Тахана 18 (берхӀитта) шо кхечи Сийлахь-Воккха Нохчо, Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ( Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) бакъдуьненчу вирзина

ХӀаъ, цуьнан бахьана йамартчу наха бина тешнабехк бара. Амма царна луург ца делира. Сийлахь-Воккха Нохчо Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа кхиира къоман йукъахь барт баран бух билла а, тӀом сацийна ца Ӏаш, и дӀабаккха хьелаш кхолла а, нохчийн къам ирсечу кхане дуьгур долу некъ къасто а. Кадыров Ахьмад-Хаьжин дуьненан дахар хадарца ца йуьйжира цо леккха айбина нохчийн къоман маршонан байракх. Иза ондачу куьйгаша дӀалецира! Йахь йолчу Ден Йахь йолчу КӀанта дӀадаьхьира шен Дас йуьхьарлаьцна гӀуллакх. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хаьжин сийлахь некъ боккхачу кхиамца дӀахьуш бу цуьнан кӀанта Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзана!
Нохчийн къам мел деха къоман иэсехь ваха вуьсур ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжа!
Дала декъалвойла Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа! Дала гӀазот къобалдойла Сийлахь-Воккха Нохчочунна Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Ш.