Хийлазза хӀокху дуьнен чохь, халахетар а, воккхавер а цхьаьний догӀуш, денош нисло

Царах ду суна х1ара таханлера де. ХӀокху деношкахь, шен бӀахочун декъарш кхочушдеш, Украинехь, Лугански Халкъан Республика нацистех цӀанйеш, хаддаза бечу тӀемашкахь тхан вешин Баудинан кӀантана Бисаев Ӏелина чевнаш хилла. Нохчийн амалца догӀуш ма-хиллара, тхайн дагара ца хоуьйтуш, цунна чевнаш хилар новкъа дар ца гойтуш, къийлалахь а, амма гергара нах са ца гатдеш ца Ӏа. Амма тахана тхан а, тхан санна кхечеран, цигахь, ЛНРехь, ДНРехь, Нохчийн Республикин сий а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден дош а лардеш, къахьоьгучу нохчийн турпалхойх дог лозуш, царна тӀера до1анаш дечу нахана хазазахетар, даккхийдер хин долу кхаъ беана. Нохчо, милицин капитан, нефтеполкан 8-чу ротин командир, тхан вешин кӀант Бисаев Баудинан Ӏела вазвеш, Россин Федерацин Президенто Владимир Владимирович Путинан Указца йелла «Майраллина» орден а, цуьнца цхьаьна Пачхьалкхан Думин цӀарах делла «Баркаллин кехат» а дӀаделира Пачхьалкхан Думин депутато П.О. Толстойс. Сан хьомсара вешин кӀант, Ӏела, Дала тӀаьхье беркате йойла хьуна деллачу дезачу совгӀатийн! Веза хин волчу Аллах1а-Дала, сихонца хьан чевнаш йерзайойла! Оха массара а доккха дозалла до хьох, Ӏела! Воккхаверца хьан деваша, Гапуров Шахьруди!