Об Академии
Наука
Разное
 
Редакция сайта:
Телефон(приемная):
8 (8712) 22-26-76
Адрес:
Чеченская Республика,
г.Грозный, пр-кт им. М. Эсамбаева, 13

НР-н IА-н Iилманан тептарш

Дешхьалхе

Къоман, т1екхуьучу т1аьхьенан юкъара мотт а, юкъараллаш а, юкъаметтигаш а законца нийсса йоьзна хила езаран кхетам а, шайн а, нехан а бакъонаш ларъярехь, лаьттах санна, пайда эца хааран кхетам кхиарх а, нохчийн къомах, дерриге дуьнено а лоруш, оьзда халкъ хирг хиларх дог-ойла йолуш, къахьегна дошам кхуллуш.
Х1отторхо тешна ву, х1ара дошам, юристашна хилла а ца 1аш, нохчийн мотт 1аморехь кхолладеллачу хьолан ойла еш мел волчунна а пайдехьа хирг хиларх.
«Хьекъал а, дахар а х1оранна шен-шен, кхетам массарна а юкъара!» – олуш ду наха.
Амма: «Юкъараллин уьйрашца а, законаца а, г1иллакхца а, бакъдашца а доьзнарш цхьанна хаа деза!» – аьлла дац. Цундела: «Шен массо дош а дика нисделла!» – ала х1уттур вац кхоллархо а. Цу бахьанехь цо, дог резахилла, т1еоьцур ду кху дошамах лаьцна аша шайна хетарг аьлча.

Э.Д. Абдурашидов

Лараме дешархой!

Шуна хьалха 1уьллу 2010-чу шеран «Таллам» тептаран хьалхара номер.
Иза оха билгалдоккху, кху шарахь шолг1аниг араер хиларх теша лаарца. «Талламан» дешархой, коьрта долчунна, 1илманан, кхоллараллин нах а, хьехархой а, студенташ а хиларе терра, ала лаьа, и г1уллакх шух доьзна ду, аш х1окху тептарна лерина материалаш язъярх доьзна ду. 1илманан академин президиумо х1ара тептар дилла сацам т1еоьцуш, тхан хьесапехь, иза шарахь шозза арахеца лерина дара. 2008-чу шарахь дуьххьара тептар арадаьлча а, цул т1аьхьа а аьрзнаш кхочура тхоьга, шарахь шозза я ялхазза арадолуш хила деза нохчийн маттара 1илманан тептар, бохуш.
Ткъа болх д1аболийча, халахеташ делахь а, тхуна хеташ хиллачуьнга хьаьжча, вуно к1езиг билгалбевлла тептарна материалаш язйийриш. Цундела 2008-чуй, 2009-чуй шерашкахь цхьацц номер бен араялар ца нисделла.
Оха юха а кхайкхам бо шуьга – нохчийн 1илманчашка, кхоллараллин белхалошка, зеделларг долчу хьехархошка – нохчийн маттахь 1илманан белхаш язбеш жигаралла гайтахьара аш, аьлла.
Юха а билгалдаккха лаьа, нохчийн маттахь 1илма ца хилахь, нохчийн мотт 1илманан мотт хилла д1а ца х1оттахь, нохчийн къам вайн заманан массо а аг1ор кхиъначу къаьмнийн мог1арехь хила йиш яц.
Муьлха а мотт пачхьалкхан статус йолчу меттан т1ег1ан т1ехь д1ах1оттаран коьртачех цхьа некъ, цхьа га ду – оцу маттахь 1илма хилар.
Ненан мотт безаш а, лоруш а, оцу маттахь 1илма кхио лууш хилар къамелашца тоьшалла дан луш дац, билггал долу г1уллакхаш, декхарш кхочушдеш ца хилча. Дуьйцуш дерг уггаре хьалха къоман интеллигенцих хьакхалуш ду. Тхан дегайовхо ю, шуьгарчу жигараллица кху шарахь дуьйна «Таллам» шарахь шозза арахеца вай ларор ду, аьлла.
«Талламан» х1ара номер, коьрта долчунна, лерина ю нохчийн къоман воккха поэт а, ойланча а хилла волу Гадаев Мохьмад-Селахь дуьненчу ваьлла 100 шо кхачарна. М.-С. Гадаевн кхоллараллин тайп-тайпана аг1онаш схьайоьллуш йолу материалаш дешархоша дика т1еоьцур ю, аьлла хета тхуна. Иштта тхо тешна ду, нохчийн литературин, меттан, историн проблемах болу 1илманан белхаш а нахана пайдехь хир бу, аьлла.
Дала беркате Дойла шуна «Талламца» цхьаьнакхетар.

ДЕШХЬАЛХЕ
Нохчий меттан лексика кхиор а, т1еюзар а НР-н 1илманийн академис шена хьалха х1иттийначу 1алашонех коьртачех цхьаъ ю. Оцу aгlop Iилманан болх бечарна т1е к1орггера тидам а бохуьту оха. Корматаллийн терминийн дошамаш х1итторехь дика кхиамаш а бу вайн 1илманчийн. 2010-чу шарахь зорбанера араяьлла Э.Д. Абдурашидовн «Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн юридически терминийн дошам», арахецна Р. Дадашевн, А. Вагаповн «Физически терминийн дошам». Дошамаш х1итторехь бешболу болх денна шорбеш схьайог1уш ю 1илманан Академи.
Медицинин 1илманийн кандидатан, 1илманчин-практикан Берсанов Русланан xlapa болх студенташна лерина ца Iaш, нахаца болх бечу лоьрашна а хьажийна бу. Амма х1окху дошамехь ялийна йолу терминаш хаар мог1арерчу бахархошна а пайде хир ду, х1унда аьлча, вайх х1ораннан а шен могшаллин хьокъехь лоьрана хьалха х1отта дезарг хилар а дукха адаман дахаран сингаттамечу бакъдолчех цхьаъ.
Медицинин 1илманан лард ю анатоми. Кхоччуш, юьззина а иза 1аморна т1ера д1а бен хила йиш яц медицинин муьлххачу а профилехь волу говзанча ладам боллуш кечвар. Цундела медицинин дешаран учрежденешкахь оцу аг1онна т1е къаьсттина тидам бохуьйту.
Къоман лоьрийн кадраш кечъяр шенначул халонаш йолуш хуьлу. РФ-н къаьмнийн меттанашкахь медицинин, анатомии а цхьаьна, терминийн дошамаш х1иттийна цахиларх доьзна ду и, оцу хьоло болчу т1е а холчубоккху и болх. Тидамехь латто дезаш кхин цхьаъ а хуьлу – оцу говзанчийн оьрсех доцчу къаьмнашна юкъахь болх бан дезаш нисло, ткъа цигахь пациенто шен могшаллех дерг шен маттахь дуьйцу, меженийн-воканийн лоьрана цаевза ц1ерш а йохуш. Кхечу aгlop а нисло – лоьраша шайна дешаран учрежденешкахь 1амийначу терминашца бечу хьехамех цакхеташ буьсу пациенташ. И хьал аттачу даккхарна т1ехьажийна муьлхха а болх баркаллийца т1еэца хьакъ ду х1ораммо а.
Шен балха т1ехь автор йолуш йолчу терминашна классификаци ян г1оьртина. И терминаш, сацамболлуш шайн маь1наш билгал ца дина хилар бахьанехь, литературехь нийса лелош яцара. Цхьаболчу литераторша кхоччуш бина таллам а боцуш шайн балхаш т1ехь зорбане яхарна, адаман дег1ан меженийн, даь1ахкийн, кхийолчу воканийн ц1ерш къасторехь харцкхетарш даьржинера. Масала: термин синпха оьрсийн сонная артерия бохучу маь1нехь лелош дара, нохчийн маттахь и билгалдоккхуш д1ундуз пха боху термин йоллушшехь. Иштта масалш дуккха а ду. Терминийн сацам боллуш классификаци яро и харцкхетарш д1адахаре сатуьйсийла ю вай.
Оцу дериггенца цхьаьна цецвоху, шега ларам а кхоллаболуьйту авторан мало цахилоро а, цуьнгахь йолчу белхан шовкъо а. Цо ткъех шарахь гергга къахьегна яйна йовллуш йохку терминаш гулъеш, республикан массо а маь11ехь иттаннаш-иттаннаш адамашца къамелаш дина. Шайна хуург дуьйцуш шеца къамелашдинарш д1аязбан книгин масех aгlo оьшур яра авторна, царех xlopa дага а вог1у цунна, ц1е моссазза йоккху царна баркалла а олу цо.
Иштта 1илма талларан методологица къахьегнехь а, Р.У Берсановн болх дукхахдолчу декъана экспериментан кепехь бу. Нохчийн меттан фонетикин материалан г1оьнца дуккха а неологизмаш юкъаялийна автора нохчийн анатомически лексикина. И ца дича xlapa дошам дуьххьалд1а х1отта а лур яцара, медицинин отраслехь нохчийн маттахь ишттачу масштабехь бина болх xlapa дуьххьарлераниг хилар тидаме эцча-м муххале а.
HPIA вице-президент, академик Дадашее Р.Х.

Академих лаьцна
Iилма
Кхидерш
Календарь
 
     
Поддержка сайта - Сакалов Руслан
2008-2017г. Академия Наук Чеченской Республики.
Использование материалов только с ссылкой на источник.