Кадырова Медни – шен къоман бакъйолу йоӀ йу

Сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин цӀарах а йинчу денца даггара декъалйо Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хаьжин цӀарахчу РЙФ вице-президент Мусан йоӀ Кадырова Медни. Кадырова Медни – шен къоман бакъйолу йоӀ йу, цӀена бусалба а йу, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дика накъост а, оьзда хӀусамнана а йу. Цо шен доьзална жимачохь дуьйна марздо нохчийн гӀиллакх-оьздангалла, баккхий нах ларар а. Вайн республикехь а, махкал арахь а оьздачу зудчун масал а хилла, йевзаш йу и. Дала декъалойла! Дала дукхайахайойла!Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Д.