Дезинфекция в Грозном

Цхьа шеко яц, мел маьрша хан елахь а, республикин кхерамазаллин бӀаьхой а, социальни гӀуллакхаллин гӀирсаш, белхахой, лоьраш эшначу гӀуллакхана кийча хила беза! Ткъа уггаре ладаме дерг цу структурийн мобилизаци ян ойланца болх дӀахӀоттор а ду, цу белхан хьекъале куьйгалла дар а ду. Вайна дика гуш ду, коронавирус цӀе йолчу уьнна дуьхьал, и вайн махкахь ца даржийта, и ун кхеттарш цу баланах хьалхабаха Нохчийчоьнан Мехкдас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оперативни штаб кхоьллина хилар а, цу штабо бен жигара болх а.
Царах цхьаъ ду, сийсара- кхаарин буса Соьлжа-ГӀалин некъашна, царна гондӀарчу меттигашна а коронавирусана дуьхьал дезинфекци еш , цунах вайн хьоме, вайна дукхаеза гӀала цӀанъеш молха тухуш 19 спецтехника араяьккхина хилар. Ишттачу гӀуллакхаша боккха хьаам бо Нохчийчоьнан бахархошна: церан дегнаш чу синпаргӀато а, синтем а буьллуш.
Цу хьокъехь, лераме Паччахь, сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин цӀарах а, вайн Нохчийн Республикин цӀарах а (иштта аьлча со харц хир ву аьлла ца хета суна) доккха баркал, Дела реза хуьлда ала лаьа хьуна а, хьан сий долчу накъосташна а!

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.