Лараме 1абдул-Керим!

Нохчийн Республикин 1илманийн академин Президиумо хазахетарца т1еийцира Эдилов 1абдул-Керим Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместителан дарже х1отторан хаам! Ларамза дац Эдилов 1абдул-Кериме ишшта долу жоьпаллин дарж тешор: дикка хан йу 1абдул-Керим Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто Кадыров 1абдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къомана къастийнчу некъа т1ехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дика накъост хилла схьавог1уш ву!
Лараме 1абдул-Керим, Веза хин волчу Аллах1а-Дала т1аьхье беркате йойла хьан! Хьайн балха т1ехь Нохчийн Паччахьана хьалхахь йуьхь1аьржа х1уттучух а ларвеш, Нохчийн Къомана хьалхахь а йуьхьк1айчу а х1оттош, д1абахьа аьтто бойла хьан!

Нохчийн Республикин 1илманийн академин президент Гапуров Шахьруди.