
Нийсса 45 шо хьалха 10 январан де доккха беркат дохьуш деана хилла нохчийн къомана! Комаьршачу АллахӀа Межиев Митин велира тӀаьхьо махкахь а, махкал арахь а, дуьненан баккхийчу Ӏеламнахана йуккъехь а боккхачу ларамца цӀе йоккхур йолу доьзалхо – Салахь. Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къомана гайтинчу беркатечу некъа тӀехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дика накъост а хилла, нохчийн къоман дозалла а долуш, шегахь лакхара тӀегӀанера Ӏеламстаг а волуш, схьавогӀуш ву. Шен хьаналчу дахаран леларца, шен адамаллин амалца, шен ийманан масалца шега ларам бахийтина деа мазхӀабан Ӏилманан да волчу муфтис Салахь-Хаьжас.
Лараме Митин Салахь-Хьаьжа, веза хин волчу АллахӀа-Дала декъалвойла Хьо Винчу денца а, иштта массо а де догӀийла хьан декъале. Дала могашаллица хан йахйойла Хьан, хӀунда аьлча, Хьан дахаран хӀора де нохчийн къомана беркате ду!
Ларамца, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди.