Абдулкадыров Адама боввзийтира Нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъонашкахь бина коьрта хийцамаш

22.04.2022. Нохчийн Республикин 1илманийн академин 1илманан белхахо Абдулкадыров Адам цхьаьнакхийтира ГГНТУ-н хьехархошца а, студенташца а. Абдулкадыров Адама боввзийтира Нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъонашкахь бина коьрта хийцамаш, НР1А-н тхевна к1елахь нохчийн мотт ларбарехь, кхиорехь кхочушбина а, д1ахьун а белхаш а: «Нохчийн меттан грамматика», «Нохчийн меттан лексико-семантикин тезаурус», «Нохчийн меттан кесталлин дошам» сайт «Дикдошам», сайт «Нохчийн тезаурус» компьютеран программаш а, иштта «Нохчийн меттан ниййсайаздаран коьрта бакъонаш», «Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам» х1отторехь академино лаьцначу декъах а, кхин дуккха а нохчийн меттан хьокъехь академино кхочушдинчу белхех лаьцна а.