9 январь нохчийн къоман оьмарехь шен къаьсттана меттиг дӀалоцуш шеран терахь ду

1957 шеран 9 январехь РСФСР-н Лакхарчу Кхетошонан Президиуман Указаца йухаметтахӀоттийра Нохчийн къоман пачхьалкхалла – нохчийн къомах гӀалгӀай схьа а тухуш, кхоьллира Нохч-ГӀалгӀайн Республика. Ма-дарра аьлча, махках баьхна, мохк дӀа а баьккхина, нехан махкахула баьржина, къоман доьалгӀа дакъа хӀаллакьхилла лаьттачу нохчийн къоман, Делан къинхетамца, дендалар цу дийнахь кхочушхилла.
ХӀинццалц схьа, цу хиламан маьӀна кӀорггера цадовзарх терра, пачхьалкхан тӀегӀанехь хила ма-йеззара терго йеш йацара.
Делахь а вайзаманахь нохчийн къоман истори а, мотт а,кхидолу нохчийн къоман деган лазамех долу хьелаш гуттар шен тергонехь латтош ву Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан (Дала Ӏалашвойла и)!
2010 шарахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указаца 9 январь Нохчийн Республикин дезачу денойх цхьа де ду аьлла къастийна. 2010 шарахь дуьйна 9 январь – Нохчийн Республикин пачхьалкхалла йухаметтахӀотторан де санна лоруш ду!
Карарчу заманахь а, тӀейогӀучу ханна а, Веза хин волчу АллахӀа-Дала хьекъал а, собар а лойла Нохчийн Республикин пачхьалкхалла ларйан а, цуьнан сий айъа а, пачхьалкхалла кхио а.