Дала декъалйойла Хьо а, Хьан доьзал а!

Тахана шен исбаьхьчу дахаран оьздангаллин тептаран рогӀера аго дӀалуьсту Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин ХӀусамнанас, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан сийлахьчу Нанас Несин Айманис. Мел ду-кх ​ бу Несин Айманис куьйгалла дечу ​ Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хаьжин ​ цӀарах йолчу Регионера йукъараллин фондо Нохчийчоь мел йу а, гонахарчу республикашкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а хаддаза, шен беркат даржадечу гӀуллакхашна теш!Лараме Несин Аймани, Дала беркате дойла Хьан шераш! Веза хин волчу АллахӀа-Дала Хьайн доьзалан вуо ца гойтуш, Хьан вуо Царна а ца гуш, могашаллица дуккха а шерашкахь йахайойла Хьо! Дала декъалйойла Хьо а, Хьан доьзал а!Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Джамбулат