Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

1444 шо кхочу Мухьаммад-Пайхамар (Делера салам-маршал хуьлда цунна!) Сийлахьчу Маккара Беркатечу Мединате Хьижрат дина! Хууш ма-хиллара, цу шарахь дуьйна схьадогIуш ду бусалба нехан шерийн рузма. Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Лараме Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах регионера йукъараллин фондан президент Несин Аймани! Сийлахь Нохчийн Къам! Ас даггара декъалдо Шу, бусалба рузманца догIуш ма-хиллара, тIедогIучу Керлачу 1944 шарца! Безачу беа баттах бутт бу-кх керлачу шарца дIаболалуш берг! Оцу хьоло доьху вайгара, вайна тIедуьллу Далла Iамал йарехь совдийлар а, дика белхаш алсамдахар а! Иштта дог тешна а ду, хIара керла шо вайна- нохчийн къомана, вайн республикина беркате хиларна а, машаре хиларна а. Ткъа вайна хьалха ваьлла а, Нохчийчохь куьйгалла деш а, Шен Дас Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) билгалбаьккхина нохчийн къам ирсечу кханене буьгу некъ ларбеш а, Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан мел ву вайн дахар маьршачу стигал кIелахь токхе хиларна а, хIуманна кхерам боцуш хиларна цхьа шеко йац!
Йуха а цкъа, лараме Сий долчу Къоман Сийлахь Паччахь, ХIокху керлачу шарахь Ахь дага мел лаьцна сатийсамаш Веза хин волчу АллахIа-Дала кхочушхуьлуьйтийла! Дала Хьо а, Хьан Доьзал а, Хьан Къам а вочу балхах Iалашдеш, ирсе дахадойла!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Умаров Джамбулат