ХӀумма а кӀезиг халонаш вайзаманахь ца Ӏиттайелла нохчашна!

Нийсса 78 шо хьалха вайн дайшна-наношна Къемат-де хӀоьттийнера. 40 000 герга нохчийн кӀант шайн гӀодайукъ а йихкина, Даймехкан дуьхьа, шайн синош ца кхоош, фашистийн ардангах лата арабевлла а болуш, Толаман де герга дало цӀахь болу нохчий хаддаза къахьоьгуш болуш, Толаман де тӀекхача цхьа шо дисначохь, сталинан къизачу Ӏедало харц цӀе а кхоьллина, и харц цӀе харц йу ала а, къам цӀандан а, къомах жоп дала а, хьалха вала а йахь йолуш, доьналла долуш, дош дош долуш Мехк-Да цахиларе терра, дерриге нохчийн къам, 1944 шеран 23 февралан шийлачу Ӏаьнан шийлачу Ӏуьйранна, бежанаш санна, карахь йерг бен йаа а йоцуш, бежанийн вагонаш чу а доьхкина, кхин а шийлачу махка – Йуккъерчу Азе: Казахстане, Киргизстане а хьовсийра.
Новкъахь мел кхелхира?! Каш доцуш, барз боцуш мел дакъа дити некъахь?! Сибрехахь, дӀатарбаллалц мацалло, цамгаро, махкалло мел эгий нохчий?!.
Сеца ца лун бӀаьрхиш лега вайн баккхийчеран 1944 шеран 23 февраль дагадеача. Уьш лечкъо а ца гӀерта уьш и де дагалоьцуш, йа лиъча а хьул а лур дац, хи санна дукха уьш охьаэхарна.
ХӀумма а кӀезиг халонаш вайзаманахь ца Ӏиттайелла нохчашна! Къомах жоп дала хьалхавала нохчийн къоман бакъволу кӀант Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа хиларна, Делан къинхетамца сецира Нохчийчуьра тӀом а, шайн кхерчашка цӀа бирзира дуккха а нах! Тахана Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Ден некъ дӀакхоьхьуш хиларна, ларйелла Нохчийчохь машаре сирла стигал а, кхерам боцуш дахар а.
Йа АллахӀ Везан-Дела, доьху Хьоьга, Сибрехахь а, вайзаманан тӀемашкахь а, таханлера машаре стигал ларйеш а, мел кхелхина Нохчо гӀазот декъахь ве Ахь! Доьху Хьоьга, Сийлахь АллахӀ, нохчийн къам вочу мел долчу хӀуманах лардехьа, Нохчийчохь маьрша дахар лардехьа!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди