Тахана шен са шен къомаца х1оттаделла волчу муьлхачу Дуьненан вахархочун мехала де ду! Тахана Ненан меттанийн дуьнанайукъара де ду!
Нохчийн Республикехь 1едало йоккхачу тергонехь латтадо ненан маттаца доьзна муьлхха а г1уллакх. Кхин х1умма а ца дийцича а, 15 шо хьалха Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 25 апрель «Нохчийн меттан де» аьлла къастош, даьккхина Указ ду цунна тоьшалла!
Ненан мотт ларбарехь шеначул дакъалаьцна а, дакъалоцуш а схьайог1уш йу Нохчийн Республикин 1илманийн академи:
Дуьнен т1ехь нохчийн маттахь цхьаъ бен доцу 1илманан журнал «Таалам» ду арахоьцуш;
Нохчийн классикийн произведенеш йу «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхача» ц1е йолчу серехь йухазорбане йаьхна а, йохуш а;
«Гррамматика чеченского языка» 1 том арахецар (Дукха къаьмнаш дац Россехь шен грамматика арахеца аьтто баьлла!);
«Нохчийн меттан лексикин-семантикин тезаурус» йу х1оттийна – Россехь ши къам дац шен тезаурус йолуш;
Кеста йолчу заманахь «Нохчийн меттан кесталлин дошам» йу зорбане йаккха кечйеш – Къилбаседа-Кавказехь иштта болу болх дуььхьарлера бу;
Иштта дуккха кхин белхаш бу д1ахьуш а, кхочушбина а: конференцеш, статьяш.
Амма и дерриге кхочушдан хало хир дара Кадыров Рамзанан ненан маттаца долу х1ума хьалхарчу меттехь ца хиллехьара!
Цундела, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, уггаре хьалха хьо декъалвеш, вайн республикин бахархой декъалбан лаьа Ненан меттанийн дуьненайукъарчу денца! Дала нохчийн мотт буьйцучу а, хезачу а ирсах ма дохийла вай!
Нохчийн Республикин 1илманийн академин президент Гапуров Шахьруди