19 февралехь дуьненан йеа маьIIeхь Ненан меттанийн дуьненайукъара де ду даздеш

Цу хьокъехь ЧГТРК «Грозный» телеканалехь д1айаьхьира «Кегийрхойн дош» передача. Нохчийн меттан хьокъехь къамел дан а, ненан меттан проблемаш йийца a передаче кхайкхинчарна йукъахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Iилманийн академин меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Турпал-Iелин Адам.
Цо йовзийтира Нохчийн Республикин Iилманийн академин тхов кIелахь нохчийн меттан хьокъехь кхочушйина а, карарчу хенахь меттан хьокъехь д1ахьун а Iилманийн проекташ а, д1айийцира вайн ненан мотт толлуш бIаьрла йолу меттаIилманчийн цIераш а. Довзийтира цара мотт талларехь кхочушдина мехала гIуллакхаш а.

#Россия #ЧеченскаяРеспублика #ЧР #АхматХаджиКадыров #Кадыров #ГородГрозный #Грозный #АкадемияНаукЧР #ГапуровШахрудин #АНЧР #Наука #История #Издания
#Образование