Лараме нохчийн Паччахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Хьомсара махкахой – йижарий, вежарий! Ас даггара декъалдо шу таханлерчу сийлахьчу Дезачу денца – Ӏарафат дийнаца! Дала бусалба нахах бинчу къинхетамех боккха къинхетам бу АллахӀа хӀара де вайна далар – шарахь вайх хьирчинчу кегийчу къинойх вай хьалхадоху хӀокху дийнахь вай марха кхаьбча! Мосуьйтазза совйолу кху дийнахь динчу дикачу белхан йал, даьхначу сагӀанийн мел! Ткъа хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан дешначу нехан цӀийнах ву, ша а бусалба динан бухе дихкина коьрта ахкамаш девзаш а ву, цундела иштта долчу деношкахь шен коьмаршаллин белхаш совбоху Цо. Цу кеппара Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дикачу белхех хӀокху Ӏарафат-дийнахь боккха кхаъ а, доккха ниӀмат а хуьлу Нохчийчоьнан бахархошна!
Лараме Сий долчу Къоман Сийлахь Паччахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Дела реза хуьлийла бусалба динехь Хьо кхиийнчу Хьан дикачу Дена-Нанна! Ма доккха совгӀат дина-кх Цара нохчийн къомана Хьоьгахь дикачу нохчийн кӀентан а, бакъволчу бусалба стеган а амал кхиорна! И билггал ду-кх иштта хӀара санна долчу бусалба дезачу деношкахь!
Йуха цкъа, лараме Ахьмад-Хьаьжин Разман, Дала къобалдойла хьан таханлера Ӏарафат-марха а, хӀокху дезачу гӀурбанан деношкахь Ахь мел даьхна сагӀанаш а! Дала шен дуьхьа дойла Ахь нохчийн къоман дуьхьа мел хьоьгу къа а, Дела реза хуьлийла Хьуна!
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахьруди