Веза хин волчу АллахӀа-Дала шен дуьхьа дойла Аш мел хьоьгу къа

Дезачу Ӏашура-денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионале йукъараллин фондан президент лараме Несин Аймани а, дерриг нохчий къам а.
Бусалба рузманехь Ӏашура-де уггаре дезачарах лоруш ду – хӀокху дийнахь марха кхаьбча, Сийлахь волчу Аллах1а цхьана шеран кегийчу къинойх ц1анво бусалба стаг, Дала мукълахь, бохуш къастадо 1еламнаха.
Хууш ма-хиллара, Нохчийн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, Несин Айманис куьйгалла дечу РЙФ-о а боккхачу тидамехь латтадо республикерчу а, иштта махкал арахьарчу дуккха а болчу мискачу нехан хьашташ.
Веза хин волчу АллахӀа-Дала шен дуьхьа дойла Аш мел хьоьгу къа. Дела реза а хуьлийла!
Дала къобалдойла суннат-марханаш а!