Декъалвар

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин Президиуман цӀарах а, сайн цӀарах а даггара декъалво Хьо Винчу денца, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Ларамза дац республикин Куьйгалхочун дарж Хьоьга йуха а тешор: Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто къастийнчу некъа тӀехь къар ца луш, ондда къахьегар,  Хьайн са а, дегӀ а ца кхоош нохчийн къоман паргӀато ларйар а, Нохчийчоьнна тӀоьхула маьрша стигал латтор а ду цу кхиамашна бухе диллинарг. Цхьа шеко йац, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Хьо Шайх Мансур, Таймин Биболт магӀарера къонах хиларна тӀехь а, Нохчийн къоман хьакъволу а, массо а нах болчу наха къобалвен а Мехк-Да къасторна тӀехь а. ХӀунда аьлча Хьан белхаша гойту, хьан дахар нийсо а, бакъо а толо тӀахьажийна дуйла. Ахь Хьайн дахаран масалца гайтина муха хила веза къоман бакъволу патриот. Ахь куьйгалла дечу кӀезигчу  заманахь тӀеман Ӏовкъаршлара денйинчу шахьарша, йарташа а, республикин бахархойн маьршачу хорша даьллачу дахара а тоьшалла до Хьо Нохчийн Республикин хьакъволу Куьйгалхо хиларна а, Нохчийн Къоман бакъволу Мехк-Да хиларна а.

Дала декъалвойла Хьо, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Винчу денца!

Дала тӀаьхье беркате йойла!

Дала аьтто бойла Хьан даима! 

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Ш.А.