Винчу денца даггара декъалво Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан кавалер, Соьлжа-Гӏалин мэр Кадыров Шайх-Мохьмадан Хаси.

Кадыров Хаси, дукха къона волчу хенахь дуьйна, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тӀехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тешаме накъост а хилла схьавогӀуш ву. Ша Соьлжа-ГӀалин мэр хилале хьалха болх бинчу лакхарчу а, жоьпаллин а даржашкахь ша хӀуманан ира иэс долуш а, дика куьйгалхо санна гайтина цо.
Лараме Шайх-Мохьмадан Хаси, ас йуха а даггара декъалво хьо Винчу денца! Веза хин волчу АллахӀа-Дала хьайн Да-Нана хьох даккхийдеш, вайн Паччхьана хьалха йуьхьӀаьржа хӀуттучух ларвеш, Нохчийн Къомана хьалха йуьхькӀам а болуш, хьайн балха тӀех ка а долуш, могашаллица дуккха а шерашкахь вахавойла хьо!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруди