наб – набарш, зIок
– зIакарш, хIоз – хIазарш, шок – шакарш.
4. Дукхаллин терахьиехь тIаьххьарчул хьалхарчу дешдекъиехь дуьззина деха
мукъа аз долчу цIердешнашкахь р-ний, ш-ний йуккъие «а» йаздо.
Масала: чIу – чIуораш, гIуй – гIуораш.
§ 27. Дагардариехь цIерниг дуожаран чаккхиенга «н» хIуттуш туьма боху
цхьа цIердуош ду: ши туьман пхи суом. И «н» кхузахь доланиг дуожаран
чаккхие йац, иза дагардариехь гучуйолуш йолу хуттурган суффикс йу. Ши
туьман пхи суом бохург ши туьмий, пхи суоммий (я ши туьма а, пхи сом а)
бохург ду.
§ 28. Стаг (нах) бохучу цIердешан цхьаллин а, дукхаллин а – шинна а тера-
хьиехь лач дуожарийн чаккхенаш цхьанакепара йазйо.
Цхьаллин терахь Дуккхаллин терахь
ЦI. стаг нах
Дл. стег-ан нех-ан
Л. стаг-ана нах-ана
Др. стаг-а нах-а
К. стаг-аца нах-аца
X. стаг-ах нах-ах
М. стаг-ие нах-ие
Дс. стаг-ал нах-ал
§ 29. Цхьадолу цхьана дешдекъах лаьттачу цIердешнийн коьчалниг а, лург а
дуожарийн йуьззина а, йацйина а киепаш лиелайо: куогаца – куога (хьовзуо
чарх), куьйгаца – куьйга (йаздина йоза); куорана – куора (тIе), пиенна – пиена
(тIиехьа), цIиенна – цIийна (уллиехь).
§ 30. Адамийн классашкахь долу йукъара цIердешнаш дийриг, меттигниг
дуожаркахь кхиечу классашкара цIердешнаш санна лиегало: лор – лоьруо –
13
лоьрие, баьчча – баьччануо – баьччание, эла – элуо – элание, нус – несуо –
несие.
Цу бакъуонна йукъарадолу доьзалца, гергарлуонца доьзна масиех цIердуош,
иштта стаг, нах боху дешнаш а. Уьш адамийн цIераш санна лиегало: нана –
нанас – нение, да – дас – дега, ваша – вашас – вешига, йаша – йишас –
йишига, стаг – стага, нах – наха (амма стагие, нахие).
§ 31. Дукхаллин терахьан цIерниг дуожариехь арш тIекхиетачу цIердешан
цхьаллин терахьан хуотталург дожариехь арх чаккхие йазйо, наш
тIекхиетачу цIердешан хотталург дуожариехь нах чаккхие йазйо.
Масала: наб-арш – наб-арх, шак-арш – шак-арх, зIак-арш – зIак-арх, хIаз-арш
– хIаз-арх, виерта-наш – виерта-нах, суьйрие-наш – суьйрие-нах.
§ 32. Цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран чаккхиенгахь мукъа аз [и] уозуош
олучу цхьаннал сов дешдакъуош долчу цIердешнийн чаккхиенга уозуоран
хьаьрк «й» ца йаздо, хIунда аьлча цу «й» элпах дукхаллин терахьан чаккхие
хуьлу, ткъа цхьаллин а, дукхаллин а терахь вовшех къаьсташ хила диеза.
Масала: нохчи – нохчий, оьрси – оьрсий, гуьржи – гуьржий, хIири – хIирий.
Нийсайаздарехь цу бакъуонна йукъадогIуш лору хIара цIердешнаш а: гали,
лами, чами, илли, куортали, деши, дети, кхелли, сени, кIуорни, шамали,
Iайнди, Зайнди, Удди, Iали, предложени, комисси, заседани, сесси, собрани,
конференци. Цу дешнашкахь хезаш делахь а, «й» ца йаздо.
§ 33. Цхьана дешдекъах лаьттачу, чаккхиенгахь мукъа аз [и] дахдиеш
(уозуош) олучу кху цIердешнийн цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран
чаккхиенга уозуоран хьаьрк «й» йаздо: жий, сий, цIий, гIий, йий.
§ 34. Цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран чаккхиенгахь мукъа аз [и] долуш
цхьаннал сов дешдакъуош долчу цIердешнийн хуотталург, дустург
дуожарийн цхьаллин терахьан чаккхиенаш их, ил йазйо, дукхаллин
терахьиехь цу дуожарийн чаккхиенаш иех, иел йазйо.
Цхьаллин терахь Дуккхаллин терахь
ЦI. илли гали лами иллиеш галиеш ламиеш
Х. иллих галих ламих иллиех галиех ламиех
Дс. иллил галил ламил иллиел галиел ламиел
Цу бакъуонца йаздо хIара дешнаш а: чами, чамих, чамил, чамиеш, чамиех,
чамиел; куортали, куорталих, куорталил, куорталиеш, куорталиех,
14
куорталиел; предложени, предложених, предложенил, предложениеш,
предложениех. предложениел.
§ 35. Цхьаннал сов дешдакъуош а долуш, чаккхиенгахь и долчу цIердешнийн
дуожарийн чаккхиенаш иштта йазйо: цхьаллин терахьиехь – и, ин, ина, ино,
ица, их, ига, ил; дукхаллин терахьиехь – еш, ийн, ешна, еша. ешца, ех,
ешка, ел.
Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь
ЦI. илли предложени ЦI. иллиеш предложениеш
Дл. иллин предложенин Дл. иллийн предложенийн
Л. иллина предложенина Л. иллиешна предложениешна
Др. иллинуо предложенинуо Др. иллиеша предложениеша
К. иллица предложеница К- иллиешца предложениешца
X. иллих предложсних X. иллиех предложениех
М. иллига предложенига М. иллиешка предложениешка
Дс. иллил предложенил Дс. иллиел предложениел
Билгалдаккхар. Цу тайпанарчу цIердешнийн цхьаллин терахьан дуожарийн
чаккхиенгахь долу и дукхаллин терахьиехь доланиг доцчу вукху
дуожаршкахь ие-ние доьрзу, ткъа доланиг дуожаран чаккхие цхьаллин
терахьиехь ин, дукхаллин терахьиехь ийн йазйо: иллин (цхь. т.) – иллийн
(д.т.), илли – иллиеш
§ 36. ХIара суффиксаш чаккхиенгахь «а» долуш йаздо: -унгIа, -аргIа, –
даргIа, -ргIа, -агIа, -гIа.
Масала: муоттаргIа, соцунгIа, IаддаргIа, даьттагIа, старгIа, хьаштагIа,
хьашлагIа, доттагIа, мостагIа.
§ 37. Чаккхиенгахь «гI» долу, цхьана дешдекъах лаьтта хIара цIердешнаш
чаккхиенгахь «а» доцуш йаздо: гIогI, гIугI, дагI, гIагI, хьагI, рагI.
§ 38. Хьер, говр, кхел, беш, пусар боху цIердешнаш цхьаллин терахьан
цIерниг дожариехь чаккхиенгахь «а» доцуш йаздо, «а» чаккхие царна
тIекхиета стенга? (мича?) бохучу хаттарна жоп лучохь.
Масала: хьер, говр, кхел, беш; хьера, беша (воьду), говра, кхела (хиъна).
15
§ 39. АгIуо, аьттуо, аттуо, халуо, маршуо, макхуо, марзуо бохучу дешнийн
чаккхиенга «уо» йаздар («у» йа «о» доцуш) хаархьама, и дешнаш коьчалниг
дожарие а, дукхаллин терахьие а диерзо диеза.
Масала: агIуо – агIуонца – агIуонаш; аьттуо – аьттуонца – аьттуонаш; аттуо –
аттуон-ца – аттуонаш; халуо – халуонца – халуонаш; маршуо – маршуонца –
маршуонаш; макхуо – макхуонца – макхуонаш; марзуо – марзуонца –
марзуонаш.
§ 40. Адамийн долахьчу цIерийн а, кхечу цIердешнийн а цIерниг дуожаран
чаккхиенгара шиекуонан мукъаниг йа мукъазниг муха йаздо хаархьама, дуош
дийриг дуожарие хийца диеза.
Масала: Iела – Iелас (кхузахь вайна хаьа, иза, Iели – Iелис доцуш, Iела – Iелас
хилар), Шема – Шемас, Теча – Течас, Хеда – Хедас, еча – ечас, Куьйра –
Куьйрас, уохьмад – уохьмада, уохьмади – уохьмадис, Ахьмад –
Ахьмада, Ахьмади – Ахьмадис, сирник – сирникуо, хьаьрмик – хьаьрмикуо,
Къоса – Къосас, Къосам – Къосама, харданг – хардангуо.
§ 41. Цхьадолу цхьана дешдекъах лаьтта цIердешнаш легадиеш, церан кхаа
кепара лард билгалйолу, орамиера «уо» йа «у» «е», «а» элпашца хийцалуш:
буолх, буорз, дуош, муотт, буорц, сту, буц, мукх, буос, буотт, бутт,
кхидерш а.
Масала:
буолх муотт дуош сту
белхан меттан дешан стеран
балхана маттана дашна старана
§ 42. Цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран чаккхиенгахь мукъазниг йа доца
мукъаниг хилахь, доланиг, лург, коьчалниг дуожарийн чаккхиенаш йазйо:
ан, на, ана, нна, ца, аца, нца.
цIерниг доланиг лург коьчалниг
чIара чIеран чIерана чIераца
муохк мехкан махкана махкаца
бIаьрг бIаьрган бIаьргана бIаьргаца
вуорда вуорданан вуорданна вуорданца
луьйта луьйтанан луьйтанна луьйтанца
виерта виертанан виертанна виертанца
бага баганан баганна баганца
16
§ 43. КхоалгIачу лиегаран цIердешнийн дуожарийн чаккхиенаш иштта йазйо:
цхьаллин терахьиехь – а/и, ин, ина, уо/нуо/ас, ица, их, ига/ие, ил;
дукхаллин терахьехь – аш, ийн, ашна, аша, ашца, иех, ашка, иел.
Цхьаллин терахь Дуккхаллин терахь
ЦI. мача илли мачаш иллиеш кхоалгӀа легар дац!!!
Дл. мачин иллин мачийн иллийн
Л. мачина иллина мачашна иллиешна
Др. мачуо иллинуо мачаша иллиеша
К. мачица иллица мачашца иллиешца
Х. мачих иллих мачиех иллиех
М. мачига иллига мачашка иллиешка
Дс. мачил иллил мачиел иллиел
§ 44. ДоьалгIачу лиегаран цIердешнийн дуожарийн чаккхиенаш иштта
йазйо: цхьаллин терахьиехь – чун, чунна, чуо, чуьнца, чух, чуьнга, чул;
дукхаллин терахьиехь – й, йн, шна, ша, шца, йх, шка, йл; арий, арийн,
аршна, арша, аршца, ариех, аршка, ариел.
Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь
ЦI. лулахуо зуда лулахуой зударий
Дл. лулахуочун зудчун лулахуойн зударийн
Л. лулахуочунна зудчунна лулахуошна зударшна
Др. лулахуочуо зудчуо лулахуоша зударша
К. лулахуочуьнца зудчуьнца лулахуошца зударшца
X. лулахуочух зудчух лулахуойх зударех
М. лулахуочуьнга зудчуьнга лулахуошка зударшка
Дс. лулахуочул зудчул лулахуойл зударел
§ 45. Адамиех лаьцна долу долахьчу цIердешнийн цхьаллин терахьан цIерниг
дуожаран чаккхиенгахь мукъаза элп хилахь, дийриг дуожаран чаккхиенга
«а», меттигниг дуожаран чаккхиенга «ие» йаздо.
Масала: Хьасан – Хьасана – Хьасание; уохьмад – уохьмада – уохьмадие.
§ 46. Адамиех лаьцна долчу цIердешнийн цхьаллин терахьан цIерниг
дуожаран чаккхиенгахь мукъа элп хилахь, дийриг дуожаран чаккхиенга с, ас,
меттигниг дуожаран чаккхиенга га, ига йаздо.
Масала: Солта – Солтас – Солтига; Хьава – Хьавас – Хьавага, Зина – Зинас
– Зинига, оза – озас – озига, аиса – аисас – аисига.
17
§ 47. Адамийн долахьчу цIерийн цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран
чаккхиенгахь «ъ» элп хилахь, дийриг дуожаран чаккхиенга «а», меттигниг
дуожаран чаккхиенга «ие» йаздо, чаккхиенгара «ъ» йаз а ца диеш.
Масала: Асмаъ – Асмаа – Асмаие; Шаймаъ – Шаймаа – Шаймаие; Iайнаъ –
Iайнаа – Iайнаие; Залпаъ – Залпаа – Залпаие.
§ 48. Йукъарчу цIерийн цхьаллин терахьан цIерниг дуожаран чаккхиенгахь
«ъ» элп хилахь, дийриг дуожаран чаккхиенга «уо», меттигниг дуожаран
чаккхиенга «ие» йаздо, чаккхиенгара «ъ» йаз а ца диеш.
Масала: меъ – меуо – меие; кхаъ – кхоуо – кхоие, маъ – моуо – моие.
§ 49. Чаккхиенгахь «й», «в» долчу адамийн долахьчу цIершкахь,
фамилиешкахь дийриг дуожаран чаккхиенга «с», меттигниг дуожаран
чаккхиенга «га» йаздо: Зулай – Зулайс – Зулайга, Исаев – Исаевс – Исаевга.
§ 50. ЦIерниг дуожариехь мукъаза элп чаккхиенгахь долу цIердешнаш
дагардечуохь, хуттурган суффиксана ий-на хьалха мукъазниг шалхадолу, «ь»
чаккхиенгахь хилахь, иза дIа а долуш, цунна хьалхара мукъазниг шалхадолу.
Масала: охьмаддий, Салманний; председателлий, секретаррий.
§ 51. ЦIерниг дуожарехь деха мукъа аз /а, и, у/ чаккхиенгахь долу
цIердешнаш дагардечуохь, и деха мукъа аз хийца а ца луш, хуттурган
суффикс й тIекхиеташ йаздо.
Масала: Хьавай, абуй; усай, Iийсай; Сайдий, Зайндий.
§ 52. ЦIерниг дуожариехь доца мукъа аз «а» чаккхиенгахь долу цIердешнаш
дагардечуохь, и доца мукъа аз и-ние а доьрзуш, хуттурган суффикс й
тIекхиета.
Масала: Iелий, Вахий; озий, уизий; Зиний, Тамарий.
§ 53. ЦIерниг дуожариехь чаккхиенгахь «ъ» долу цIердешнаш дагардечуохь,
«ъ» элпана тIаьхьа ий суффикс йазйо: Асмаъий, Шаймаъий.
§ 54. Оьрсийн маттиера нохчийн маттие тIеиэцна цIердешнаш родийн
чаккхиенаш я, е йоцуш йаздо.
Масала: конференци, сесси, заседани, совещани, собрани, конституци,
комисси, орфографи, орфоэпи, пунктуаци, ассимиляии, диссимиляци,
метоними.
18
§ 55. Оьрсийн фамилиеш, цIерш, ден цIерш, оьрсийн маттиера тIеиэцна
географин цIерш (хиш, мехкаш, пачхьалкхаш, йарташ, гIаланаш, лаьмнаш),
химин элементийн цIерш оьрсийн орфографиехь ма-йазйарра йазйо нохчийн
маттахь а.
Масала: Николай Алексеевич Островский, Анна Алексеевна Оленина, оссия,
Чехословакия, Эльбрус, Волга, Нева, Семен ихайлович Буденный, еоргий
Константинович Жуков, осква, Алма-Ата, калий, натрий, гелий.
§ 56. Хьалххие вайн маттие тIеиэцна дешнаш вайн маттахь олуш ма-хиллара,
хийцинчу киепара йаздо.
Масала: иту (утюг ца йаздеш), стака, кепиек, минуот, гIомат, пиеш, самар,
виедар, йаьшка.
§ 57. Iилманан терминаш, йукъараллин-политически маьIна долу вайн маттие
тIеиэцна долу дешнаш, родийн чаккхиенаш цайазйар биен, кхин башхуо
йоцуш, оьрсийн орфографиехь санна лард ларйиеш, йаздо нохчийн маттахь а.
Масала: социализм, резолюци, философи, истори, конференци, сесси,
орфографи, морфологи, гармони, постфикс, инфикс, интерфикс,
предложени.
§ 58. ХIуоттаман цIердашиехь тIаьххьара цхьа дуош биен дуожаршца ца
хийцало:
ЦI. Упаева Роза Султанов Хьалим
Дл. Упаева Розин Султанов Хьалиман
Л. Упаева Розина Султанов Хьалимна
Др. Упаева Розас Султанов Хьалима
К. Упаева Розица Султаиов Хьалимца
X. Упаева Розих Султанов Хьалимах
М. Упаева Розига Султанов Хьалиме
Дс. Упаева Розил Султанов Хьалимал
БИЛГАЛДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР
§ 59. Терахьашций, грамматически классашций хийцалуш долу цхьадолу
лаамазчу мухаллин билгалдешнийн нийсайаздар цIердешнашца цара
терахьиехь, классиехь бартбарие хьаьжжина хила диеза.
19
Масала: доккха гIуллакх – даккхий гIуллакхаш; йоккха йурт – йаккхий
йарташ; боккха бахам – баккхий бахамаш; йоккха йуоI – баккхий миехкарий;
воккха стаг – баккхий нах; доккха куор – даккхий куораш; боккха ниекъ –
даккхий ниекъаш; жима тIулг – кегий тIулгаш; беха сара – деха серий;
буткъа сара – дуткъий серий; дуткъа тай – дуткъий тиеш; йуткъа тIийриг
– йуткъий тIиергаш.
§ 60. Доланиг дуожарах кхуолладелла доцучу массуо а билгалдешнийн лач
дуожарехь -чу чаккхие хуьлу.
Масала: жима кIант – жимачу кIентан, йистиера куор – йистиерчу
куориехь, йуьртара хьаша – йуьртарчу хьиешуо, таханлера де – таханлерачу
дийнахь, бертахь доьзал – бертахьчу доьзалуо, йамарт стаг – йамартчу
стага, кхиетамие стаг – кхиетамиечу стага.
§ 61. Чаккхиенгахь мукъаза аз долу цхьана дешдекъах лаьтта мухаллин
билгалдешнаш дуожаршца ца хийцало, цундела уьш лач дуожаршкахь ца
хуьйцуш йаздо.
Масала: ал буос – ал басахь, раз ниекъ – раз ниекъаца, пурх ниекъ – пурх
новкъа, лач дуожар – лач дуожариехь.
§ 62. Хьенан? стиенан? хаттаршна жуоп луш долу лаамаза билгалдешнаш
дуожаршца ца хийцало: вешин костюм, вешин костюмах, аннийн киерт,
аннийн киертах, белхалойн класс, белхалойн классуо, йишин куортали, йишин
куорталинуо.
§ 63. Шина дешдекъах лаьттачу лаамазчу мухаллин билгалдешнийн лач
дуожаршкахь а лардо доца шиекуонан мукъа аз билгалден чаккхиенгара «а».
ЦI. жима кIант йоккха йуоI
Дл. жимачу кIентан йоккхачу йоьIан
Л. жимачу кIантана йоккхачу йуоIана
Др. жимачу кIанта йоккхачу йуоIа
К. жимачу кIантаца йоккхачу йуоIаца
X. жимачу кIантах йоккхачу йуоIах
М. жимачу кIантие йоккхачу йуоIие
Дс. жимачу кIантал йоккхачу йуоIал
§ 64. Шиннал сов дешдакъа долчу лаамаза билгалдешнийн чаккхиенгара «а»
лач дуожаршкахь ца йаздо.
20
Масала: йистиера куор – йистиерчу куораца, йуьртара хьаша – йуьртарчу
хьешуо, кханалера де – кханалерчу диенна, йуккъиера школа – йуккъерчу
школиехь.
Цу бакъуонан буха тIиехь йазйо кхаа йа кхааннал сов дешдекъах лаьтта
причастиеш а: теллина масалш – теллинчу масалша, хаьржина масалш –
хаьржинчу масалша.
§ 65. Лаамиечу билгалдешнийн дуожарийн чаккхиенаш иштта йазйо:
цхьаллин терахьиехь – ниг, чун, чунна, чуо, чуьнца, чух, чуьнга, чул;
дукхаллин терахьиехь – наш, черан, чарна, чара, чаьрца, чарах, чаьрга,
чарал.
Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь
ЦI. диканиг диканаш
Дл. дикачун дикачеран
Л. дикачунна дикачарна
Др. дикачуо дикачара
К. дикачуьнца дикачаьрца
X. дикачух дикачарах
М. дикачуьнга дикачаьрга
Дс. дикачул дикачарал
§ 66. Цхьана дешдекъах лаьттачу мухаллин билгалдешнийн дустаран даржан
суффикс хуо йазйо (гIуо ца йазйиеш).
Масала: кIуон – кIуохуо, цIиен – цIиехуо, кIайхуо, вуохуо, дайхуо, йайхуо.
ТЕРАХЬДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР
§ 67. Лаамие масаллин терахьдуош 1 йаздо, «цхьа» боху орам ларбиеш,
чаккхиенга «ъ» элп дуьллуш: цхьаъ.
Билгалдаккхар. 1. «цхьаъ» боху терахьдешан лиегуош «цхьа» боху орам
хийца ца ло: цхьаъ, цхьаннан, цхьаьнна, цхьамма /ммо/, цхьаьнца,
цхьаннах, цхьаьнга, цхьаннал.
§ 68. Цхьаъ, шиъ, кхоъ, пхиъ бохучу масаллин терахьдешнех цхьалхие
диекъаран терахьдешнаш хуьлуш, чаккхиенгара «ъ» элп дIа а довш,
21
йуьххьиера мукъаза элп шалхадолу чаккхиенгарчу а-на хьалха, цу киепара
уьш ала а, йаздан а диеза.
Масала: цхьаъ – цхьацца, шиъ – шиша, кхоъ – кхоккха, пхиъ – пхиппа.
§ 69. Масаллин терахьдешнаш 40, 60, 80, 100, 1000, 19 кху киепара йаздо:
шовзткъа, кхузткъа, дезткъа, бIе, эзар, ткъоьссана.
§ 70. Масаллин терахьдашах рогIаллин терахьдуош хуьлуш, цуьнан орамиера
мукъа аз хийцадаларан литературин маттахь тIеиэцна вариант и мукъа аз
горгадалар йу: шиъ – шолгIа, диъ – доьалгIа, пхиъ – пхоьалгIа, йалх –
йолхалгIа, бархI – борхIалгIа, исс – уьссалгIа, итт – уьтталгIа, цхьайтта –
цхьойтталгIа, шийтта – шуьйтталгIа, дейтта – доьйтталIа, пхийтта –
пхуьйтталгIа, йалхитта – йалхуьтталгIа, ткъа – ткъолгIа, ткъе цхьаъ –
ткъе цхьолгIа, бIе – бIолгIа.
§ 71. Диъ бохучу терахьдешан чаккхиенгара ъ лаамечу а, лаамазчу а
киепашкахь йаз а до, ала а олу.
Масала: Тхо виъ ву. (лаамие киеп); диъ кор долу цIа (лаамаза киеп).
ЦIЕРМЕТДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР
§ 72. Со, хьо, тхо, шу бохучу яххьийн цIерметдешнийн хуотталург, дустург
дуожарш, ораман мукъа аз ца хуьйцуш, орам ларбиеш, йаздо: сох, сол, хьох,
хьол, тхох, тхол, шух, шул /соьх, соьл, хьоьх, хьоьл, тхоьх, тхоьл, шуьх,
шуьл йаздича, гIалат хир ду/.
§ 73. Шу бохучу цIерметдешан коьчалниг, меттигниг дуожарш, шоьца,
шоьга ца йаздеш, шуьца, шуьга йаздо.
§ 74. Со, хьо, шу бохучу цIерметдешнаш дийриг дуожариехь аса, ахьа, аша
йаздо.
§ 75. Уьш, хIорш, вуьйш, ишттанаш, муханаш, муьлханаш, оццулнаш,
хIоккхулнаш бохучу цIерметдешнийн хуотталург, дустург дуожарш кху
киепара йаздо: царах, царал, кхарах, кхарал, хIокхарах, хIокхарал,
вукхарах, вукхарал, ишттачарах, ишттачарал, мухачарах, мухачарал,
муьлхачарах, муьлхачарал, оццулчарах, оццулчарал, хIоккхулчарах,
22
хIоккхулчарал (царех, царел, кхарех, кхарел, хIокхарел, вукхарех, вукхарел,
ишттачех, ишттачел, ишттачарех, ишттачарел, мухачех, мухачарех,
мухачел, мухачарел, муьлхачех, муьлхачарех, муьлхачел, муьлхачарел,
оццулчех, оццулчарех, оццулчел, оццулчарел, хIоккхулчех, хIоккхулчарех,
хIоккхулчел, хIоккхулчарел йаздар гIалат лору).
§ 76. Шиен хIуоттамиехь берш лард йолу цIерметдешнийн (цхьаберш,
наггахьберш, цхьаццаберш, кхиберш) хуотталург, дустург дуожарийн
аффиксийн нийса киеп иштта йу: чарах, чарал.
§ 77. Дукхаллин терахьан лаамиечу доладиерзуоран цIерметдешнийн
хуотталургг, дустург дуожарийн йазйан магийна чаккхиенаш йу: чарах,
чарал (йазйан ца магийна чех, чарех, чел, чарел боху чаккхиенаш): вайнаш –
вайчарах, вайчарал, тхайнаш – тхайчарах, тхайчарал, и дI. кх. а.
§ 78. Лаамиечу доладиерзуоран цIерметдешнийн цхьаллин терахьан доланиг,
хуотталург, меттигниг дуожарийн чаккхиенаш -чуьнан, -чунах, -че ца
йазйиеш, -чун, -чух, -чуьнга йазйо. Масала: тхайчун, тхайчух, тхайчуьнга,
вайчун, вайчух, вайчуьнга.
§ 79. Лаамиечу доладиерзуоран цIерметдешнийн цхьаллин терахьан
дуожарийн чаккхиенаш кху киепара йазйо: -ниг, -чун, -чунна, -чуо, –
чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул. Церан дукхаллин терахьан дуожарийн
чаккхиенаш иштта йазйо: -наш, -черан, -чарна, -чара, -чаьрца, -чарах, –
чаьрга, -чарал.
Масала: вайниг, вайчун, вайчунна, вайчуо, вайчуьнца, вайчух, вайчуьнга,
вайчул; вайнаш, вайчеран, вайчарна, вайчара, вайчаьрца, вайчарах, вайчаьрга,
вайчарал.
§ 80. Вовшийн, массуо а, дерригие а, вайша /вайшиъ/ бохучу
цIерметдешнийн дуожарийн чаккхиенаш кху киепара йазйо: -ийн, -ашна, –
аша, -ашца, -ех, -ашка, -ел; -еран, -арна, -ара, -аьрца, -арах, -аьрга, -арал;
-нан, -нна, -но, -нца, -нах, -нга, -нал; -ннан, -мма /-ммо/, -нца, -нга, -ннал.
ЦI. массо а дерриге а вайша /вайшиъ
Дл. вовшийн массеран а дерригенан а вайшиннан
Л. вовшашна массарна а дерригенна а вайшинна
Др. вовшаша массара а дерригено а вайшимма (ммо)
К. вовшашца массаьрца а дерригенца а вайшинца
X. вовшех массарах а дерригенах а вайшиннах
23
М. вовшашка массаьрга а дерригенга а вайшннга
Дс. вовшел массарал а дерригенал а вайшиннал
§ 81. Маса? бохучу хаттаран цIерметдешан дуожарийн чаккхиенаш кху
киепара йазйо: -ннан, -нна, -мма /-ммо, -нца, -ннах, -нга, -ннал.
ЦI. маса
Дл. масаннан
Л. масанна
Др. масамма /-ммо
К. масанца
X. масаннах
М. масанга
Дс. масаннал
ХАНДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР
§ 82. Инфинитиван орамиера а карарчу хенахь о-ние а доьрзуш, чаккхиенга у
хIутту.
Масала: ала – олу, аха – оху, ара – ору, ата – оту, лара – лору, хьажа –
хьожу, хатта – хуотту, харжа – хуоржу, харца –хуорцу, хьарса – хьорсу,
лаха – лоху, кхада – кходу, кхарза – кхорзу, хьада – хьоду, вада – воду.
Билгалдаккхар. Инфинитиван орамиера дифтонг ай карарчу хенахь ой-ние
а хийцалуш, чаккхиенга у йаздо.
Масала: гайта – гойту, Iайта – Iойту, лайта – лойту, йайта – йойту,
тайта – тойту, кхайкха – кхойкху.
§ 83. Инфинитиван орамиера ие карарчу хенахь оь-ние а доьрзуш, цуьнан
чаккхиенга у хIутту.
Масала: иеца – оьцу, иеша – оьшу, диеша – доьшу, хьиежа – хьоьжу, хиержа
– хоьржу, хиетта – хоьтту, лиера –лоьру, хиерца – хоьрцу, хьиерса –
хьоьрсу, лиеха – лоьху, кхиерза – кхоьрзу, диеха – доьху, иехьа – оьхьу.
§ 84. Инфинитиван орамиера и (ий) карарчу хенахь уь-ние /уьй-ние/
хийцалуш, цуьнан чаккхиенга у хIутту.
24
Масала: вига – вуьгу, хила – хуьлу, Iилла – Iуьллу, дийца – дуьйцу, хийца –
хуьйцу, кхисса – кхуьссу, кхийса –кхуьйсу /левси/, вийца – вуьйцу, йига – юьгу,
йийца – йуьйцу.
§ 85. Инфинитиван орамиера уо карарчу хенахь у-не йа оь-не хийцалуш,
чаккхиенга у хIутту.
Масала: уоза – узу, хуотта – хутту, хIуотта – хIутту, кхуосса – кхуссу,
вуосса – вуссу, вуола – вулу, кхуола – кхулу, кхуолла – кхуллу, муотта –
моьтту.
§ 86. Инфинитиван орамиера у карарчу хенахь хийца а ца луш, чаккхиенга у
хIутту.
Масала: утIа – угIу, вуза – вузу, йуза – йузу, худа – худу, йула – йулу, йуха –
йуху, дуца – дуцу, йуца – йуцу.
§ 87. Хандешан карарчу хенан орамиехь балдийн мукъа аз (о, уо, оь, ой, ов,
у, уь) хилахь, цуьнан чаккхиенга элп у йаздо.
Масала: олу, боху, доьшу, оьцу, лору, лоьру, хьожу, гойту, хьовсу, хьоьжу,
узу, уьду, юцу, юьлу.
Йукъарадаккхар: Инфинтивиера о карарче хенахь оь-ние доьрзуш делахь,
чаккхиенгахь а йаздо: тоа – тоьа, хоа – хоьа, довза – доьвза, цIовза –
цIоьвза.
§ 88. Инфинитиван орамиера а карарчу хенахь аь-ние йа е (э)-ние хийцалахь,
чаккхиенга а йаздо.
Масала: лаа – лаьа, хаа – хаьа, латта – лаьтта, къаста – къаьста, хьарча –
хьаьрча, хьаа – хьаьа, IаIа – IаьIа, Iама – Iема, Iана – Iена, лала – лела, тарса
– терса, карча – керча, шарша – шерша, мага – мега, хаза – хеза.
§ 89. Инфинитиван орамиера ие карарчу хенахь хийца ца лахь, чаккхиенга а
йаздо.
Масала: тиерса – тиерса, хьиерча – хьиерча, киерча – киерча, хиета – хиета,
къиеста – къиеста, шиерша – шиерша, лиеста – лиеста, къиега – къиега,
къиеда – къиеда.
§ 90. Инфинитиван орамера ий карарчу хенахь хийца ца лахь, чаккхиенга а
йаздо.
Масала: хьийза – хьийза, цIийза – цIийза, сийса – сийса, зийза – зийза, тийжа
– тийжа, кхийда – кхийда.
25
§ 91. Хандешан карарчу хенан орамиехь балдийн доцу мукъа аз (аь, е, э, ие,
ий) хилахь, чаккхиенга элп а йаздо.
Масала: лаьа, хаьа, лаьтта, Iема, Iена, лела, хеза, хьоьвза, хьийза, цIийза,
сийса. къега, къиэга, воьвза, терса, тиэрса.
§ 92. Цхьана дешдекъах лаьттачу а, «до», «ло» боху хандешнаш тIекхиетарца
хиллачу хандешнийн а карарчу хенан чаккхиенга хIуотта тарло а, о, оь, ов.
Масала: Iа, ло, хьо, го, зоь, лоь, хьоь, дов, тоь, тов, лов, хьов, дIасахьов,
йаздо, йазло, кIадло, кIаддо, кIайло, цIийло, шиелло, вуохло, йуохйо, дуохдо.
§ 93. ХIинц-йаханчу хенан чаккхиенаш йазйо: и, ий.
Масала: Iеми, Iамий, керчи, карчий, шерши, шарший, хьаьрчи, хьарчий,
лаьтти, латтий, къаьсти, къастий. И тайпа масалш вовшашца дустаро
церан нийсайаздарх кхиета аьтто бо.
§ 94. Гуш-йаханчу хенан чаккхиенаш йазйо: ира, ийра, йра.
Масала: Iемира, Iамийра, керчира, карчийра, шершира, шаршийра,
хьаьрчира, хьарчийра, лаьттира, латтийра, къаьстира, къастийра, хьаьира,
хьаийра, IаьIира, IаIийра, лайра, тайра, йайра.
§ 95. Йаханчу хенан чаккхиенаш йазйо: ина, ийна, на, ла, да, та, тIа.
Масала: Iемина, Iамийна, керчина, карчийна, лаьттина, латтийна, диешна,
хьаьжна, аьлла, ваьлла, хаьдда, ведда, хьаьдда, летта, йетта, аьтта,
йаьттIа.
Йукъарадолу: вахана, веана.
§ 95. Хьалх-йаханчу хенан чаккхиенаш йазйо: иниера, ийниера, ниера,
тиера, тIиера, лиера, диера.
Масала: Iеминиера, Iамийниера, лаьттиниера, латтийниера, дешниера,
хьаьжниера, веддиера, хьаьддиера, хаьддиера, леттиера, йеттиера,
аьттиера, йаьттIиера.
Йукъарадолу: веаниера.
§ 96. Ихначу хенан чаккхиенаш йазйо: ура, ара, уора.
Масала: вогIура, доьшура, дуьйцура, хезара, Iемара, хиетара, кхиетара,
гуора, луора, хьуора, йаздуора.
26
§ 97. Ихначу хенан чаккхие ура йазйо, цуьнан орамиехь балдийн мукъаниг (о,
оь, ой, ов, у, уь) хилахь.
Масала: бохура, доьшура, вогIура, гойтура, узура, уьдура, хьовсура, къовсура,
ловзура, йуцура, йуьлура, йуьйлура, Iойтура.
Йукъарадаккхар: Инфинтивиера о ихначу хенахь оь-ние доьрзуш делахь,
чаккхие ара йазйо: хьоьвзара, воьвзара.
§ 98. Ихначу хенан чаккхие ара йазйо, нагахь цуьнан орамиехь балдийн доцу
мукъаниг (аь, е, иэ, ий) хилахь.
Масала: лаьттара, къаьстара, Iемара, хезара, къегара, къиегара, терсара,
тиерсара, хьийзара, цIийзара.
§ 99. Гуш-йахана хан хIинц-йаханчух, хьалх-йаханарг йахана йаьллачух,
йогIу хан, ихна хан карарчу хенах хуьлуш йу. Цу хенийн нийсайазйар церан
вовшиех кхоллайаларе хьаьжжина ду.
Масала: хаьржи – хаьржира, хаьржина – хаьржиниера, хоржу – хоржур,
хоржур йу, хоржура; дийши – дийшира, диешна – диешнера, доьшу – доьшур,
доьшур ду, доьшура.
§ 100. Хандешан карарчу хенан чаккхиенгара дифтонг ов хIинц-йаханчуй,
гуш-йаханчуй, йаханчуй, хьалх-йаханчуй хенашкахь ай-ние йоьрзу: тов –
тайн, тайра, тайна, тайниера; лов – лайн, лайра, лайна, лайниера; йов –
йайн, йайра, йайна, йайниера; дов – дайн, дайра, дайна, дайниера.
§ 101. Цхьана дешдекъах лаьтташ долчу хандешан инфинитиван орамиера ие
карарчу хенахь оь-ние а доьрзуш, йогIучу хенахь уьй-ние хийцало. Масала:
зиен – зоь – зуьйр, зуьйр ду; тиен – тоь – туьйр, туьйр ду; лиен – лоь – луьйр,
луьйр йу.
§ 102. Цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн инфинитиван орамиера деха
а карарчу хенахь ов-ние хийцало.
Масала: лан – лов, тан – тов, дан – дов, йан – йов, ван – вов.
§ 103. Карарчу хенахь чаккхиенгахь о долу цхьана дешдекъах лаьтта
хандешнаш, иштта карарчу хенан чаккхиенгахь ло долу хандешнаш йогIучу
хение хуьйцуш, чаккхиенгара о у-ние доьрзу.
Масала: ло – лур ду, йуохло – йохлур йу, го – гур ву, шиелло – шиеллур йу,
хьагло – хьаглур йу, мацло – мацлур йу, кIадло – кIадлур ву, цIийло – цIийлур
ву.
27
§ 104. Карарчу хенахь чаккхиенгахь а долу цхьана дешдекъах лаьтта
хандешнаш, иштта карарчу хенан чаккхиенгахь до долу хандешнаш йогIучу
хение хуьйцуш, чаккхиенгара мукъа аз ий-ние доьрзу, хила мега хенан киеп
кхуллуш – ие-ние доьрзу.
Масала: йаздо – йаздиер – йаздийр ду, до – диер – дийр ду, шиелво – шиелвиер
– шиелвийр ву, йо – йиер – йийр йу, шиелйо – шиелйиер – шиелйийр йу, Iа –
Iиер – Iийр ву, IадъIа – IадъIиер – IадъIийр ву, йуохйо – йуохйиер – йохйийр
йу, бо – биер – бийр бу, кIадво – кIадвиер – кIадвийр ву, во – виер – вийр ву.
§ 105. ХIинц йаханчу хенах гуш йахана хан хуьлу -ра тIекхиетарца: эли –
элира, эхи – эхира, йазди – йаздира, хьаьжи – хьаьжира, хези – хезира, Iеми –
Iемира, дийши – дийшира, гайти – гайтира.
§ 106. Йахана йаьллачу хенах хьалх йахана хан хуьлу, чаккхиенгарчу а-нан
метта иера хIуттуш: аьлла – аьллиера, хьаьжна – хьаьжниера, ваьхна –
ваьхниера, лерина – лериниера, аьхна – аьхниера, Iемина – Iеминиера,
Iамийна – Iамийниера.
§ 107. Хандешан ихна хан карарчу хенах хуьлу ра суффикс тIекхиетарца.
Масала: вогIу – вогIура, дуьйцу – дуьйцура, доьшу – доьшура, дуцу – дуцура,
гойту – гойтура, вуьгу – вуьгура, йуцу – йуцура, йуьлу – йуьлура, лаьтта –
лаьттара, хеза – хезара, хьийза – хьийзара, терса – терсара, тиерса –
тиерсара, го – гуора, йаздо – йаздуора, шиелло – шиеллора, йуохло –
йуохлуора, хьагло – хьаглуора, мацло – мацлуора, кIадло – кIадлуора.
§ 108. Хандешан ораман чаккхиенгара л, д, т, тI аьзнаш йахана йаьллачу
хенан а, хьалха йаханчу хенан а киепашкахь шалхадовлу.
Масала: аьлла – аьллиера, йаьлла – йаьллиера, ведда – веддиера, йедда –
йеддиера, хаьдда – хаьддиера, хьаьдда – хьаьддиера, летта – леттиера,
даьттIа – даьттIиера, аьтта – аьттиера, йетта – йеттиера, йаьтта –
йаьттиера, кхиетта – кхиеттиера.
ПРИЧАСТИЙН, ДЕЙЕПРИЧАСТИЙН ЙАЗЙАРАН БАКЪУОНАШ
§ 109. Причастин, дейепричастин карарчу хенан орамиехь балдийн мукъа аз
(о, оь, ой, ов, у, уь, уьй,) хилахь, причастиехь -у, -ург (-урш),
дейепричастехь -уш суффиксаш йазйо:
28
оху латта – охург – охурш – охуш
доьшу кIант – доьшург – доьшурш – доьшуш
гойту книга – гойтург – гойтурш – гойтуш
хьовсу книга – хьовсург – хьовсурш – хьовсуш
хьожу книга – хьожург – хьожуш
худу хи – худург – худурш – худуш
уьду бекъа – уьдург – уьдурш – уьдуш
йуцу киерт – йуцург – йуцурш – йуцуш
йуьлу мача – йуьлург – йуьлурш – йуьлуш
йуьйцу книга – йуьйцург (йуьйцурш) – йуьйцуш
дуьйцу туьйра – дуьйцург (дуьйцурш) – дуьйцуш
Билгалдаккар. Инфинитивиехь о аз а долуш, карарчу хенахь и оь-ние дирзина
делахь, причастиехь -а, -арг (-арш), дейепричастиехь -аш суффиксаш йазйо:
хьоьвза, хьоьвзарг, хьоьвзаш.
§ 110. Причастин, дейепричастин карарчу хенан орамиехь балдийн доцу
мукъа аз (аь, е, иэ, ий) хилахь, церан хIара суффиксаш йазйо: -а, -арг, -арш,
-аш:
лаьтта стаг – лаьттарг (-арш) – лаьтташ
хеза дуош – хезарг (арш) – хезаш
терса говр – терсарг (арш) – терсаш
тиерса говр – тиерсарг (арш) – тиэрсаш
хьоьвза хьиер – хьоьвзарг (арш) – хьоьвзаш
воьвза стаг – воьвзарг (арш) – боьвзарш – воьвзаш (боьвзаш)
хьийза хьиер – хьийзарг – хьийзаш
§ 111. Причастин, дейепричастин йаханчу хенан суффиксаш йазйо: -ина, –
ийна, -на, -ла, -да, -та, -тIа, -инарг, -ийнарг, -нарг, -ларг, -дарг, -тарг, –
тIарг:
Iемина хIума – Iеминарг – Iемина веана
Iамийна диешар – Iамийнарг – Iамийна веана
диешна киехат – диешнарг – диешна веана
аьлла дуош – аьлларг – аьлла веана
йедда бекъа – йеддарг – йедда йеана
йетта шура – йеттарг – йетта (йата а йетта)
йаьттIа коч – йаьттIарг – йаьттIа (йатIа а йаьттIа)
29
§ 112. Карарчу хенан чаккхиенгахь во, йо, до, бо дешдакъош долчу чолхиечу
хандешниех хиллачу лаамазчу причастиешкахь и дешдакъош йаздо вен, ен,
ден, бен, ткъа дейепричастиешкахь суффикс йиеш йазйо:
урх йацйо – йацйен урх – йацйиеш
буолх кхочушбо – кхочушбен буолх – кхочушбиеш
малхуо вуохво – вуохвен кIант – вуохвиеш
§ 113. Лаамазчу причастийн карарчу хенан и дакъуош лаамечу формиехь
вийриг, йийриг, дийриг, бийриг олий йаздо:
йацйен урх –йацйийриг
кхочушбен болх – кхочушбийриг
вуохвен кIант – вуохвийриг
кхочушден гIуллакх – кхочушдийриг
§ 114. Карарчу хенан чаккхиенгахь ло боху дешдакъа долчу чолхиечу
хандашах хилла причасти, цIерниг дуожаран чаккхиенгахь лун, лург,
дейепричасти луш боху дакъуош долуш йазйо:
вуохло – вуохлун – вуохлург – вуохлуш
шиелло – шиеллун – шиеллург – шеллуш
сихло – сихлун – сихлург – сихлуш
чIагIло – чIагIлун – чIагIлург – чIагIлуш
§ 115. Йозаниехь билгалдуош, причасти вовшиех къастуош, билгалдашиехь
доца шиекуонан мукъаниг а, карарчу хенан причастиехь у йаздо:
лоха – лоханиг; лоху – лохург
луьста – луьстаниг; луьсту – луьстург
чIогIа – чIогIаниг; чIогIу – чIогIург
§116. Лаамиечу причастийн дуожарийн чаккхиенаш цхьаллин терахьиехь рг,
чун, чунна, чуо, чуьнца, чух, чуьнга, чул, дукхаллин терахьиехь рш,
черан, чарна, чара, чаьрца, чарах, чаьрга, чарал йазйо.
Масала:
ЦI. вогIург диешнарш
Дл. вогIучун диешначеран
Л. вогIучунна диешначарна
Др. вогIучуо диешначара
К. вогIучуьнца диешначаьрца
X. вогIучух диешначарах
М. вогIучуьнга диешначаьрга
30
Дс. вогIучул диешначарал
§ 117. Йаханчу хенан хандашах хиллачу куцдашиехь, шолгIачу дешдекъиера
мукъазниг шалха йаздо.
Масала:
лерина – леррина
лахьийна – лаххьийна
хьарчийна – хьарччийна
къоьвлина – къоьвллина
ластийна – ласттийна
харцийна – харццийна
къаьстина – къаьсттина
тешийтина – тешшийтина
§ 118. Дейепричастиех -иехь суффиксан гIоьнца кхоллалуш йолу хенан
латтаман киепашкахь ормиера мукъаза элп шалхадолу: доьшшушехь,
диешшнашиехь. Нагахь дейепричастин лардиехь йух-йуххиехь мукъа ши элп
делахь (хууш, дууш), латтаман киеп кхуллуш, -ушиехь, -нашиехь
суффиксашна хьалха ъ элп йаздо: хьаа – хьаьаш, хьаьъна – хьаьъашиехь,
хьаьънашиехь; тоа – тоьаш, тоьъна – тоьъашиехь, тоьънашиехь.
карарчу хенан киеп йаханчу хенан киеп
хуъушехь хиънашехь
луъушехь лиънашехь
оллушехь аьллашехь
дуьйццушехь дийцциншехь
§ 119. Йаханчу хенан хандашах хиллачу хандешан латтаман киепиехь
суффикс, чи ца йазйиеш, ча йазйо.
аьлла – аьлча (наггахь олу: аьлчахь)
хезна – хезча (наггахь олу: хезчахь)
йаздина – йаздича (наггахь олу: йаздичахь)
Iемина – Iемича (наггахь олу: Iемичахь)
дийцина–дийцича (наггахь олу: дийцичахь)
хаьттина – хаьттича (наггахь олу: хаьттичахь)
хьаьжна – хьаьжча (наггахь олу: хьаьжчахь)
31
ХОЬТТИНА А, КЪАЬСТИНА А, ДЕФИСЦА А ЙАЗДАР
Чолхиечу цIердешнийн нийсайаздар
§ 120. Керла цхьа маьIна а долуш, шина йа масиех орамах кхуолладелла
чолхие дешнаш цхьаьна йаздо: жаIу, зудабиер, йукъаметтиг, марда,
марнана, марйиша, марваша, стунда, стуннана, стунваша, стунйиша,
малхбалие, малхбузие, къилбсиедие, къинхиетам, къинхьиегам, буобиер,
шагатIулг, къинхьиегамхуо, дегабаам, дагалацам, дагахьбаллам, цхьалгу,
шалгу, кхалгу, кIантстаг, йуоIстаг, уозабиезам, тешнабиехк, мехкадаьтта,
Даймуохк, иллиалархуо, даьхнилиелуорхуо, хьелийъуозархуо, бочабIар,
цIоькъалом.
§ 121. ЦIердуошший, лаамие причастий цхьаьнакхиетарца кхуолладелла,
цхьана лерринчу цIарна лиелуош долу чолхие цIердешнаш цхьаьна йаздо.
Масала: чIерийлоьцург (олхазар), амма: чIерийлецархо (стаг), босбуург,
хидуьллург (тIадам), чимтосург, шекъадуттург, шекардуьллург,
туьхадуьллург, хIутосург, йолхьокхург, кIаорург, тIобоккхург,
кIалдйоккхург, чермадузург, юкъанайуьллург.
§ 122. Цхьаьна лиелуочу шина лардах шинна а киеп хийцалуш йелахь, уьш
къаьстина йазйо, шолгIа (наггахь хьалхара) цхьа дакъий биен ца хийцалахь,
цхьаьна йаздо.
Масала: уьнан коржам – аннийн коржамаш, дегабаам – дегабаамаш, коран
рама – корийн романаш, жаIу – жаIуй, сара туху – серий детта, сатуху –
садетта, кехат тосу – кехаташ туьйсу, сатосу – сатуьйсу.
§ 123. ХIуманна керла цIе а луш, иза билгалйиеш, цунна йуххиехIутту
йуххиедиллар дефисца йаздо.
Масала: зуда-хьиехархо, чабакх-чIара, йай-чIара, нана-куотам, йуоI-
диешархуо, буц-аре, нана-буорз.
§ 124. Шишша цхьаьна лиела цIердешнаш дефисца йаздо.
Масала: да-нана (да а, нана а), коч-хеча (коч а, хеча а), кад-Iайг (кад а, Iайг
а), тай-маха (тай а, маха а), тиекх-цаца (тиекх а, цаца а), куог-куорта (куог
а, куорта а), мох-дарц (мох а, дарц а) кIант-йуоI (кIант а, йуоI а).
32
§ 125. Цхьа хIума билгалйиеш йолу чолхие долахь цIерш дефисца йазйо, ший
а дакъа доккхачу элпаца а йазйиеш.
Масала: уохьмад-СаIид, Сайд- уохьмад, Сайд-Iусман, Тимар-Суолта,
Iабдул-Керим, Iелин-Йурт, Ножин-Йурт, Селам-Суолта.
§ 126. Цхьана дешан маьIна а долуш, цхьаьнакхиеттачу шина цIардашах
хилла чолхие цIердешнаш дефисца йаздо.
Масала: инарла-майор (генерал-майор), инарла-лейтенант (генерал-
лейтенант), инарла-полковник (генерал-полковник), премьер-министр, вице-
президент (лиегариехь шолгIа цIердуош биен ца хийцало: инарла-майора,
инарла-лейтенанта).
Билгалдаккхар: 1. Цхьа лард йацйиеш кхуолладелла чолхие дешнаш хоьттина
йаздо: билгалдуош, цIердуош, куцдуош, дешдакъа.
2. Доланиг дуожаран а, цIерниг дуожаран а киепашкахь цIердешнаш
цхьаьнакхиетарца кхуолладелла чолхие цIердешнаш хоьттина йаздо:
дегабаам, дегайовхо, цIнйнада, цIийнанана, шедакхаж, дейиша, денана,
деваша.
Чолхиечу билгалдешнийн нийсайаздар
§ 127. Чолхиечу цIердашах е суффиксан гIоьнца хилла чолхие билгалдуош
цхьаьна йаздо.
Масала: синкъерам – синкъераме стаг, сингаттам – сингаттаме хIума,
синтем – синтеме стаг.
§ 128. Терахьдуош, цIердуош цхьаьнакхиетарх хилла чолхие билгалдуош
цхьаьна йаздо.
Масала: пхеашеран план, ворхIшеран план, бархIшеран школа,
цхьайтташеран школа.
§ 129. Доланиг дуожарх хилла шишша йа кхоккха цхьаьналиела чолхие
билгалдешнаш дефисца йаздо.
Масала: нохчийн-оьрсийн словарь, оьрсийн-нохчийн словарь, нохчийн-
гIалгIайн-оьрсийн словарь.
§ 130. Мухаллин билгалдешнийн масиех лардах лаьтташ долу чолхие
билгалдешнаш дефисца йаздо:
цIиен-къуорза (цIиен а, къуорза а)
33
йуткъа-йеха (йуткъа а, йеха а; йуткъа йа йеха)
цIиен-гуорга (цIиен а, гуорга а)
лоха-лекха (лоха а, лекха а)
тиша-цIена (тиша а, цIена а)
дика-вуон (дика йа вуон)
сирла-цIиен (сирла а, цIиен а)
таьIна-цIиен (таьIна а, цIиен а)
цIиен-расха (цIиен а, расха а)
таьIна-цIиен-можа (таьIна а, цIиен а, можа а)
таьIна-боьмаша (таьIна а, боьмаша а)
кIеда-миерза (кIеда а, миерза а)
шурула-кIайн (шура санна кIайн)
кIарула-Iаьржа (кIора санна Iаьржа)
цIарула-цIен (цIе санна цIиен)
барула-можа (буьйра санна можа)
бела-баьццара (бай санна баьццара)
лилула-сийна (лила санна сийна)
§ 131. Дуош карладаккхарца кхуолладелла чолхие билгалдешнаш дефисца
йаздо.
Масала:
дик-диканиг (дик-дика)
хаз-хазаниг (хаз-хаза)
жим-жиманиг (жим-жима)
лекх-лекханиг (лекх-лекха)
лох-лоханиг (лох-лоха)
керл-керланиг (керл-керла)
йокх-йоккханиг (йокх-йоккха)
§ 132. ЦIердуош, масдар цхьаьнакхиетарца кхуолладелла чолхие билгалдуош
цхьаьна йаздо.
Масала: даьхнилелуоран совхоз, хасстоьмашлиелуоран бригада,
уьстагIийлиелуоран ферма, эсийлиелуоран ферма.
§ 133. ЦIердуош, билгалдуош цхьаьнакхиетарх хилла чолхие билгалдуош
хоьттина йаздо.
Масала: дуогцIена стаг – дуогцIенаниг, дуогдика адам – дуогдиканиг,
дуогмайра иччархуо – дуогмайраниг.
34
Билгалдаккхар: Цхьадолчу чолхиечу билгалдешниех чолхие цIердешнаш
кхуолладала а тарло лл, хо бохучу суффиксийн гIоьнца.
Масала:
дуогцIена – дуогцIеналла
дуогдика – дуогдикалла
даьхнилиелуоран – даьхнилиелуорхуо
стоьмашлиелуоран – стоьмашлиелуорхуо
хасстоьмашлиелуоран – хасстоьмашлиелуорхуо
Чолхиечу терахьдешнийн нийсайаздар
§ 134. Чолхие диекъаран терахьдешнаш дефисца йаздо.
Масала: диъ-диъ тетрадь, виъ-виъ стаг, йиъ-йиъ книга, биъ-биъ къолам,
йалх-йалх диешархуо, ворхI-ворхI учебник, исс-исс могIа, вуьр-вуьрхIитта,
бер-берхIитта.
Билгалдаккхар: 1. Диъ а, йалхана тIиера иттана тIе кхаччалц долу масаллин
терахьдешнаш диекъаран терахьдешнашка диерзуош, дийнна дешнаш
шалхадовлу. Уьш дефисца йаздо: диъ-диъ, йалх-йалх, ворхI-ворхI, бархI-
бархI, исс-исс, итт-итт.
2. Цхьаттана тIиера берхIиттана тIе кхаччалц долу терахьдешнаш а,
ткъаннаш дагардиеш долу шовзткъа, кхузткъа, дезткъа боху терахьдешнаш
а диекъаран терахьдешнашка диерзуош, хьалхара орам шалха а болуш,
дефисца йаздо: цхьай-цхьайтта, ший-шийтта, кхой-кхойтта, дей-дейтта,
пхий-пхийтта, йал-йалхитта, вуьр-вуьрхIитта, бер-берхIитта, ткъоьс-
ткъоьссана, шов-шовзткъа, кху-кхузткъа, де-дезткъа.
§ 135. Чолхие билгалза-масаллин терахьдешнаш дефисца йаздо.
Масала: цхьа-ши стаг – цхьа-шиъ, кхо-виъ кIант, пхи-ялх, иисс-итт, ши-кхо
кор – ши-кхоъ.
§ 136. Цхьайттана тIеиера берхIитта тIе кхаччалц долчу чолхиечу масаллин
терахьдешнийн ши орам цхьаьнакхиетачуохь, хьалхарчу ораман
чаккхиенгарчу мукъачу элпана тIиехьа йтта, мукъазчунна тIиехьа итта
йаздо.
Масала: цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта, ялхитта,
вуьрхIитта, берхIитта.
§ 137. Чолхие масаллин терахьдуош 19 кху киепара йаздо: ткъоьссана.
35
§ 138. ХIуоттаман терахьдашна йукъахь йолу хIора лард а къаьстина йазйо.
Масала: ткъе цхьаъ, эзар ворхI бIе ткъе йалх.
Билгалдаккхар. 1. Ах (эха) боху терахьдуош шеца долчу цIердашах
къаьстина йаздо: ах хорбаз, ах агIо, ах юрт, ах керт, ах дакъа, ах километр,
ах мах, эха мехах. 2. Шех цхьана хIуманан цхьа цIе хуьлучу цIердашехь ах
(эха) боху терахьдуош цхьаьна йаздо. Масала: ахгIайре, ахколони, Эхабарзе,
ахсом.
Чолхиечу цIерметдешнийн нийсайаздар
§ 139. Чолхие диерзуоран цIерметдешнаш дефисца йаздо.
Масала: со-суо, хьо-хьуо, и-ша, тхо-тхаьш, вай-ваьш, шу-шаьш, уьш-шаьш.
§ 140. Диерзуоран-доладиерзуоран цIерметдешнаш дефисца йаздо.
Масала: сан-сайн – сан-сайниг, хьан-хьайн – хьан-хьайниг, цуьнан-шиен –
цуьнан-шениг, тхан-тхешан – тхан-тхешаниг, вайн-вешан – вайн-вешаниг,
шун-шайн – шун-шайниг, церан-шайн – церан-шайниг, кхуьнан-шиен –
кхуьнан-шиениг, кхеран-шайн – кхеран-шайниг.
§ 141. Даран-диерзуоран цIерметдешнаш дефисца йаздо.
I юьхь II юьхь III юьхь
ЦI. айса-со айхьа-хьо –
Дл. айса-сайн айхьа-хьайн ша-шен
Л. айса-сайна айхьа-хьайна ша-шена
Др. – – –
К. айса-сайца айхьа-хьайца ша-шеца
X. айса-сайх айхьа-хьайх ша-шех
М. айса-сайга айхьа-хьайга ша-шега
Дс. айса-сайл айхьа-хьайл ша-шел
§ 142. МаьIна чIагIдиеш олуш долу чолхие дацаран цIерметдуош кху киепара
дефисца йаздо: цхьан-цхьаъ.
§ 143. Муьлх-муьлхха а, мил-милла а боху къастаман цIерметдешнаш
дефисца йаздо: муьлх-муьлхха а, муьлх-муьлххачун а, муьлх-муьлххачунна а,
муьлх-муьлххачуо а, муьлх-муьлххачуьнца а, муьлх-муьлххачух а, муьлх-
муьлххачуьнга а, муьлх-муьлххачул а; мил-милла а, хьен-хьеннан а, хьан-
36
хьанна а, хьаъ-хьаъа а, хьаьнц-хьаьнца а, хьан-хьаннах а, хьаьнг-хьаьнга а,
хьан-хьаннал а.
§ 144. Ша-ша, шаьш-шаьш боху цIерметдешнаш дефисца йаздо.
Масала:
Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь
ЦI. ша-ша шаьш-шаьш
Дл. шен-шен шайн-шайн
Л. шен-шена шайн-шайна
Др. ша-ша шаьш-шаьш
К. шец-шеца шайц-шайца
X. шех-шех шайх-шайх
М. шег-шега шайг-шайга
Дс. шел-шел шайл-шайл
§ 145. ХIара чолхие цIерметдешнаш цхьаьна йаздо: цхьаволу – цхьаверг,
цхьаццаволу – цхьаццаверг, кхиволу – кхиверг, наггахьволу – наггахьверг.
Чолхиечу хандешнийн нийсайаздар
§ 146. Чолхие хандешнаш даима а хоьттина йаздо. Уьш йалх киепара ду:
1) даран чолхие хандешнаш: йаздо, йаздина; Iамадо, къастадо; сихдо,
сихдина; цIийдо, цIийдина; кIайдо, кIайдина; самайаьккхина, карлайоккху,
карлайаьккхина, самсадаьккхина (дийриг дуожар лоху: аса йаздо);
2) хиларан чолхие хандешнаш: гамхделла, лахделла, жимделла; самайолу,
самайаьлла; серлайолу, серлайаьлла; самсайолу, самсайаьлла (цIерниг
дуожар лоху: латта самсадолу);
3) диерзуоран чолхие хандешнаш: кIайло, цIийло, Iаржло, сиенло, макхло,
мажло, кIадло, гIелло, жимло, хьабло (цIерниг дуожар лоху: буьйса Iаржло);
4) таруонан чолхие хандешнаш: дийцало, диешало, алало, ахкало, йазло,
харжало, диерзало, дитало, лакхало (меттигниг дуожар лоху: соьга алало);
5) хьадаран (пурбанан-тIедуожаран) чолхие хандешнаш: йаздойту,
йаздайтина; кIадвойту, кIадвайтина; шиелвойту, шиелвайтина; вуохвойту,
вуохвайтина; жимйойту, жимйайтина; шиелйолуьйту, шиелйалийтина,
йуохйолуьйту, йуохйалийтина (дийриг дуожар лоху: аса йаздойту);
6) хаадаларан чолхие хандешнаш: хаало, хааделла; хиетало, хиетаделла,
муоттало, муоттаделла; марзло, марзделла; хазло, хазделла, виезало,
виезавелла (лург дожар лоху; суна хаало).
37
Чолхиечу причастийн, дейепричастийн нийсайазйар
§ 147. Орам карлабоккхуш кхоллайелла чолхие причастиеш дефисца йазйо.
Масала: йазйин-йинарг, йиеш-йиешнарг, гин-гинарг, аьл-аьлларг, хез-хезарг,
хез-хезнарг, соц-соцург, сец-сецнарг, хьож-хьожург, хьаьж-хьаьжнарг, мег-
мегарг, мег-мегнарг.
§ 148. Дар йа хилар сихха ца хуьлуш, хан йуккъиейулуш хилар гойтуш,
маьIна чIагIдиеш, суффиксан уозуош олуш долу мукъа аз у йа а билгалден
элпаш йуккъие дефис а йуьллуш, шала йаздо.
Масала: дуьйцу-уш, Iема-аш, соьцу-уш.
§ 149. Дуош карладоккхуш а, чIагIдаран маьIница а кхуоллайелла чолхие
дейепричастиеш, шинхьа дефис йуьллуш йазйо.
Масала: соц-соцу-уш, Iем-Iема-аш, лох-лоху-уш, хорж-хоржу-уш, хьож-
хьожу-уш, юьл-йуьллу-уш, хез-хеза-аш.
§ 150. Йалхие а тайпанарчу чолхиечу хандешниех хилла чолхие причастиеш,
дейепричастиеш хоьттина йазйо.
Масала:
1) йаздо – йаздийриг – йаздеш; йаздина – йаздинарг – йаздина;
2) самайолу – самайериг – самайолуш; самайаьлла – самайаьлларг – сама-
йаьлла;
3) цIийло – цIийлург – цIийлуш; цIийелла – цIийелларг – цIийелла;
4) дийцало – дийцалург – дийцалуш; дийцаделла – дийцаделларг – дий-
цаделла;
5) йаздойту – йаздойтург – йаздойтуш; йаздайтина – йаздайтинарг – йаз-
дайтина;
6) хаало – хаалург – хаалуш; хааделла – хааделларг – хааделла.
§ 151. Шина орамах лаьтташ долчу а, шена чуохь дешхьалхие йолчу а
хандешнашкахь йа царах хиллачу дейепричастиешкахь, причастиешкахь
дешхьалхиенний, орамний йа шина орамна йуккъие дацаран дакъалг ца йа
чIагIдаран дакъалг а хIуттуш хилахь, уьш къаьстина йаздо.
Масала:
дIадоьллу – дIа ца доьллу – дIа ца доьллуш; дIа а доьллуш;
йаз ца до /ца йаздо – йаз ца диеш / ца йаздиеш; йаз а дина;
хаало – хаа ца ло /ца хаало – хаа ца луш /ца хаалуш; хаа а луш.
38
§ 152. Хандешан билгалчу саттаман шатайпанара резахиларан-тоамбаран
киеп кхуоллало шиена боху диерзуоран цIерметдуош тIекхиетарца. Иза
йацйинчу киепаца дефисца, йуьззинчу киепаца къаьстина йаздо.
Масала:
соцунд-шиена – соцудай шиена
олунд-шиена – олудай шиена
доьшунд-шиена – доьшудай шиена
хезанд-шиена – хезадай шиена
йаздиенд-шиена – йаздедай шиена
дуьйцунд-шиена – дуьйцудай шиена
§ 153. Чуохь, чуьра боху меттиган суффиксаш хандашца хоьттина йазйо.
Масала: доьшучуохь, доьшучуьра, диешначуохь, диешначуьра, вогIучуохь,
вогIучуьра, лаьттачуохь, лаьттачуьра, веанчуохь, веанчуьра, хезачуохь,
хезачуьра.
Чолхиечу куцдешнийн нийсайаздар
§ 154. Дуош карладоккхуш кхуолладелла чолхие куцдешнаш дефисца йаздо.
Масала: сар-сарахь, шар-шарахь, кест-кеста, йух-йуха, йукъ-йукъа, тIаьхь-
тIаьхьа, тайп-тайпана (дуьйцу), бес-бесара (олу), дукхие-дукха.
§ 155. Азтардаран айдардашах хилла дуош карладолуш кхуолладелла
мухаллин куцдуош дефисца йаздо.
Масала: гап-гиппиехь, дап-диппиехь, кIарс-кIирссиехь / кIарс-кIирсниехь, лап-
липпиехь / лап-липниехь, къарш-къиршшиехь.
§ 156. Цхьа боху дуош тIекхиетарца кхуолладелла чолхие куцдешнаш
хоьттина йаздо.
Масала: цхьажимма, цхьакIеззиг, цхьабосса, цхьанаггахь, цхьатера.
§ 157. Аьлла боху дуош тIекхиетарца кхуолладелла чолхие куцдешнаш
дефисца йаздо. Масала: тIоф-аьлла дIатилира, тап-аьлла дIайайра, парт-
аьлла хьалаиккхира, гап-аьлла, дап-аьлла, тIох-аьлла.
§ 158. Кхушара, шиехеннахь, цундела боху чолхие куцдешнаш цхьаьна
йаздо.
Билгалдаккхар. Муьлхачу шарахь? боху хаттар хIоттош хилахь, иза
къаьстина йаздо.
39
Масала: муьлхачу шарахь? – кху шарахь (цу шарахь, хIокху шарахь, вукху
шарахь, оцу шарахь), амма: маца? – кхушара.
§ 159. ЦIердуош а, мукъаза элп шалхадолуш тIекхиета хандешан киеп а
цхьаьнакхиетарх хилла чолхие куцдешнаш дефисца йаздо.
Масала: куог-хиецца, бIаьрг-хIоьттина, лерг-таIIийна, нуй-хьаьккхина,
нуйхьаьккха.
§ 160. Мукъаза элп шалхадолуш долу хандуош а, куцдуош а цхьаьнакхиетарх
хилла хIара чолхие куцдуош дефисца йаздо: дедда-юкъа. Юкъа-кара боху
куцдуош а дефисца йаздо.
§ 161. Масдар а, хьама боху Iалашуонан суффикс а цхьаьнакхиетарца хилла
хандешан латтаман киеп хоьттина йазйо.
Масала: хьажархьама, алархьама, хаархьама, дийцархьама,
хиетийтархьама, муоттийтархьама, тиешуорхьама, тиешийтархьама.
§ 162. Доланиг дуожаран масдарца дуьхьа боху дештIаьхьие къаьстина
йазйо.
Масала: хьажаран дуьхьа, аларан дуьхьа, хааран дуьхьа, дийцаран дуьхьа,
хетийтаран дуьхьа.
Дешхьалхиенийн а, дештIаьхьиенийн а нийсайазйар
§ 163. Дешхьалхие дештIаьхьиенах къастуо хаа диеза. Дешхьалхие дешан
дакъа биен дац, цундела иза цхьаьна йазйо.
Масала: Хи чудоьжна (гамхделла, лахделла, жимделла). ЙоIа меллаша кор
дIадиллира. СхьавогIучу диешархуочуо, шиегахьа схьауозуош, ниеI
схьайиллира.
§ 164. ДештIаьхьие къамиелан дакъа ду, шакъаьсттина дуош ду, цундела иза
къаьстина йазйо.
Масала: Хи чу доьжна киехатах дина жима киема. Биешарчу дитташ
тIиехь олхазарш диека. Iуьйранна баца тIе диллина тхи дара. Класса чуохь
тийна дара. уизас шиен книгаш шкафа чу йехкира.
§ 165. Нагахь дешхьалхие хандашна тIиехьа нислахь, иза къаьстина йазйо.
Масала: вола чу, эца схьа, йилла дIа.
40
Дешхьалхие къаьстина йазйо, нагахь цунний, орамний йккъие дакъалгаш ца,
ма, а нислахь: схьаоьцу – схьа ца оьцу, схьаэца – схьа ма эца, схьа а эца, схьа
а эцна.
Хуттургийн нийсайазйар
§ 166. Предложениехь хуттургаш кхиечу дешниех къаьстина йазйо.
Масала: Хьава а, Зайнап а, оза а школие йахара. Бацалахь лиепара цIиен а,
сийна а, можа а зиезагаш.
§ 167. А бохучу дуозаран хуттурган метта лиэла хуттурган суффикс й /ий
цхьаьна йазйо.
Масала: Хьавай, Зайнаппий, озий Iуьйранна институтие йахара.
БIаьстиенан баца йукъахь лиепара цIией, сийний, можий зиезагаш.
§ 168. ХIуоттаман хуттургийн дакъуош къаьстина йаздо.
Масала: нагахь санна, хIунда аьлча, аьлча а, делахь а, хIеттие а.
§ 169. Чолхие дуьхьалара хуттургаш бакъду, цхьабакъду (амма бохучу
хуттурган маьIнехь) хоьттина йазйо.
Масала: Арахь йекхна йара, бакъду йовха йацара.
Билгалдаккхар. Цунах цIеран хIуоттаман сказуеми хуьлучу меттиехь иза
ши дуош хуьлий дIахIутту – цIеран дакъий, хуоттаммий.
Масала: Ахьмада бохург бакъ ду.
Дакъалгийн нийсайаздар
§ 170. Хаттаран дакъалгаш тие, тиехьа, тиеша, ткъа, хIан хандешнашца
къаьстина йаздо.
Масала: аьллий тие? хезний тиехьа? йаздиний тиеша? аьллий ткъа? ХIан,
ахь хIун элира?
§ 171. Бакъдаран дакъалгаш тие, хIаъ, дера даима а къаьстина йаздо.
Масала: аьлла те, хIаъ, аьлла, аьлла дера (дера аьлла).
§ 172. ЧIагIдаран дакъалгаш -м, -х, -кх, -кхи, ма- дефисца йаздо.
Масала: Асиета-м пхеанна йазйина сочинени. Иза-х школиехь тIиех дика
диешна йу. Цуо йазйина-кх сочинени, цхьа а гIалат доцуш. Оха школиехь
Iамадо ма-дарра а, лач а къамиелаш. Иза иштта аьлла-кхи цуо.
41
§ 173. Ма- боху чIагIдаран дакъалг даран, хиларан мухалла гойтучу
хандешан латтаман киепана хьалха дефисца йаздо.
Масала: ма-аллара, ма-хеттара, ма-дийццара, ма-воддара, ма-йоггIу, ма-
моьтту, ма-дуьйццу.
Билгалдаккхар. Шина орамах лаьтташ йа дешхьалхиенца долчу хандешан
латтаман киепиехь шина орамна йа дешхьалхиенний, орамний йуккъиехь
чIагIдаран дакъалг -ма-, шинна а агIуор дефис йуьллуш, йаздо: вох-ма-велли,
кIад-ма-веллинехь, охьа-ма-воьссинехь.
§ 174. Ма боху бакъдаран дакъалг хандашах къаьстина йаздо.
Масала: Зина-м ма йара цигахь. оза-м ма йахара школие.
§ 175. ЧIагIдаран маьIнехь долчу кху дешнашца чIагIдаран дакъалг ма
дефисца йаздо.
Масала: мадду, мавву, маййу, маббу, ла маллу, ва маллу, хьуна маггу.
§ 176. Ур-атталла боху чолхие чIагIдаран дакъалг, йуккъие дефис йуьллуш,
йаздо.
§ 177. Миел, ма боху айдаран дакъалгаш къаьстина йаздо.
Масала: иел хаза а, тийна а йу тахана суьйрие! Тхан хьиехархуочуо озас
ма хаза а, хьекъалие а къамиел дира!
§ 178. Дозатуохаран дакъалг биен даима а къаьстина йаздо.
Масала: Ахьмад бен вац кхузахь тхан оьвлара.
§ 179. ХIан-хIа боху чолхие дацаран дакъалг йуккъие дефис йуьллуш йаздо.
§ 180. Дацаран дакъалг ца цIердашций, масдарций даима а цхьаьна йаздо.
Масала: цатам, цатар, цатиешам, цатиешар, цабиезам, цахаар,
цахиетийла, цалаар, цалаьийла, цаалар.
§ 181. Чолхиечу масдариехь шина орамна йуккъие нислахь а,
дешхьалхиенний, орамний йуккъие нислахь а, дакъалг ца цхьаьна йаздо.
Масала: къацахиетар, дIацаалар, сацагар, дIацаиецар, дIацавийцар, йазцадар
/цайаздар.
42
§ 182. Суффикс ор йолчу масдаран хуотталург дуожаран чаккхе ах йазйо, ар
суффикс йолчу масдаран хотталург дожаран чаккхе х йазйо.
Масала: тиешарх, тиешуорах, сацарх, сацуорах, кхиетарх, кхиетуорах,
шаршарх, шаршуорах, кхиерарх, кхиетуорах, карчарх, карчуорах, сиецарх,
сиецуорах.
§ 183. ДуьххьалдIа боху чIагIдаран дакъалг хоьттина йаздо.
§ 184. Къастаман-чIагIдаран дакъалг билггал, мукъаза элп «г»
шалхадоккхуш, йаздо.
§ 185. Дустаран дакъалг чул муьлхха а къамиелан декъаца лиелахь а, лардаца
хоьттина йаздо.
Масала: санчул, суначул, асчул, соьцачул, сохчул, соьгачул, таханачул,
кханачул, хIинцачул, хIетахьчул, кхузахьчул, цигахьчул, Асетачул, Яхасчул,
озицачул, Зайнапахчул.
§ 186. Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстина йаздо.
Масала: ма ала, ца олу, ма дийца, ца дуьйцу, ма хатта, ца хотту.
§ 187. Муьлххачу а хандешан карарчу хенан чаккхиенга хIуотта тарло
дацаран дакъалг ца (ц), иза цхьалхие, чолхие йа дешхьалхиенца хиларх
башха а доцуш.
Масала: алац (ца олу), йаздац (ца йаздо), дIадиеллац (дIа ца доьллу). Дацаран
дакъалг ца (ц) карарчу хенан чаккхиенгахь цхьаьна йаздо: Туьран-тоьпан чов
йирзина, меттан чов йиерза тигац. (Кица).
§ 188. Дакъалг ца йа ма дешхьалхьалхиенца долчу хандашиехь,
дешхьалхиенний, орамний йуккъиехь, къаьстина йаздо.
Масала: дIадиелла – дIа ма диелла, дIадоьллу – дIа ца доьллу, схьаэца – схьа
ма эца, схьаоьцу – схьа ца оьцу.
§ 189. Дакъалг ца йа ма чолхиечу хандашехь лаахь йуьххьие а, лаахь шина
орамна йуккъие а хIотто мега. Иза къаьстина йаздо.
Масала: ма йаздие – йаз ма дие, ца йаздо – йаз ца до; ма шиеллуо – шиел ма
луо, ца шиелло – шиел ца ло; ма кIадлуо – кIад ма луо, ца кIадло – кIад ца ло.
§ 190: Дацаран дакъалг ца дейепричастица къаьстина йаздо.
43
Масала: ца олуш, ца хезаш, ца хиеташ, ца моьттуш, ца хуоттуш, ца гуш, ца
хьожуш, ца дуьйцуш.
§ 191. Дакъалг ца лаамазчу причастица къаьстина йаздо.
Масала: ца олу дуош, ца аьлла дуош, ца хеза дуош, ца хезна дуош.
§ 192. Дакъалг ца карарчу а, йаханчу а хенийн лаамиечу причастиешца
цхьаьна йаздо.
Масала: цахезарг, цахезнарг, цахуург, цахиънарг, цахиетарг, цахиеттарг,
цалуург, цалиънарг, цатиешарг, цатиешнарг.
§ 193. ЙогIучу хенан лаамиечу причастица дакъалг ца къаьстина йаздо,
хIунда аьлча иза шина дашах лаьтташ йу.
Масала: ца хеза дерг, ца хиета дерг, ца хуу дерг, ца дуьйцу дерг, ца моьтту
дерг, ца лору дерг.
Чолхиечу айдардешнийн нийсайаздар
§ 194. Чолхие айдардешнаш дефисца йаздо. Масала: эхIе-хIай, хIай-хIай,
маржа-йаI, байттамал-йаI, жуолам-йаI, гап-гип, дап-дип, чахь-чихь, гов-гив-
гов, дап-дип-дап, гап-гип-гап, чахь-чихь-чахь.
Билгалдаккхар. Азтардаран айдардуош (цхьалхиениг а, чолхиениг а),
чIагIдаран маьIнехь олучуохь, чаккхиенгара мукъаза элп шалхадолу.
Масала: гов-говв, гов-гив-говв!
§ 195. Чолхиечу айдардешан чаккхиенга хIуотта тарло дефисца йаздеш долу
чIагIдаран дакъалг -кх.
Масала: маржа-йаI-кх, жуолам-йаI-кх, байттамал-йаI-кх, эхIе-хIай-йаI-кх.
Модальни дешнаш
§ 196. РогIалла гойтуш долу хIара чолхие модальни дешнаш, йуккъие дефис
йуьллуш, йаздо.
Масала: цкъа-делахь, шозлагIа-делахь, кхуозлагIа-делахь, доьазлагIа-делахь,
пхоьазлагIа-делахь.
44
ДУОШ СИЕХЬАДАККХАР
§ 197. Дуош цхьана могIаниера керлачу могIание дешдакъуошца
сиехьадоккху (дешдакъуош ца дуохуош). Масала: ла-ми, га-ли, ча-ми, ил-ли,
ол-ха-зар, мел-ла-ша, эм-кал, ич-чар-хуо.
§ 198. Дуош сиехьадоккхуш, цхьана дешдекъах лаьтта дуош декъа мегар дац.
Масала: лам, луом, диг, ниекъ, элп, говр, аз, зил, сиз, шач, къаж, жарж.
§ 199. Дуош сиехьадоккхуш, цхьа элп хьалхарчу могIанехь дита а,
сиехьадаккха а ца мега.
Масала: ага, ога, иэша, угIа.
§ 200. Дашиехь мукъаза элпаш йух-йуххиехь хилахь, сиехьадаккхар паргIат
хуьлу.
Масала: доьх-ка, доь-хка, миер-за, мие-рза, къах-кийра, къа-хкийра. Цу
шиннах а нийсаниг, диканиг хьалхарниг ду: доьх-ка, миер-за.
§ 201. Цхьана дешдекъах лаьтта дешхьалхие, дуош сиехьадоккхуш, йиекъа а,
йуохуо а ца мега.
Масала: дIа-чIагIа, дIа-йиелла, схьа-чIагIа, схьа-йиелла, тIетатта, тIе-
чIагIа.
§ 202. Шина йа кхаа дешдекъах лаьтта дешхьалхе, дуош сиехьадоккхуш,
дешдакъуошца йиекъа мега.
Масала: тIие-ра-йоккху, тIе-ху-ла-тосург, дIа-са-вахара, хьа-ла-эца, хьа-ла-
хьо.
§ 203. Дуош сиехьадоккхуш, шала мукъаза элпаш диекъа мега.
Масала: сал-лар, кхал-лар, кхуос-сар, хат-тар, дат-тар, бат-там, дил-лина,
йит-тина, хаьд-да, аьл-ла, йаьл-ла.
§ 204. Дуош сиехьадоккхуш, шалха элпаш а, дифтонташ а, трифтонгаш а
йиекъа ца мега.
Масала: къиэ-га, тиэр-са, шиэр-ша, киэр-ча, луо-хьа, луой-ша, йалта диэ-хьа,
ялта диэй-ша, дуь-хьарг, йуьхь-кIам, йуьхь-кIуолла, хьаьрса, къаь-хьа, хьаьж-
на, хаьр-жина.
45
§ 205. Дуош сиехьадоккхуш, ъ, ь, й шайна хьалхарчу элпех /дешдйиекъах/
къасто ца мега.
Масала: йохъ-елла, шелъ-елла, хьагъ-елла, кIадъ-елла. шекь-ели, шекь-яьлла,
сай-ра, бай-
ракх, гIай-ракх, цIий-ло, кIай-ло, яй-ло, сихъ-елла, мацъ-елла.
§ 206. Дешдакъуошца диешалуш долу чолхие-дацдина дешнаш сиехьадохуш,
церан дешдакъуош (шайн-шайн орамийн дакъош) ца талхуош, диекъа диеза
уьш.
Масала: рай-ком, об-ком, край-ком, рай-испол-ком, дез-ткъа, кхуз-ткъа,
шовз-ткъа, ком-со-мол, сов-хоз, кол-хоз, обл-ис-пол-ком, обл-испол-ком, рай-
ис-пол-ком.
§ 207. Дуош сиехьадоккхуш, аьзнашций, элпашций диешалуш долчу чолхие-
дацдинчу дешнийн элпийн аббревиатураш йиекъа ца мега.
Масала: ССС , КПСС, СФС , ВЦСПС, В КС , ТАСС, ТУ-104.
§ 208. Дацдина дуош шиел хьалхарчу терахьах къастуо ца мега: 1988 ш.
§ 209. Цифрин чаккхие сиехьайаккха ца мега: 30-чу дийнахь.
§ 210. Дустаран барамийн дацдина дешнаш шайна хьалхарчу цифрех къасто
ца мега: 80 км, 50 кг.
§ 211. Дуош сиехьадоккхуш, биехкаман дацдина дешнаш диекъа ца мега:
и. дI. кх. а; ц. т. кх. а.
§ 212. МогIа чекхболуш дIайоьллуш къовларш, кавычкаш йита ца мега.
§ 213. Ма-даррачу къамиелан шолгIачу декъал тIаьхьарчу шитIадамна йа
тIадамна тIиехьа хIуоттуош йолу тире сиехьайаккха мега, кхидолу сацаран
хьаьркаш сиехьадаха ца мега.
§ 214. ЦIей, ден цIей билгалйен элпаш диехьахь а дуьтуш, фамили керлачу
могIание сиехьайаккха ца мега: А.С. Пушкин, .Ю. ермонтов,
.Н. Толстой, Дм.А. Фурманов, Н.А. Островский.
46
ДОККХА ЭЛП ЙАЗДАР
§ 215. Доккхачу элпаца йазйо:
1) долахь цIерш: Зина, оза, уиза, Тоита, Хеда, Зулпаъ, уохьмад, Ахьмад,
Тиерк, Орга, Советски Сойуз, осква, Алма-Ата.
2) биехкаман цIерш (газетийн, журналийн, книгийн, произведенийн,
совхозийн, заводийн цIерш): «Исламан зIаьнарш», «Даймуохк» газиеташ,
«Еха буьйсанаш», «Зеламха» цIерш йолу книгаш (романаш);
3) предложенин хьалхара дуош: архиех халла чекхйуъйлучу маьлхан
зIаьнарша таьIнуо къиегадуора, киса санна, кIайн долу башлаьмнийн
куортуош. /М. Сулаев/;
4) тIадамна а, хаттаран, айдаран хьаьркашна а, предложенин чаккхиенгахь
дукхатIадамашна а тIиехьа йуолуочу предложенин хьалхара дуош: иел хаза
йу бIаьстиенан Iуьйрие! Хьалххие Iуьйранна хуьлуш болчу диегIана аьхначу,
могушаллина пайдиечу мохан керла, шийла хIуо дара диегI дайдиеш хаалуш.
Йуьрта йисттиехула охьадоьдучу чехкачу хин гIовгIа йара хезаш.
Киерташкарчу бошмашкахь йиекачу алкханчийн шакарш а йара хезаш…
Сийначу баца йукъахь хаза гуора цIиечу дарин а, баьццарчу хуьтан а,
чилланан а басахь зиезагаш. (3. Дж.).
Билгалдаккхар. Нагахь хаттаран йа айдаран хьаьркаца ма-дарра къамиел
чекхдолуш делахь, авторан дуош жимачу элпаца доладо: «Ткъа бIаьрхиш
хIунда ду, Валя?» – гIийлла виелакъежира Ханпаша. /А. орлов/. «Павел
Порфирьевич, тIаьххьара Ханпаша маца вайра хьуна?» – хаьттира
подполковника Висаитов овлида. /А. орлов/. «Саша, гIуо вай!» –
танкистие муохь туьйхира сирла-боьмаша месаш йолчу йуоIа. /А. орлов/.
§ 216. IIредложени йуккъиехь воьхна, эхьхиеташ йа кхиечу бахьаница шиен
ойла кхоччуш чекхйаккха йиш цахиларца йина соцунгIа билгалйиеш
хIиттийнчу дукхатIадамашна тIиехьа дуош жимачу элпаца йаздо: Тоитас
уизига элира: «Ахьа и повесть озина лахь, аса хьуна… сайн учебник лур
йу».
§ 217. Предложени йуккъиехь цхьацца дашуо хаттар билгалдиеш делахь,
царна тIиехьа хаттаран хьаркаш а хIиттош, тIаьхьа догIу дешнаш жимачу
элпаца йаздо: Асиет, ахьа туьканара Зайнапана хIун ийцира? книгаш?
тетрадаш? йа блокноташ?
Билгалдаккхар: Доккха элп йаздо, нагахь хIора хаттар ша-ша йуьззина йоцу
предложени йелахь.
Масала: Агрономна амзанна хIун совгIат делира? Ткъа асуна? озина?
47
§ 218. ТIедиерзарна тIиехьа лаьттачу айдаран хьаьркана тиIехьа доккха элп
йаздо.
Масала: Накъуост инарла! Вайн полк мичахь йу, со тIаьхьависна – танк
туойиеш вара со,– элира танкиста. (П. П. Брикель, «ТIаьххьарчу рейдах
лаьцна повесть»).
§ 219. Предложени йуьххьиехь долчу айдардашна тIиехьарчу айдаран
хьаьркал тIаьхьа йоза доккхачу элпаца дуоладо, нагахь айдардуош
предложени йуккъиехь хилахь, айдаран хьаьркал тIаьхьа жима элп йаздо.
Масала: « аржа-яI! Цуьнан корта хьоьвзина. (А. Пушкин, «Йоьзан берие»).
Садолчу хIуманийн жIуга цунна тIехула хьийза, къийзайо, гилгаш доху,
жужж! боху. (Н.А. Некрасов).
§ 220. Долахьчу цIериех хилла йукъара цIерш а, билгалдешнаш а,
Iилманхуочун цIарах техкина Iилманан цIерш а (терминаш) жимачу элпаца
йазйо: Шела – шелахуо, арта – мартанхуо, Тиерк – тиеркахуо, ичурин –
мичуринец, рентген.
§ 221. Халкъийн а, къаьмнийн а, тукхамийн а, тайпанийн а, гIаланийн а,
йартийн а цIарах олуш йолу адамийн юкъара цIерш кегийчу элпашца йазйо:
нохчи, гIалгIа, гуьржи, оьрси, гIебартуо, узбек, казах, новрахуо, москвич,
Iаларуо, курчалуо.
§ 222. ГIуллакхан дешнаш а, парти боху дуош а доцу, Советски Союзан
лаккхарчу партийни а, правительственни а, комсомольски а, профсоюзни а
учрежденеш, организацеш билгалъен цIердешнаш даккхийчу элпашца йаздо.
Масала:
§ 223. Пачхьалкхан лаккхарчу гIуллакхийн а, сийлаллин а цIерш даккхийчу
элпашца йазйо.
Масала: Правительствон Председатель, инистрийн Кхиеташуонан
Председатель.
§ 224. Сийлахь-доккхачу исторически шина гIуллакхан цIершкахь хьалхара
ши дуош доккхачу элпаца йаздо: Сийлахь-йоккха Октябрьски
социалистически революци, Сийлахь-боккха Даймехкан тIуом.
48
§ 225. Орденийн цIерш даккхийчу элпашца йазйо, ткъа цу цIершкахь хуьлуш
долу «орден», «дарж» боху дешнаш кегийчу элпашца йаздо.
Масала: ДуоттагIаллин орден, Къуанахаллин орден, Нахимовн орден.
§ 226. Дезачу диенойн а, гIарадоьвллачу датийн а цIерш доккхачу элпаца
йазйо.
Масала: Хьалхара май, БорхIалгIа март, Керла шо, Дуьниенайукъара
зударийн де.
Нагахь рогIаллин терахьдуош цифраца билгалдоккхуш хилахь, цунна
тIаьхьадогIу дуош доккхачу элпаца йаздо.
Масала: 1-ра Май, 8-гIа Март.
Билгалдаккхар. Iилманийн даржийн а, гIуллакхийн а цIерш кегийчу
элпашца йазйо.
Масала: Н -н Iилманийн академин президент, инарла-лейтенант, инарла-
майор, инарла-полковник, Пачхьалкхан планови комиссин председатель,
СФС -н хьакъволу артист, Ф-н халкъан хьиехархуо, Н -н халкъан
артист.
§ 227. Договоршкахь, кхечу документашкахь биехкаман долахь цIерш
доккхачу элпаца йазйо.
Масала: Автор, Издательство (авторски договора тIехь).
Билгалдаккхар: 1. «Даймуохк» боху цIердуош долахьчу цIеран маьIнехь
долчу меттиехь доккхачу элпаца йаздо.
Масала:
2. «Турпалхуо» боху цIердуош йукъарчу маьIниехь жимачу элпаца йаздо.
Масала: Советски тIемалуоша, вайн Даймехкан майрачу турпалхоша
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамиехь шайгара йоккха майралла а,
турпалалла а гайтира.
§ 228. Дийнаташний, хьайбанашний техкина кхайкхаран цIерш доккхачу
элпаца йазйо.
Масала: еча, Барза, Чхьуонкар, уьйраг, Хьама, Шарик, КIуорни, Чухаш,
Тулам.
§ 229. Произведениешкахь (масала, турпалаллин иллиешкахь,
туьйранашкахь, кицанашкахь, басниешкахь) буьйцучу турпалхуойн,
йукъарчу цIериех тера йолчу персонажийн цIераш доккхачу элпаца йазйо.
49
Масала: Бабин Иэса, Жоьрабабин ани, Жиерочун кIант, уьржийн кIант,
«Атйуокх а, НIаьна а», «Цхьогал а, кемсаш а», «Аьрзу а, иезг а», «Ахархуо
а, Жий а».
§ 230. «Малх», «бутт», «латта», «сиеда» боху дешнаш, планетийн цIерийн
маьIниехь хилахь, доккхачу элпаца йаздо, шайн йукъарчу маьIниехь хилахь,
кегийчу элпашца йаздо.
§ 231. Дуьниенан агIуонийн цIерш шайн коьртачу маьIнехь кегийчу элпашца
йазйо: къилбие, къилбасиедие, малхбалие, малхбузие.
Билгалдаккхар. Нагахь и цIерш мехкийн цIерийн маьIниехь хилахь, уьш
доккхачу элпаца йазйо.
Масала: еннара алхбалие, алхбузиен мехкаш.
§ 232. Россин Федерацина йукъайогIуш йолу республикийн цIершкахь
массуо а дуош доккхачу элпаца йаздо, ткъа областийн, округийн, крайн,
автономие областийн цIершкахь хьалхара цхьа дуош доккхачу элпаца йаздо.
Масала: Нохчийн еспублика, IалгIайн еспублика, Ставрополан край,
остовски область, Ненцойн къоман округ, Хакасскин Автономие область.
§ 233. Йукъарчу маьIниехь йолу республикийн долахь йоцу цIерш кегийчу
элпашца йазйо.
Масала: оссина йукъайогIу республикаш; Къибсиеда Кавказан республикаш.
§ 234. Элпашций, аьзнашций диеша а луш, долахь цIерш хилла лиелаш долу
кху тайпанчу чолхие-дацдинчу дешнашкахь дерригие а элпаш даккхий йаздо.
Масала: Н , Ф, Н IА, IА, Ч Т К, НПУ.
Билгалдаккхар. Йукъара цIерш билгалйиеш а, аьзнашций, дешдакъуошций
диешалуш а долу хIара чолхие-дацдина дешнаш кегийчу элпашца йаздо: вуз,
горком, йуьртсовет, совхоз, районо.
§ 235. Областийн, кIоштийн, йюьртсоветийн цIершкахь хьалхара цхьа дуош
доккхачу элпаца йаздо: Карагандински область, Алма-Атински область,
Тиеркан кIуошт, Шелан йуьртсовет, Шелан а, Веданан а кIуошташ.
50
Пайдаиэцна литература а, хьостанаш а
1. Джамалханов З.Д. Орфографически словарь. Нохчийн меттан
нийсаяздаран дошам (Орфографический словарь чеченского языка). /
З.Д. Джамалханов. – Соьлжа-ГIала: ГУП «Книжни издательство», 2009. – 304
агIо.
2. Тимаев В.Д. Актуальные проблемы современной чеченской графики. /
Тимаев В.Д., Овхадов М.Р., Халидов М.И., Арсанукаев А.А.-М. // Материалы
региональной научно-практической конференции «Чеченский язык:
проблемы и перспективы развития», г. Грозный, 8 апреля 2010 г. – Грозный:
Изд-во АН ЧР, 2010. – с. 3 – 13.
3. Халидов А.И. Нохчийн меттан орфографи тояран проект. /
Халидов А.И. – Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2014. – 111
с.
4. Проект унификации орфографии чеченского языка [Электронный
ресурс]. Сайт Академии наук Чеченской Республики
URL: http://anchr-ru.1gb.ru/wp-content/uploads/2013/02/Проект-унификации-
орфографии-чеченского-языка.pdf (дата обращения: 22.03.2017).
5. Вопросы орфографии [Электронный ресурс]. Сайт Академии наук
Чеченской Республики
URL: http://anchr-ru.1gb.ru/wp-content/uploads/2013/02/Вопросы-орфографии.pdf
(дата обращения: 22.03.2017).
51
Орфографин лиелаш йолу бакъуонашца Орфографин керла бакъуонашца
Вацахьара йиш яцара
Вайн нохчийн къоман газете
корматаллица, говзаллица, яздаран хатIца
кхиъна ваьлла журналист балха вар цхьа
наггахь бен ца нисло. Иза иштта нисделча
тамашийна а хета. ХIунда аьлча, нохчийн
къоман журналисташ кечбеш, кхиош цхьа а
дешаран кхерч бац дуьнен чохь. ТIаккха
тамашийна а муха хетар дац и саннарг
нисделча. Иштта, наггахь бен нислуш воцчу
белхахойх цхьаъ вара Аболханов Хьаьким.
Говзаллехь кхиъна ваьлла, журналистана
хаа дезаш долчу дуккха а хIума хууш вара
иза 1992-чу шарахь «Даймохк» газете балха
вогIуш. Цундела хир дара иза вогIуш
лаьтташехь коллективах дIаэр а, цуьнан оцу
минотехь массаьрца а уьйр-марзо тасаелла
хилар а.
Редакце балха вале хьалха дешаран
декъехь тайп-тайпанчу даржашкахь
къахьегна хиларе терра, цунна дика девзара
оцу декъехь долу хьал, цуьнан лазамаш,
кхачамбацарш. Царах лаьцна яз а дора цо.
Яздора бехкаш а ца дохуш, Iиттарш а ца еш,
вашас вешина а, йишина а санна хьехар а
деш, нийса некъ а гойтуш, кхиарехьа
гIулчаш яхарехьа дан дезарг а дуьйцуш.
Вуьшта аьлча, ша болх бан стенга веана а,
нохчийн журналистана хьалха лаьтташ
дерш хIун декхарш ду а хууш
дIаволавеллачу цуьнан аьтто белира дукха
хан ялале редакцин тоьллачу белхахойх
цхьаъ хилла дIахIотта.
Хуучунна хаьа и зама (дIадаханчу
бIешеран 90-гIа шераш) мел чолхе а,
кхераме а яра. Вахар-вар маьрша дацара.
Зуламхойн гIеранаш алсамъюьйлуш яра.
Политикехь, экономикехь, юкъараллехь
кегарий бара. ТIегIерташ тIеман кхерам
бара. Оцу чолхечу хьелашкахь газетехула
халкъе иза маслаIате, барт хиларе, ойла яре
кхойкхуш хьекъале статьяш язйора
Хьаькима. Уьш къаьсташ хуьлура автор
Вацахьара йиш йацара
Вайн нохчийн къоман газетие
куорматаллица, говзаллица, йаздаран хатIца
кхиъна ваьлла журналист балха вар цхьа
наггахь биен ца нисло. Иза иштта нисделча
тамашийна а хиета. ХIунда аьлча, нохчийн
къоман журналисташ киечбиеш, кхиуош
цхьа а диешаран кхиерч бац дуьнен чуохь.
ТIаккха тамашийна а муха хиетар дац и
саннарг нисделча. Иштта, наггахь биен
нислуш воцчу белхахуойх цхьаъ вара
Аболханов Хьаьким. Говзаллиехь кхиъна
ваьлла, журналистана хаа диезаш долчу
дуккха а хIума хууш вара иза 1992-чу
шарахь «Даймуохк» газетие балха вогIуш.
Цундела хир дара иза вогIуш лаьтташиехь
коллективах дIаиэр а, цуьнан оцу
минотиехь массаьрца а уьйр-марзуо
тасайелла хилар а.
Редакцие балха валие хьалха
диешаран декъиехь тайп-тайпанчу
даржашкахь къахьиегна хиларие терра,
цунна дика доьвзара оцу декъиехь долу
хьал, цуьнан лазамаш, кхачамбацарш.
Царах лаьцна йаз а дуора цуо. Йаздуора
биехкаш а ца дохуш, Iиттарш а ца йиеш,
вашас вешина а, йишина а санна хьиехар а
диеш, нийса ниекъ а гойтуш, кхиариехьа
гIулчаш йахариехьа дан диезарг а дуьйцуш.
Вуьшта аьлча, ша буолх бан стиенга веана
а, нохчийн журналистана хьалха лаьтташ
дерш хIун диекхарш ду а хууш
дIавуолавеллачу цуьнан аьттуо белира
дукха хан йалалие редакцин тоьллачу
белхахуойх цхьаъ хилла дIахIуотта.
Хуучунна хаьа и зама (дIадаханчу
бIешеран 90-гIа шераш) миел чолхие а,
кхиерамие а йара. Вахар-вар маьрша
дацара. Зуламхуойн гIеранаш
алсамйуьйлуш йара. Политикиехь,
экономикиехь, йукъараллиехь киегарий
бара. ТIегIиерташ тIеман кхиерам бара. Оцу
чолхиечу хьелашкахь газетиехула халкъие
52
хьикмате, гIиллакхе, кIеда-мерза Iаь а
йолуш хиларца. КIорда ца деш, денна
Устрада-ГIалара Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан
цIийне охьа а оьхуш маслаIате, машаре
къамел дора цо, «Даймехкан» кхечу
журналисташа санна. Нах вовшах дагабовлу
кхерч хилла дIахIоьттира оцу шерашкахь
нохчийн къоман газет. Денна хьеший
тIеоьцуш, цаьрца къамелаш деш хиллачарах
цхьаъ вара Хьаьким.
Амма, Иблисан ницкъо карзахдаьхна
адамаш, цхьана бевзаш боцчу ницкъо
тIеман бага кхуьйсуш дара.
«Даймахкахоша» хьоькху мохь-цIогIа,
маслаIате кхайкхамаш хезаш стаг вацара.
Йоккха топ юьйлучохь хезаш ца хилла-кх
маслаIатан дош.
Нохчийчохь тIеман кIуркIамани
йолаелча, цхьана юкъанна болх сацон
дийзира Хь. Аболхановн а, цуьнан
накъостийн а. Делахь а, 2000-чу шерийн
юьххьехь, тIом сацаза а болуш, «Даймохк»
газет арахеца уггаре а хьалха
арабевллачарна юкъахь вара иза. Цхьана
юкъанна-м царна хьалхаваьлла а лийлира
иза, газетан коьрта редактор волуш.
Юьртахула дIасавахар а, тешаме
доцчу, юха хьайн хIусаме кхочур ву-вац ца
хуучу, денна «зачисткаш» ечу муьрехь
зорба тоха газет Теркайисте а, Дагестане а,
кхечу регионашка а дIаса а хьош болх бира
цо, бакъволчу турпалхочо санна, халонна,
кхерамна бIокъажор доцуш.
Делан къинхетамца хала хенаш
дIаевлира, маьршачу некъа тIе хIоьттира
халкъ, меттахIотто йолийра Нохчийчоь.
Туьйранахь санна, хаза хийцамаш хила
буьйлабелира ярташкахь а, гIаланашкахь а.
ЦIинлуш дара халкъ. Оцу дерригенах а
яздора похIмечу журналиста. Цунна санна и
«похIме» дош хьакъ долуш журналисташ
вайн дукха боций хуур ду оцу а, цул
тIаьхьарчу шерашкахь а Аболханов
Хьаькима язйина, зорбане кечйина
материалаш ешначунна. Цо шех дош алаза
иза маслаIатие, барт хиларие, ойла йарие
кхойкхуш хьекъалие статйаш йазйуора
Хьаькима. Уьш къаьсташ хуьлура автор
хьикматие, гIиллакхие, кIеда-миерза Iаь а
йолуш хиларца. КIорда ца диеш, диенна
Устрада-ГIалара Соьлжа-ГIаларчу
Зуорбанан цIийние охьа а оьхуш
маслаIатие, машарие къамиел дуора цуо,
«Даймехкан» кхиечу журналисташа санна.
Нах вовшах дагабовлу кхиерч хилла
дIахIоьттира оцу шерашкахь нохчийн
къоман газет. Диенна хьеший тIеоьцуш,
цаьрца къамиелаш диеш хиллачарах цхьаъ
вара Хьаьким.
Амма, Иблисан ницкъуо
карзахдаьхна адамаш, цхьана боьвзаш
боцчу ницкъуо тIеман бага кхуьйсуш дара.
«Даймахкахуоша» хьоькху муохь-цIогIа,
маслаIатие кхайкхамаш хезаш стаг вацара.
Йоккха туоп йуьйлучуохь хезаш ца хилла-
кх маслаIатан дуош.
Нохчийчуохь тIеман кIуркIамани
йуолайелча, цхьана йукъанна буолх сацуон
дийзира Хь. Аболхановн а, цуьнан
накъуостийн а. Делахь а, 2000-чу шерийн
йуьххьиехь, тIуом сацаза а болуш,
«Даймуохк» газет арахиеца уггарие а хьалха
арабоьвллачарна йукъахь вара иза. Цхьана
йукъанна-м царна хьалхаваьлла а лийлира
иза, газетан коьрта редактор волуш.
Йуьртахула дIасавахар а, тешамие
доцчу, йуха хьайн хIусамие кхочур ву-вац
ца хуучу, диенна «зачисткаш» йечу
муьриехь зорба туоха газет Теркайистие а,
Дагестание а, кхиечу регионашка а дIаса а
хьуош буолх бира цуо, бакъволчу
турпалхуочуо санна, халуонна, кхиерамна
бIокъажуор доцуш.
Делан къинхиетамца хала хенаш
дIайоьвлира, маьршачу ниекъа тIе
хIоьттира халкъ, меттахIуоттуо йолийра
Нохчийчоь. Туьйранахь санна, хаза
хийцамаш хила буьйлабелира йарташкахь а,
гIаланашкахь а. ЦIинлуш дара халкъ. Оцу
дерригиенах а йаздуора похIмиечу
53
цхьа а Iилманча, яздархо, поэт вац
Нохчийчохь. Вайн массо а турпалхо,
Iилманча, яздархо, политик, юкъараллин
гIуллакхъхо, спортсмен маца вина, цуьнгара
халкъана хIун беркат даьлла хаьа цунна.
Иза газетехула халкъана дIа а довзуьйту цо.
И воцург кхин вац нохчийн журналисташна
юкъахь и болх беш верг. ТIаккха доккха
хIума дац иза?!
Балхо кIадвеш воцу говзанча хилла
ца Iаш, ша саннарг кхин хир вуй-те аьлла
собаре,оьзда, ийманехь стаг ву Хьаьким.
Цкъа-шозза цуьнца охьахиъна, паргIат
къамел дан аьтто баьллачунна хуур а ду иза
иштта дуйла. И хаа ирс хилла цо хьехна,
Iамийна, журналистикин къайленаш
йовзийтина новкъабаьхначу къоначу
журналистийн а. Уьш иттаннаш бу.
Бакъонца тахана а церан хьехамча хилла
лаьтташ ву Хь. Аболханов. Бакъду, хIинца
балхахь вац къинхьегаман ветеран. Амма
иза мукъа Iаш вац я вуьтуш а вац. Дукха нах
хуьлу денна цунах дагабовла лууш,
цуьнгара хьехар, беркате дош оьшуш.
Денна бохург санна, «Даймохк» газете вогIу
иза. Веача белхахошна, редакцин
куьйгаллина вуно чIогIа хаза а хета.
Хетийта цунна хаа а хаьа. Шен метта
хьекъале дош аларца, вела-аьшна хиларца,
тIекаре хиларца.
Дала цунна дина дика ду адамашца
ваза хаар, царна ша везийта, эшийта хаар.
Шена диначу диканан хама бан хууш а ву
иза. Тхуна массарна а: иза вевзачарна,
цуьнца уьйр-марзо, хьошалла, доттагIалла
долчарна юьхькIам хета «Хьаьким суна
вевза, оха цхьаьна болх бина» алар. Суна
хетарехь, кIеззигчу ханна вайна делла долчу
дахарехь стагана цул доккха совгIат дац.
Иза ду-кх, соьга хаьттича, стага шен
дикаллашца, амалшца ша-шена хIоллам
хIоттабар. Цкъа а бухур боцу, ширлур боцу
хIоллам хIоттор. Иза Хьаькима шена
хIоттийна хиларх тешна а ву со.
Вехийла хьо, Хьаьким, хьайн йиша-
журналиста. Цунна санна и «похIмие» дуош
хьакъ долуш журналисташ вайн дукха
боций хуур ду оцу а, цул тIаьхьарчу
шерашкахь а Аболханов Хьаькима йазйина,
зорбание кечйина материалаш
йиешначунна. Цуо шиех дуош алаза цхьа а
Iилманча, йаздархуо, поэт вац Нохчийчохь.
Вайн массуо а турпалхуо, Iилманча,
йаздархуо, политик, йукъараллин
гIуллакхъхуо, спортсмен маца вина,
цуьнгара халкъана хIун биеркат даьлла хаьа
цунна. Иза газиетиехула халкъана дIа а
довзуьйту цуо. И воцург кхин вац нохчийн
журналисташна йукъахь и буолх биеш верг.
ТIаккха доккха хIума дац иза?!
Балхуо кIадвиеш воцу говзанча
хилла ца Iаш, ша саннарг кхин хир вуй-те
аьлла собарие, оьзда, ийманехь стаг ву
Хьаьким. Цкъа-шозза цуьнца охьахиъна,
паргIат къамиел дан аьттуо баьллачунна
хуур а ду иза иштта дуйла. И хаа ирс хилла
цуо хьиехна, Iамийна, журналистикин
къайлиенаш йовзийтина новкъабаьхначу
къуоначу журналистийн а. Уьш иттаннаш
бу. Бакъуонца тахана а церан хьиехамча
хилла лаьтташ ву Хь. Аболханов. Бакъду,
хIинца балхахь вац къинхьиегаман ветеран.
Амма иза мукъа Iаш вац йа вуьтуш а вац.
Дукха нах хуьлу диенна цунах дагабовла
лууш, цуьнгара хьиехар, беркатие дуош
оьшуш. Диенна бохург санна, «Даймуохк»
газетие вогIу иза. Веача белхахуошна,
редакцин куьйгаллина вунуо чIогIа хаза а
хиета. Хиетийта цунна хаа а хаьа. Шиен
метта хьекъалие дош аларца, виела-аьшна
хиларца, тIекарие хиларца.
Дала цунна дина дика ду адамашца
ваза хаар, царна ша виезийта, иэшийта хаар.
Шиена диначу диканан хама бан хууш а ву
иза. Тхуна массарна а: иза воьвзачарна,
цуьнца уьйр-марзуо, хьошалла,
дуоттагIалла долчарна йуьхькIам хиета
«Хьаьким суна воьвза, оха цхьаьна буолх
бина» алар. Суна хиетариехь, кIеззигчу
ханна вайна делла долчу дахариехь стагана
54
вешина а, гергарчарна а, тхуна массарна а
кхин а кхузткъе пхийтта шарахь, хIинцачул
могашалла, доьналла, хьекъал ца оьшуш,
хьикматехь сов вуьйлуш. Нохчийн мотт,
гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк, яхь-
юьхь ларъян оьшуш бу хьуна хьо санна
болу къонахий.
С.ПАШАЕВ
цул доккха совгIат дац. Иза ду-кх, соьга
хаьттича, стага шен дикаллашца, амалшца
ша-шиена хIуоллам хIуоттабар. Цкъа а
бухур боцу, ширлур боцу хIуоллам
хIуоттуор. Иза Хьаькима шиена хIоттийна
хиларх тиешна а ву со.
Вехийла хьо, Хьаьким, хьайн йиша-
вешина а, гиергарчарна а, тхуна массарна а
кхин а кхузткъе пхийтта шарахь, хIинцачул
могашалла, доьналла, хьекъал ца оьшуш,
хьикматиехь сов вуьйлуш. Нохчийн муотт,
гIиллакхаш, оьздангалла, иэхь-биехк, йахь-
йуьхь ларйан оьшуш бу хьуна хьо санна
болу къуонахий.
С.ПАШАЕВ