Дала Ӏалашвойла хьо!

Хьомсара накъостий! ЦӀеначу даггара декъалво сайн ВАША, Россин Турпалхо, Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ДХР Куьйгалхочун Указаца Донецкан Халкъан Республикин Турпалхо лакхара цӀе йаларца!
Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, цхьа а шеко а йоцуш, дерриг дуьне теш а долуш, Донецкан Халкъан Республикин мохк нацистех а, бандеровцех а цӀанбарехь доккха ду лаьцнарг. Ас доккха дозалла до нохчийн Мехк-Дех! Дерриг нохчийн къомо а дозалла до цунах! Цо йуьхьарлаьцна дӀабуьгучу нохчийн къам ирсечу къане дуьгу Ахьмад-Хьажин некъа т1ехь цуьнан тешаме накъостий а хилла д1ахӀиттина а ду!
Дала латтавойла хьо тхуна, тхан Сийлахь ВАША! Дала Ӏалашвойла хьо!
Ахмат-Сила! Аллах1у Акбар!
Нохчийн Республикин Академин президент Умаров Джамбулат