Поэтан Такалашев Султанан 60 шо кхачарна лерина суьйре

2022 шеран 26 июнехь, А. Айдамиров ц1арах Къоман библиотекехь д1айаьхьира Россин Йаздархойн союзан декъашхочун, вайзаманан поэтан Такалашев Султанан 60 шо кхачарна лерина суьйре. Иза декъалвеш бистхиллачу дуккха а болчу хьешашца цхьаьна цигахь дош элира Нохчийн Республикин 1илманийн академин меттан а, литературин а, фольклоран отделан куьйгалхочо фил.1.д. Альбеков Нурвадис а, НР1А 1илманийн белхахочо Абдулкадыров Адама а. Шина метта1илманчо билгалдаьккхира Такалашев Султан поэзехь ойла к1орга йолуш хилар а, поэтан дешан философи шуьйра хилар а!