Дуккха а шерашкахь вахавойла хьо!

Нийсса 42 шо хьалха Даудов Хож-Ахьмадан @lord_095 доьзале кхаъ беара – 1980 шеран 26 февралехь дуьнен чу велира Даудов Хож-Ахьмадан Мохьмад. Хенан йохалла билгалделира Даудов Мохьмад Хож-Ахьмадан воӀ а хилла, шен ден сий хилла ца Ӏаш, дерриге Нохчийн халкъан бакъволу кӀант а, къоман сий а дуйла!
Ларамза дац ас иштта мах хадор: Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къомана къастийнчу беркатечу некъа тӀехь, хьалхарчу магӀарехь, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хаьжин Рамзанан улле а хӀоьттина, массо а хӀуман тӀехь – тӀама тӀехь, маьршачу дахарехь цуьнан тешаме накъост а хилла, схьавогӀуш ву халкъалахь Лорд аларца вевзаш волу Даудов Мохьмад.
Нохчийчохь маьрша стигал дӀахӀоттош ондда къахьегарна нохчийн тӀемалочунна Даудов Хож-Ахьмад Россин Федерацин Турпалхо аьлла лакхарчу совгӀатца вазвира. Ткъа цуьнан кхийолу орденш, мидалш охьайагарйан дуккха а хан йеза.
2015 шарахь Нохчийн Республикин Парламентан Председатель хаьржинчу хенахь дуьйна Даудов Мохьмадера, маьршачу стеган даржехь а, дуккха а нохчийн къомана беркате гӀуллакхаш девлира.
Нохчийн къоман Паччахьан Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан муьлхха буьйр кхочушдеш, Нохчийн Къоман Йахь ларйеш, Нохчийн Республикин Дозанаш Ӏалашдеш, схьавогӀуш Даудов Хож-Ахьмадан Мохьмад!
Лараме Сий долчу Къоман Сийлахьчу Паччахьан Тешаме ДоттагӀ Хож-Ахьмадан Мохьмад, цӀеначу даггара декъалво хьо Винчу денца! Веза хин волчу АллахӀа-Дала могуш а волуш, маьрша а волуш Нохчийн Мехк-Дена а, Нохчийн Къомана а, тахана санна беркате а волуш, дуккха а шерашкахь вахавойла хьо!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.