АХЬМАД-ХАЬЖИНА ЛЕРИНА!

Тахана вайн махкахь деза ду – нохчийн къоман бакъболчу къонахийн Адин Сурхон, Шайх Мансуран, Таймин Биболтан магӀарера волу Сийлахь-Воккха Нохчо Нохчийн Республикин Хьалхара Президентан Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа вина 70 шо кхаьчна де. Нохчийн къоман цIе а, мехкан сий а лардеш, нохчашна йукъахь барт хилийта, нохчийн махкахь маьрша стигал дӀахӀоттош шен са ца кхоийна Къонах ву Ахьмад-Хьаьжа.

1999-чу шарахь – Ахьмад-Хьаьжа шен къоман а, мехкан а дуьхьа, гIодаюкъ йихкина, аравелираа. Цуьнан герз бакъонан дош дара, Iилманан кIорге яра, Iеламстаг хилар а дара. ТӀеман боданашкара эзарнашкахь кIентий маьршачу некъа бехира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Собар, кхетам, йуьхьдуьхьал, къаьхьа делахь а, бакъдерг алар, йист-барам боцу доьналла – уьш йара Ахьмад-Хьаьжин васт кхуллу коьрта билгалонаш. Къеггана гуш ма ду Ахьмад-Хьаьжин некъахь схьадевлла дика белхаш а, схьадуьйлу беркат а: зуламхойх мохк цӀанбар, тӀамо хӀаллакйина, йохийна гӀаланаш, йарташ йухаметтахӀоттор, нахана тӀера тӀеман сингаттам дӀаайбар, вахар-вар маьрша дар.

Ткъа тахана а, гуш ма-хиллара, билгал ду Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин весеташ Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кхочушдар: мискачу нахана гӀо дар, де доьхначу нахана орцахбовлар, керла ишколаш йар, керла квартирийн гӀишлош хьалахӀиттор, маьждигаш схьаделлар, некъаш дехкар иштта кхин дӀа а.

ХIокху деношкахь вайн махкахь дIахьуш ду цуьнан винчу денна лерина цхьамоггIа белхаш: йарташкахь, шахьарашкахь, пачхьалкхан хьукматашкахь сагIанаш дахар, цуьнан къонахалла, сийлалла, оьздалла, яьхь йухакарлайокхуш йуьйцуш дагалецамийн суьйренаш дIайахьар. Республикехь а, дуьненчохь а цхьамоггӀа Ӏилманийн конференцеш дӀайаьхьна – цуьнгарчу Ӏилманан а, цуьнан дахаран некъан а хьесап деш, таллам барца Ӏилманчаша докладаш кечйира. Дала декъалвойла Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа! Дала гIазот къобалдойла Сийлахь-Воккха Нохчочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин!

Поделиться
Share on VK
VK
Share on Facebook
Facebook
Tweet about this on Twitter
Twitter
Pin on Pinterest
Pinterest
Print this page
Print