Йерригроссин Iилманан-практикин конференци

Тахана 22-чу апрелехь Нохчийн Республикин Iилманийн академин тхов кIелахь дIайаьхьира «Нохчийн меттан а, литературин а актуальни проблемаш: истори а, таханлера де а» цIе йолу Йерригроссин Iилманан-практикин конференци.

Конференци дIайолош конференцин декъахошка а, ладогIархошка а вистхилира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруди. Цо къастийра карара конференци вовшахтоьхначу декъехь Нохчийн Республикин Iилманийн академи хилла ца Iаш, Нохчийн Республикин кхуьй а ВУЗ, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство, Х.И. Ибрагимовн цIарах Россин Iилманийн академин Комплексни Iилманан-талламан институт а хилар.

Цул тIаьхьа маршаллин дош олуш вистхилира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов И.Х., Нохчийн парламентан дешаран а, Iилманан а, культурин а комитетан председатель Хасбулатов Б.А., Х.И. Ибрагимовн цIарах Россин Iилманийн академин Комплексни Iилманан-талламан институтан директор Батаев Д.К.-С., Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Байханов И.Б.

Цара билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Мех-Дас шен Указаца Нохчийн меттан деза де аьлла, къастийна 25 -чу апрелан мехалла, цунах нохчийн маттана а, нохчийн къомана а даьлла беркат.

Иштта пленарни докладаш йира Нохчийн Республикехь а, махкал арахь а дика бевзачу нохчийн меттаIилманчаша.

Цул тIаьхьа конференци дIайаьхьира шина секцехь.

Конференцин географи мелла а шуьйра йара: шайн докладаш йахкийтинера кхечу республикашкарчу меттаIилманчаша а.

Конференцехь дакъалоцуш меттаIилманчаш хилла ца Iаш, ишколера нохчийн меттан хьехархой а, Вузийн студенташ а бара.

Конференцехь тIеийцира дIабаьхьначу белхан жамI деш резолюци.

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президенто Гапуров Шахьрудис билгалдаьккхира конференцийн Iилманийн докладаш зорбане а йохур йу, РИНЦ чохь къаьсташ а хир йу аьлла.