Лараме Буаран Хож-Бауди!

Лараме Буаран Хож-Бауди! ЦӀеначу даггара хьо декъалван лаьа пачхьалкхан лакхара совгӀатца «Даймахкана динчу гӀуллакхашна ӀӀ даржан» орден йаларца. Ларамза дац, Буаран Хож-Бауди хьан иштта лакхара мах хадор: Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин некъа тӀехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тешаме накъост а хилла, Сий долчу Даймахко а, Сийлахьчу Паччахьо а хьалха хӀиттийна декхарш а, кховдийна гӀуллакх а лакхарчу кхиамехь кхочушдеш, Нохчийчоьнан бакъволу кӀант хилла схьавогӀуш ву хьо!
Йуха а цкъа, Хож-Бауди, Дала тӀаьхье беркате йойла!
ХӀинца санна Нохчийн Республикина беркате волуш, могуш-маьрша лелавойла хьо!
Дала аьтто бойла хьан, ахь йуьхьара мел лаьцна гӀуллакхаш кхиамца чекхдаха а, Нохчийн Республикин Мехк-Дас хьуна хьалха мел хӀиттайен Ӏалашонаш кхочушйан а!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди