Лараме сан доттагI Абусупьянан Бекхан

Тахана республикехь шен винчу денца декъалвеш ву Нохчийн Республикин Парламентан депутат, НР Парламентан Председателан Заместитель, Дешаран а, Iилманан а, культурин комитетан Председатель, Нохчийн Республикин Iилманийн академин член-корреспондент, филологин Iилманан доктор, профессор Хасбулатов Абусупьянан Бекхан.Нохчийн Республикин Парламентан гIуллакхаллехь нохчийн къомана хаддаза вацарца цхьаьна, нохчийн Ӏилманийн хьаьрмехь дика йевзаш йу филологин Iилманийн докторан, профессоран Хасбулатов Бекханан цIе. Нохчийн мотт кхиорехь а, ларбарехь дуккха беркат схьадаьлла Хасбулатов Бекханан меттаIилманийн талламех. Цунна тоьшалла ду цуьнан Россин а, кхечу пачхьалкхийн а тайп-тайпана журналашкахь зорбане бийлина иттанашкахь Iилманан белхаш.Лараме сан доттагI Абусупьянан Бекхан, ас даггара декъалво хьо винчу денца! Дала беркате дойла хьан шераш! Дала массо а вочу балхахь Iалашвойла хьо, ахь сатуьйсучу Iалашоне а кхачавойла хьо! Кхин дIа а Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин гIуллакхалла кхочушдарца цхьаьна, нохчийн меттаIилма а кхио а Дала аьтто бойла хьан!Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруди