30 июнь Парламентизман дуьненйукъара де санна даздеш ду!

Шена къаьсттанчу терахьца парламентан де къастадаро гойтуьйту парламентан белхийн ладамалла, пачхьалкхан а, пачхьалкхан гражданийн дуккха а долу хаттарш кхочушдарехь парламенто лоцу дакъа шуьйра хилар!Т1аьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикин Парламентан куьйгаллехь Нохчийн Республикин Хьалхара Президенто Кадыров 1абдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) къастийнчу некъа т1ехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан йуххера тешаме волу накъост Даудов Хож-Ахьмадан Мохьмад х1оьттичхьана дуьйна парламентан болх лакхарчу т1ег1ане баьлла.Лараме Нохчийн Республикин Парламентан спикер Хож-Ахьмадан Мохьмад! Ас даггара декъалво хьо Парламентизман дуьненйукъара денца! Иштта хьан ц1арца хьогахула шайн корматаллин денца декъалбан лаьа хьан белхан накъостий а – Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ!Дала вайн къомана хьалха йуьхь1аьржа х1уьттучух лардеш, вайн Паччахьана хьалха йуьхьк1айчу а х1иттош, Нохчийн Парламентан болх д1абахьа аьтто бойла шу!