Джамалханов Зайнди вина 100 шокхачарна лерина конференци

20.06.2022, Нохчийн меттан институтан тховкӀелахь дӀайаьхьира, Нохчийн Ӏилманча, хьехархо, фольклорист, йаздархо, гочдархо Джамалханов Зайнди вина 100 шокхачарна лерина «Нохчийн мотт хьехаран методикин карарчу хенахь мехала лору проблемаш» цӀе йолу регионаш йукъара дешаран-методикин конференци. Конференци кхайкхина, цигахь дакъалоцуш вара НР дешаран а, Ӏилманан министр Дааев Хожбауди, цуьнан заместитель Зубхаджиев Мохьмад-Ӏели, НР Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид, НР Парламентан депутат Нагаев Ӏаднан, НР Йаздархойн союзан Председатель Ельсанов Ӏаламхьад, йаздархой Кегарманов Докка, Мамакаев Эдуард иштта Нохчийн Республикера а, Дагестанера нохчийн меттан хьехархой.Циггахь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин ГТИ-н меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Ӏилманан белхахочо Абдулкадыров Адама «Нохчийн меттаӀилманан терминологи дӀахӀотторехь Джамалханов Зайндин дакъа» цӀе йолу доклад йарца дакъалецира. Шен докладехь А. Абдулкадыровс, Джамалханов Зайндис дуьххьара йукъайаьхна терминаш йийцарал сов, цуьнан Ӏилманан белхийн мехалла билгалйаьккхира, цуьнан белхашна йинчу ссылкийн статистика гайтарца.