Лараме накъостий!

Нохч-ГIалгIайчоьнан хьакъволу хьехархо, СССР-н йаздархойн союзан декъашхо, мохкталлархо, фольклорист, этнограф хиллачу Сулейманов Сулайман Ахьмадан 100 шо кхачарна лерина «Нохчийн мотт Iаморехь а, талларехь а ладаме хаттарш» цIе йолу Йерригроссин Iилманан-практикин конференци дIахьур йу хIутосург беттан 26-чу дийнахь Нохчийн меттан институтан гуламийн залехь.
Конференцин болх дIаболалур бу 10:00 сахьт даьлча.
Массаьрга а мероприятехь дакъалаца кхойкху.