Марханаш Дала къобал дойла махкахой!

Лераме Махкахой, хьоме Йижарий, Вежарий!

Сийлахьчу АллахI-Дала къобалдойла вайн марханаш, Дала тIейогIучу массо а ханна кхаба а, даста а ницкъ, хьуьнар а, могшалла а, има-беркат а лойла вайна. Лайна йолу хало, хьегна къа а, йина Iамалш а Цу Дала Ша реза волчу кепара диканца сайохийла, массо бусулбанан, Мухьаммад-Умматан. Везачу АллахI-Дала бусалбачу нахана хазахетарца луш болу лераме Мархийн бутт санна, хаза доуьтийла хIора де а. Дала вовше дезар, дог лазар а лойла вайна.

Дала хIара мархийн бутт бахьана долуш, Ялсаманчохь Iер-дахар лойла вайна. И Веза Дела дукхавезна, Цу Далла дукхадезначу тобанах дойла вай!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.А

Поделиться
Share on VK
VK
Share on Facebook
Facebook
Tweet about this on Twitter
Twitter
Pin on Pinterest
Pinterest
Print this page
Print