Ассаламу Iалейкум хьомсара накъостий, доттагIий!

Салам маршалла ду шуьга массаьрга а.Лераме Буари Хож – Бауди!Лераме Салмана ХIамзат! НРIА президента ГIапур Айди кIанта Шахруддис мерза маршалла дIа луо аьлла суна тIе диллина. Цуьна цIарах суна хьара маршаллин дешнаш шуна довзийта лаьа. Мохкбовзархо, мохкталламхо, (кавказовед), серлонча, хьехархо, халкъан поэт, фольклорист, гочдархо, суртдиллархо, пондарча – и шаверриге цхьа стаг ву, вайн нохчийн къоман векал Сулейманов Сулейманан кIант Ахьмад.ХIокху сайн маршаллин дашехь ас цуьнгара хIора корматаллех лаьцна дош аьлча, кхунах доклад хилла ца Iаш, конференци хилла дIагIур йу. Цу тIе, кху  тховкIелахь гуллабеллачарах дуккха а хир бу сол дика а, говза Сулейманов Ахьмадан дахарх а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна дош ала нах. Делахь а, со историн Iилманна мел хилла а, гергара хиларна, суна цхьа-ши дош ала лаьа. Суна хетарехь,  Сулейманов Ахьмадан, коьртачу балхах лаьцна «Топоними Чечни» цIе йолчу Топонимика ономастикин дакъа хиларх терра меттаIилманан йукъахь толлуш йу. Ткъа Сулеймановн Топонимехь ономастика хьахийна ца Iаш, нохчийн къоман этнографически хаамаш а бу балийна, ткъа этнографи историца йогIуш йу.Хууш ма-хиллара, дуьххьара Сулейманов Ахьмадан и болх деа декъехь 1976-1985 шерашкахь зорбане бийлина, хIора дакъа 5000 экземпляр тираж а йолуш, ткъа ша и болх, цхьа книга а йина,  зорбане баьккхина, 1997 шарахь. Нохчийчоьнан массо а йарташкахула, гIаш ала мегар долуш, волавелла а лелаш, гулйина цо шен талламан белхан материалаш. Йуьртарчу наха хIораммо шайга кхойкхушехь, царна гатте ца йан, цкъацкъа эвлайистехь палатка а тохий, цу чохь Iаш.Вайн къам махках даьккхина долчу хенахь, Казахстанехь Семипалатинскехь хьехархойн институтехь доьшуш волуш, Сулейманов Ахьмада Москвара веанчу цхьана профессоре хаьттина хилла: Муьлха Iилманнан ду къам шен мехкан дан хилар тоьшалла деш дерг?», – аьлла. Профессора жоп делла: «Топоними йу. Оцу Iилмано тоьшалла до, къоман векало ша ваьхначу махкахь лар йитина хиларна». Гуш ма-хиллара,  Казахстанехь волуш дуьйна кхоллайелла Ахьмадехь нохчийн топоними гулйаран ойла. Депортацехь волуш дуьйна, нохчийн баккхийчу нахах дагавуьйлуш, дIайазйан волавелла и нохчийн топонимин материалаш, церан этимологина тIаьхьакхиа а гIерташ.Цо 20 шарахь гергга къахьегна шен балхана  материал гулйеш. Сулейманов Ахьмада кхочушбина болх Нохчийчоь талламана пайдех хилла ца Iаш, кавказоведени талламехь а башха йу. Масех Iилманийн декъехь цунах пайдаэца тарло: этнографехь, меттаIилманехь, археологехь иштта кхин дIа. Шена йукъахь, кхин болчу Iилманчийн белхех терра, цхьацца тайп-тайпана кхачамбацарш нислахь а, амма тахана а, ма-дарра аьлча, тахана кхин алсам а оьшуш болх бу Сулейманов Ахьмадан таллам «Топоними Чечни».  Ткъа вайзаманахь вайна тIехь ду, цуьнан балхах пайда а оьцуш, цо болийна болх, цуьнан таллам кхин а шорбан, кIоргера талла а. ХIун хала дара хIинца-м, бухе биллина, талламхошна тIетовжа а,  иштта ондда, нуьцкъала болх хилча – Сулейманов Ахьмадан «Топоними Чечни» саннарг!Сулейманов Ахьмад суна а вевзийна 1963 шарахь. Ахьмад цу хенахь Хаьлха-МартатIехь №2 ишколехь директор вара, цу шерашкахь 1968 шо тIе кхаччалц тхан дас Султана  а бира цуьнца болх. Озда а, тешаме а, гIиллакхе а, иманах ца бухуш чекх боьвлийла уьш.           Iилминийн конференции декъашхойн Дала аьтту бойла!  НРIА Iилманийн талламийн институтадиректор                                                   Махьмада Къосами Султана кIант Супьян