Россин Ӏилманийн академин Комплексни Ӏилманан-талламан институтаца цхьаьна дӀайаьхьира Нохчийн меттан денна лерина горга стол «Нохчийн лексикографи: истори, вайзаманан хьал, кхиаран хьежамаш»

24 апрелехь, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академис Россин Ӏилманийн академин Комплексни Ӏилманан-талламан институтаца цхьаьна дӀайаьхьира Нохчийн меттан денна лерина горга стол «Нохчийн лексикографи: истори, вайзаманан хьал, кхиаран хьежамаш». Циггахь шен докладаш дӀайийшира Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин Талламан гуманитарни институтан меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Ӏилманан хьалхарчу белхахочо Вагапов Ӏарбис а, Ӏилманан белхахочо Абдулкадыров Адама а. Ӏ.Д. Вагаповс шен докладехь довзийтира нохчийн а, славянийн меттанийн лексикин цхьаьнадарш. А.Т. Абдулкадыровс дийцира тахана-кхана зорбане йалайезачу Нохчийн меттан кесталлин дошамах, кесталлин дошам х1итторан исторех, цуьнан Ӏалашонах а.