Лараме сий долу Нохчийн Къам!

Лараме сий долу Нохчийн Къам! Тахана 25 апрель Нохчийн меттан де ду! – Нохчийн къоман Деза де! Иза а ду вайн Паччахьан, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан беркатечу г1уллакхех нохчийн къомана, нохчийн махкана шех беркат схьадаьлла цхьа г1уллакх! Нийсса 15 шо хьалха цо 25 апрель Нохчийн меттан де лара аьлла арадаьккхинчу Указо доккха дакъалаьцна нохчийн мотт 1алашбарехь, кхиорехь. Цу денна бохуш, сихбинна кхочушбо метта1илманчаша шайн белхаш, зорбане йоху монографеш, дошамаш, статьяш.
Дан дезачуьнга хьаьжча, даза диснарг дуккха а делахь а, Нохчийн Республикин 1илманийн академино кхочушбина нохчийн меттан хьокъехь цхьамогг1а белхаш:
Нохчийн меттан грамматика;
Нохчийн меттан лексикин-семантикин тезаурус;
Нохчийн меттан синонимийн парадигмин дошам;
Гадаев М.-С. литературин кхоллараллин дошам;
Нохчийн маттахь 1илманан статьяш зорбане йоху «Таллам» журнал;
Нохчийн мотт морфологически толлу компьютерни программаш: «Ц1ердош», «Хандош», «Терахьдош» и.кх. д1. а.
Нохчийн меттан кесталла толлу компьютерни программа «Дошстат»;
Зорбане йаккха кечйина йу Нохчийн-оьрсийн меттан дошам, Нохчийн меттан кесталлин дошам.
Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Лараме Нохчийн Метта1илманчаш, Йаздархой, Хьехархой! Лараме Нохчийн Къам, ас даггара декъалдо Шу х1ара нохчийн къоман дезачу денца – Нохчийн меттан денца!
Дала марзбойла вайна вайн хьоме ненан мотт!
Дала г1о дойла вайна нохчийн мотт кхио!
Нохчийн Республикин 1илманийн академин президент Гапуров Шахьруди.