Лараме Сийлахь Паччахьан Сий долу накъост Султанан Адам!

Дозаллица тӀеийци ас таханлерчу дийнан керла хаам, хаза кхаъ – Россин Федерацин Президенто Владимир Владимирович Путина шен рогӀерчу Указаца Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан йуххерчу накъостана, ткъех сов хена чохь Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто нохчийн къомана къастийнчу ирсечу кханенга буьгучу беркатечу некъа тӀехь тешаме схьавогӀучу Делимханов Султанан Адамана Россин Федерацин Турпалхо цӀе йалар!Ларамза дац Россин Президенто Султанан Адамана иштта йолу сийлахь цӀе йалар. Делимханов Адама, ша хьалха а волуш, нохчийн турпалхошна шен майра леларех масал а хуьлуш, даккхий хьуьнарш гайтина Донецкан Халкъан Республикехь а, Луганскан Халкъан Республикехь а, иштта Украинан махкахь а и республикаш а, Украинан мохк а нацистех, бандеровцех цӀанбеш, маьрша дахар дӀахӀоттош.Цул хьалха а Султанан Адам Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан йуххехь, цуьнан тешаме накъост а хилла, Нохчийчохь маьрша стигал дӀахӀоттош ондда къахьегна ву.Лараме Сийлахь Паччахьан Сий долу накъост Султанан Адам! Дала тӀаьхье беркате йойла хьуна йеллачу сийлахьчу Россин Турпалхо бохучу цӀарна! Веза хин волчу Дала хӀинца санна, Нохчийн Республикин Мехк-Дена хьалха йуьхькӀайчу а хӀиттош, хьайн къомана пайдехь а волуш, хьайн доьзална а, хьайн гергарчарна дозалла а долуш, могуш-маьрша дуккха а шерашкахь вахавойла хьо!Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди