Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да!

Таханлера де – 15 февраль, ша кепара нохчийн къоман исторехь шен меттиг дӀалоцуш ду. ХӀокху дийнахь, 15 шо хьалха, Россин Федерацин Президенто Путин Владимирович Владимира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан Нохчийн Республикин Президент даржехь тӀечӀагӀвечу Указана куьг йаздира. Ларамза дацара Ахьмад-Хьаьжин Рамзане иштта долу лакхара а, жоьпаллин а дарж кховдадар: Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьажин командехь тоьллачарах тоьлла тӀемало ша гайтина дела , мискачу нехан дог оьцуш билгаволуш хилла дела, Ахьмад-Хаьжас къастийнчу некъа тӀехь нохчийн къам ирсечу кхане дуьгучеран хьалхарчу магӀарехь лаьттина дела.
Кадыров Рамзан Нохчийн Къоман Паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна цуьнгара вайн къомана а, иштта дозанал арахьарчу къаьмнашна а даьлла беркат довзийта шекъа тоийтина а вер вац, кехат муххале! Деман-дарц а хилла Ӏаьнна дӀайахна хилла йолу Соьлжа-ГӀала, Къилбаседа-
Кавказехь сирла лепа жовхӀар а дина, дӀахӀоттор тоьур ду, кхин хӀумма а ца дийцича, Нохчийн Мехк-Дех Кадыров Рамзанах даьллачу беркатан мах хадо!
Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да! Веза хин волчу АллахӀа кхин дуккха а шерашкахь нохчийн къоман ирсана латтавойла хьо! Дала тӀаьхье беркате а йойла хьан! Дала шен дуьхьа дойла ахь нохчийн къоман дуьхьа мел хьоьгу къа!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.