Ненан мотт 1алашбаран, кхиоран а некъаш: керла бакъонаш, талламаш, хьехаран гаттий некъаш

22.04.2022. Нохчийн Республикин 1илманийн академин президенто Гапуров Шахьрудис дакъалецира Нохчийн меттан институтан тхевна к1елахь д1айаьхьначу Нохчийн меттан денна 25 апрелна леринчу республикера 1илманан-конференцехь «Ненан мотт 1алашбаран, кхиоран а некъаш: керла бакъонаш, талламаш, хьехаран гаттий некъаш». Иштта конференцехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Дешаран а, 1илманан а министр Дааев Хожбауди, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу НПУ-н ректоран декхарш кхочушдийриг, НПУ-н проректор, «Нохчийн Республикин 1илманан хьакъволу г1уллакххо», физ.-мат. 1илманийн кандидат НР1А-н 1илманан хьалхара белхахо Кутуев Руслан, Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат, филол. 1илманийн докторш Халидов Муса, Овхадов Муса, Альбеков Нурвади, филол. 1илманийн кандидаташ Вагапов 1арби, Ирезиев Сайд-Хьамзат. Царал сов цига баьхкинера нохчийн меттан специалисташ, республикера нохчийн меттан а, литературин а хьехархой.