Сий долчу Къоман Сийлахь Паччахь, лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Сайн цӀарах а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин цӀарах а даггара декъалво Хьо винчу денца! Хьаьйн хьуьнаречу дахаран исбаьхьчу тептаран рогӀера кехат дӀалуьсту Ахь тахана а. Веза хин волчу АллахӀа, могашалла ца эшош, Хьайн гергарчу нехан а, Хьайн къоман вуо а ца гуш, Хьо дукхавезачу нахана Хьан вуо ца гуш, дуккха а шерашкахь вахавойла Хьо! Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президенто Кадыров Ӏабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) къастийнчу некъа тӀехь къар ца луш, Хьайн са а, дегӀ а ца кхоош нохчийн къоман паргӀато ларйар а, Нохчийчоьнна тӀоьхула маьрша стигал латтор а Хьайн коьрта декхар лаьрра хаддаза къахьоьгуш схьавогӀу Хьо, лараме Паччахь.
Шеко йоцуш, дерриге дуьне теш а долуш, гуш ду нохчийн махкал арахь а Хьо мискачу нахана орцахвалар: халкъан референдумца шен цӀа, Россига йухадирзинчу латтанаш бандеровцех а, нацистех цӀандеш, цигарчу бахархошна оьшу хьашташ кхочушдеш.
Кхин цкъа а, лараме Турпалхойн Мехкан турпала Мехк-Да, Сий долчу Къоман Сийлахь Паччахь, ас даггара декъалво Хьо винчу Денца! Веза хин волчу АллахӀа-Дала Ӏалашвойла Хьо!
Дала аьтто бойла Хьан даима!
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Умаров Джамбулат