Керла шо дола а дале, 1аьнан каникулаш д1аевллачу шолг1ачу дийнахь Нохчийн Республикин 1илманийн академин Гуманитарни-талламан институтан меттан а, литературин а, фольклоран а отделехь д1айаьхьира 1илманан семинар. Семинарехь нохчийн фольклоран иллин декъахь ша бина 1илманан таллам д1абовзийтира нохчийн г1араваьллачу фольклористо-1илманчас фольклоран секторан куьйгалхочо филол. 1илм. кандидато Мунаев Исмаь1ала «Запреты в системе стереотипов поведения героев в поздном героико-историческом эпосе илли чеченцев» ц1е йолу 1илманан доклад йарца.
Доклад йечуьнга ладуг1уш, шена хетарг олуш семинарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин 1илманийн академин меттан а, литературин а, фольклоран а отделан куьйгалхо филол. 1илм. доктор Альбеков Нурвади, отделан 1илманан белхахой Булатбиев Идрис, Абдулкадыров Адам, Мударова Милана, лаборантка Исраилова Милана.