Тахана ша кепара деза де ду Нохчийн Республикехь!

Тахана 18 шо кхечи Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин ХӀусамнанас, Нохчийн Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан сийлахьчу Нанас Несин Айманис куьйгалла дечу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хаьжин цӀарах йолчу Регионале Йукъараллин Фондо Нохчийчоь мел йу, хаддаза, шен беркат даржаден. Нохчийчохь цхьа а гӀала а, цхьа а йурт йац цу фондан беркате куьг кхачаза! Ма ца висна-кх Нохчийн Республикехь цо дог хьастаза цхьа а миска стаг! Таро йоьхначу нехан гӀуллакхе хьожуш, гӀо-накъосталла хиларан дог диллинчу адаман дог хьостуш, заьӀап, могушбоцу мискачарна, анддий таронаш йеза дарбанаш карош, тоьлла лоьраш цаьрга хьожуьйтуш, комаьрша, хӀума ца кхоош, царна чу са а диллина лаьттина, лаьтташ йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу РЙФ (Регионале йукъараллин фонд). Йерриг Кавказ а тешна йу-кх РЙФ-о махкал арахь лулахойн республикашкахь даьхначу сагӀанашна! Хийлазза хӀокху дуьнено дӀатесначу мехкашкахь бусалба нехан гӀуллакхе хьожуш, Делан пурбанца, Несин Айманис фондера гӀо кхачийна кхечу пачхьалкхерчу мискачу нахана – чохь Ӏан меттигаш тарйеш, хин гӀунаш йохуш, заьӀапчарна дарба-молха латтош – кхин а, кхин а масане ду уьш дийца?!.
Лараме Несин Аймани! Ламасте дирзина ма-хиллара, даккхий сагIанаш дохуш, беркате гӀуллакхаш деш, 18 шо хан кхечи Ахь куьйгалла дечу Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионале йукъараллин фондан!
Цу хьокъехь, лараме РЙФ-н президент Несин Аймани, лараме НР Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ас даггара декъалдо Шу беркатечу Регионале йукъараллин фондан 18 шо кхачарца!
Аш мел даьккхина сагIа Дала къобалдойла Шун! Веза хин волчу АллахӀа-Дала дуккха а шерашкахь Хьайн доьзална а, вайн махкана а могашаллица йахайойла Хьо, Несин Аймани!
Вайн Нохчийчоьнна ирсана Дала Ӏалашвойла, Дала дукхавахавойла Хьан сийлахь Доьзалхо, Нохчийн къоман Паччахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруди