Дала тӀаьхье беркате йойла!

Ассаламу Ӏалайкум. ДоттагӀий, сан Хьомсара ВАША, НР Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан вазвина «За освобождение Мариуполя» мидалца. Мариуполь гӀала паргӀатйоккхуш тӀеман операцехь майралла гойтуш а, ша ца кхоош куьйгалла дарна а, дакъалацарна а и деза совгӀат тахана вайн къоман Лидерна делира Донецкан Халкъан Республикин Куьйгалхочо Пушилин Владимирс.
Церемони дӀайаьхьира Россин Федерацин Президентан Владимир Владимирович Путинан 70 шо кхачарна леринчу тӀеман-ницкъийн дӀахӀоттарехь.
СВО йолайелчхьана дуьйна, иза кхиаме чекхйаккха, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана доккха дакъа лоцуш ву. Цо лучу хьекъало а, цуьнан стратегически хьежамо а коьрта болчу тӀемашкахь аьтто баьккхина тӀемалошна.
Ас даггара декъалво Ахьмад-Хьаьжин Рамзан рогӀерчу дезачу совгӀатца. Дала аьтто бойла Цуьнан цо дагалаьцначу хӀуман тӀехь, кхиамаш а хуьлийла Даймохк кхиорехь а, ларбарехь а. Дала тӀаьхье беркате йойла!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Джамбулат