Дала могуш-маьрша дуккха йахайойла хьо, лараме Несин Аймани!

Россин Президенто Путин Владимирс Сийлаллин орденца йазйира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Регоналечу йукъараллин фондан куьйгалхо Кадырова Аймани. Совг1ат дина «йукъараллин г1уллакхехь жигара дакъалацарна».Кадырова Айманис куьйгалла ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Регионале йукъараллин фонд, 18 шо дохаллехь шуьйра гуманитарни г1уллакхалла кхочушдеш йу. ГӀоьналлин организацино г1о до Россехь г1аддайна к1елбисначарна ца 1аш, дуьненан кхечу пачхьалкхашкахь а. Шен догдикаллина а, оьздангаллина Несин Айманис г1оьнан куьг кховдадо г1о-накъосталла мел оьшучунна.Ц1еначу даггара декъалйо Несин Аймани хьакъдолуш дог1учу совг1атца! Дала могуш-маьрша дуккха йахайойла хьо, лараме Несин Аймани! Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Умаров Джамбулат